Автор книги: Вахит Хаджимурадов
Жанр: Современная русская литература, Современная проза
Возрастные ограничения: +18
сообщить о неприемлемом содержимом
Текущая страница: 2 (всего у книги 8 страниц) [доступный отрывок для чтения: 2 страниц]
– Шерип Мадарович, ас дика д1а ма йийцира, диъ мукъна а х1оттаде! – бохуш реза а вацара 1умар т1ехула т1е.
Маликас-м, даима санна, пхиъ даьккхира хаттаршна жоп а делла.
«Деллахь сох ма ца ешаш ойла йо хир ю цо. Цо х1унда еш ю хьох ойла, уллохь самакъадоккхуш 1аш к1ант а волуш? Хьо мила ву? Иза-м яц х1умма а гучохь а», – ойланаш хьийзара сан коьрте.
Урок чекхъялар хоийтуш горгали бекарца аратасавелира со уггар а хьалха. Сан садукъделлера классана чохь, сайн ницкъа хилча со-м ведда дуьнена йистте а г1урволуш вара. Со-м ца кхетара со ведда к1елхьара валан г1ертачу йоь1ан сибат сан коьртана чохь, дагна чохь дуй, сайн сих а иза д1аийний. Со мел ведда гена валарх оцу йоь1ан б1аьргийн стигалбос аса сайн дагчохь лелор буй х1инца дуьйна д1айолчу хенахь даиман а! Со ца кхетара и б1аьргаш дуй сайн цамгар а, оцу цамгарна х1окху доккхачу дуьненахь цхьа а дарба доций а.
Урокаш чекхъевлича, со тахана-м ларвеш вара сан ши накъост.
– Селхана санна ма вадалахь тхох. Я вай цхьана дахийта цига! – ишколан уьйт1е екаеш ч1ог1ачу озаца геннара схьахьедира 1арбис, суна т1аьхьа ишколана чуьра ара а хьаьдаш.
– Стенга дахийта? – доттаг1 улло кхочуш, ца кхеташ хаьттира аса.
– Селхана «суьйре» хиллалца ма 1ийна сой Турпалханний хьоьга хьожуш! Дицделла хьуна? – реза воцучу озаца, шаьш со воцуш ц1аг1ур доций хаийтира 1арбис а, т1евеъначу Турпалханас а.
– Вай ц1а доьлхуш ду-кх. Со-м вац цхьанхьа а шух ведда вахан г1ерташ а, вахан меттиг болуш а, – аьлла сапарг1ат даьккхира аса накъостийн.
Тхо 1аш долу юрт 1ашхой-Марта йоккха еха яра кхо-йиъ чаккхарма хир йолуш шен йохаллехь. Со 1енчура Малижаьрга кхачан мел к1езига а кхаоъ чаккхарма некъ бара. Аса ц1акхоччушехь, кхин т1ера х1ума хийцар доцуш, араяьккхира вилспет. «Х1ума кхалла!» – бохуш нанас т1аьхьа мохь а тухуш кевнах аратилира со. Стенга воьду? Х1унда воьду? Со кхеташ вацара, амма стенгга вахана а цхьанхьа ца ваг1ча сатуьйрдолуш вацара. Вилспет сиха хахкарна дуьхьала детталучу механ х1уоно мелла а г1оле йора суна, амма синпарг1ато ца лора. Цхъа суна гуш боцучу, амма ондачу ницкъо вуьгуш вара со, стенга ваха деза а оцу ницкъо хьоьхура суна. Когашца ч1ургаш аса хьийзош елахь а, вилспетан т1ам сан синкхетаман карахь бацара. Вилспетан сиха яхаро лерга уллохь махе шок йоьттийтура, к1адвалар х1ун ду ца хаьара суна.
Малижин ц1енна генавоццуш сецира со, х1инца-м хьажт1ера хьацаран т1адамаш хааделира суна юьхьт1ехула охьахецалуш. Хала саде1аро а гойтура, со сиха веъна хилар.
Малижа 1аш йолу ц1а-м дикка гуш дара суна, со суо луларчу кертан соннