Текст книги "Даймехкан мукъамаш. Стихи на Чеченском языке"
Автор книги: Зарина Шаухалова
Жанр: Поэзия, Поэзия и Драматургия
Возрастные ограничения: +12
сообщить о неприемлемом содержимом
Текущая страница: 1 (всего у книги 1 страниц)
Даймехкан мукъамаш. Стихи на Чеченском языке
Зарина Денилбековна Шаухалова
© Зарина Денилбековна Шаухалова, 2024
ISBN 978-5-0062-3455-0
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
Гуьйранна марха а йуссу-кха лаьтта,
Маьлхан ницкъ цакхаьчча дакъада латта
Цу 1анан чиллане г1орацадайта
Тассийта лайн -чимийн к1айн бамбийн йуьрг1а.
1аламо шен декхарш кхочушдо говза.
1амадо цо адам къинхетам бовза.
***
Ирсе ву-кх дахарехь безамо хьестинарг,
Ша Дуненан да тарвеш цо 1ехийнарг.
Декъаза да ву-кха безам цабевзинарг,
Йа марзонан чам кхаьттачохь цо 1овжийнарг)
***
Ларйийр йу хьан челакха амал сайн безаман архаш
Цамалйеш, оьшучохь баккхийта собарца лам.
Кхолламан новкъахь тухур ду тешаман ленаш,
Чолхечу дахарехь гуш дерг ду моттийта г1ан.
Сайн ирсан б1аьрхишца йашор йу Дагт1ера мекха,
Къагор ду кхоьлина лаьттина хьан б1аьргийн нур,.
Хьан хьежар хилийта дашочу малхал а довха,
Безаман ц1е йайна Дагчохь кхин цагайта к1ур.
***
Туьтм1аьжиг д1айаккхий йоьхь гучайоккхуш,
Аллах1ана гушйериг нахала йоккхуш,
Хьаг1– гамо д1айоккхуш Дог парг1ат даккха,
Вайн Делан– 1едал ду, ша кхочуш герга.
Безаман тешаман не1арш д1айеллий,
Цабезам д1ататтий Дагчуьра лаллий.
Вас, хилларг хьайна, Дагчуьра йаккхий,
Айхьа вас йинариг къинт1ера ваккхий.
Вайн Делан къинхетам хьайн Дагах кхетта,
Цуьнан нуьрах кхоьллина Са парг1ат даьлла,
Декъала хир ву хьо цу дарже кхаьчча,
Маршонан чам бевзаш, и Дагах кхаьтча.
***
Дахар ду Нохчийчохь кхехкаш,
Ирсана туьйсуьйтуш к1еж.
Делахь а Дуьне ду техкош,
К1изаллин х1иттадеш теш.
Дуьненан Дог хилла лаьтташ,
Сан Нана-Нохчийчоь йу.
Дог санна и ларйан йезаш,
Хиларна вай тешаш ду.
Вайн махкахь низам ду латтош,
Кху махкахь хиларна Да.
И лардеш само вай цайахь,
Дуьненна хир бац пайда.
Дагна цхьа цатам баьлча,
Деригге дег1 лазадо.
Ткъа д1ег1ан п1елг лазабаьлча,
Дагана хаамаш бо.
Само йеш Даго цахилча,
Лазаран терго а йеш.
Йожарна кхиэрам бу меже,
Дег1ана иэшамаш беш.
Цундела лардо вай Дуьне,
Цуьнан лазам цатуьттуш д1а.
Дог дийна хилар а гойтуш,
Хиларна Нохчийчохь Да!
***
Дашо малх схьакхетий шен з1анарш йаржош,
Х1ора тхин-т1адамчу шен б1аьрг а буьллуш.
Тхи молий дакъадой цо бецаш латтанаш,
Чан йолий лаьттара аьхкенан урамаш.
Ткъа тахана малх г1атта хьебелла бог1у,
Беца-тхин т1адмашчохь цуьнан б1аьрг ца богу,
Дохк хуьлий стиглара марха чуйог1у.
Бакъонаш шен гойтуш гуьйре т1ейог1у.
****
Кху лаьттан кийрахь, ц1иэ деши кхоллал,
Ницкъ болуш хилча, хьайн ойланаш.
Ахь х1унда лоьху-те, Я ибну Адам,
Адамийн дегнашкахь, вуо аматаш?
Ахь ойла г1елйина, малбича тидам,
Диканиг, вониг а, амал йовш йу.
Б1аьстено дендо-кха, Дуьненан 1алам,
Дикалла денйеш ерг, адмалла йу.
Ахь адамийн Дегнашкахь, диканиг леха,
Ницкъ алсам баьлла, и кхуьур ду.
Ткъа вониг, д1ататтий, хьайн тидамах даккха,
Шен г1ора, кхачийна, и д1адовр ду.
***
Лайн г1урах когаш а 1уьйра,
Реза ву некъ бан хьо йолча.
Бохуш ахь дийцина туьйра,
Дехаш ду со хиттош холча.
Дагара даьлла дац иза,
Вайшинан некъаш къастарах.
Сатийсам хилла-кха мерза,
Безамо Дог цахьаьстарах.
Къастаран къахьонца безам,
Д1атийна тешам цалехьош.
Делахь а мерза сатийсам,
Бехаш бу туьйрано 1ехош.
***
Къонах! И мила ву хаий-те шуна?
Возаллех дерг цуьнан девзий-те шуна?
Хаий-те Аллах1а гергара вуйла?
Пайхамарийн, авлияийн, мог1арехь вуйла?
И хаттарш лелла ду, халкъана йукъехь,
Амма жоп хууш верг, ваьлла вац йукъехь.
Тахана къонахчун, дарж довзуьйтуш,
Дуьйцур ду, авлияин, некъ бовзуьйтуш.
Кху маьлхан Дуьненна, букъ берзийна,
Аллах1а дуьхьа и д1атессина.
Эхартан мукъ, шайн буйна лаьцна,
И латтош авлияаш, даим баьхна.
Цхьан буйна лаьцна, Дуьненан мукъ,
Вукха буйна лаьцна, Эхартан мукъ.
И ший а латтош верг, къонаха ву,
Цундела, даржехь и лакхара ву.
***
Ас хьайга кховдийна тешам,
Даггара доьху т1елаца.
Сан Дагна кхин ца беш иэшам,
Хьуо реза хир велахь ваца.
Ойланехь дукха хьестарна,
Дагна хьо гергара хета.
Цундела цахета эрна,
Дог дастар сайн хьоьха летта.
Хьо цхьаъ ву кхардам а боцуш,
Сан Дагах даиман кхуьург.
Сайн Деган къайле ас йостуш,
Муьлха а бала сайн буьйцург.
***
Куралла йайна йу хьекъалца йацахь,
Хьекъал д1адаьллачохь и йужур йу.
Цу шинне барт тайта хьоьхь 1илма дацахь,
Хьоьца цу шиннех цхьаъ йуьссур йу.
Хьекъал д1адаьлла куралла йиссахь,
Сонталло хьарчийна и иэшор йу.
Куралла д1а йаьлла хьекъал шаа диссахь,
Лакхене цакхийдаш и дужур ду.
Нагахь хьан йацахь, адамийн амал,
Пайденна хьоьгара 1ильма хир дац,
Кураллех йуьссур йу цхьа сонта амал,
Хьекъало лакхене хьо кхачор вац.
***
Маттаца хьайн хьаг1 йовзуьйтуш,
Ма иэхьа хьайн Деган къелла.
Воцург а хьуо ву муотуьйтуш,
Собар дай хьо йухавала.
Аьлла дош дети делахь а,
Алаз дерг деши ду хьуна.
Цхьаа кица дайха диссина,
Бух боцуш хилла дац хьуна.
Массане, цакхиънарг ала,
Дагт1ера хьаг1 а йай йелла
Дуьссур ду хьо дохко ваьлла,
Дог ойла хьан ц1ан а йелла.
***
Йуха а Хаарийн де т1екхечи,
Вай бераш дешаран новкъа девли.
Самукъне ирс долуш уьш схьагичи,
Тохалуш кийрахь Дог ловзадели.
Цара д1алецна го вай урамаш,
Зезагийн аренах тарделла уьш.
Бицбелла наношна сингаттамаш,
Бакхийбе кекийрчу дешархойх уьш.
Дуьххьара бевлариш хаарийн новкъа,
Цара д1ахьура бу итт шеран мур.
Лаьар-кха уьш бовла Дахаран новкъа,
Къагадеш Нохчийчохь 1ильманан нур.
***
Дуьненчохь мел веха, хьо зуьш ву Дала,
Ахь цунах цатешаш мабаккха ког.
Муьлхарниг пайденна луш бу цо бала,
Зиэн велчи парг1ата доккхуш ду Дог.
Къелла а луш йу цо хьан собар зиэн,
Болх шега кховдийна сатухий хьожуш.
Бахам а цо луш бу комаьршаллин,
Не1арш ахь йиллина шена ган лууш.
Къеллийца бахамца хьо зийна ваьлча,
Дуьненчохь мел веха декъала веш.
Шапа1ат да хир ву хьан Сийлахь Элча,
Дуьне а эхарт а хьуна нисдеш.
***
Хазчу дашах 1ехалун, човхийча кхералун
Хенаш, д1айевла дукхаъ хан йу.
Сан корта хьовзаба эрна мотт лиэбеш,
Дагна ахь беш болу хьиэм эрна бу.
Ахь хаза дуьцу, мотт говза хиларна,
Д1аь1ахк цахиларна и керчаш бу.
Сиэтта беш хьайн багахь и, лаьхьа санна,
Йо1 1ехо керчабеш ахь хьийзош бу.
Йамарт хьайн ойланаш т1иэхьа а луьцуш,
Хьайн сица доцуриг ахь кхийдадо.
Г1иллакх а хьиэхадо хезнариг дуьйцуш,
Хьайца доцу иэхь-бехк а ахь хьиэхадо.
Моттарг1а х1илла а цадоьду гена,
Нагахь йо1 хьекъале оьзда йелахь.
И тайпа гергарло цадолу гена,
Маварра вовзале хьо вадалахь.
Оьздачу мехкарийн дагт1ера вуожахь,
Стаг хилла Дуненахь хьо г1оттур вац.
Хьо тайпа «къонахчун» белшаш т1етовжахь,
Дахарехь ирс хилла йо1 лелар йац.
***
Нохчийн матте
Хьоьх лаьцна ала, байтйаздархошна,
Кхин цхьа а ца дуьтуш,
дошамехь дош,
Исбаьхьчу вастаца, уьш вовшах тесна,
Кховдор бу халкъе д1а, кочарийн муш.
Буьссур бу хьо т1аккха, халкъана кочахь.
Хьайн хазчу нуьраца, и лепадеш.
Х1ора а вехар ву, кху Нохчийн махкахь.
Хьо шеца хиларах, дозалла деш.
***
Т1екхечи йочане гуьйре,
Шелйеш вайн безаман 1а.
Г1айг1ане т1есаьрса суьйре,
Г1орайе
...
конец ознакомительного фрагмента
Внимание! Это не конец книги.
Если начало книги вам понравилось, то полную версию можно приобрести у нашего партнёра - распространителя легального контента. Поддержите автора!Правообладателям!
Данное произведение размещено по согласованию с ООО "ЛитРес" (20% исходного текста). Если размещение книги нарушает чьи-либо права, то сообщите об этом.Читателям!
Оплатили, но не знаете что делать дальше?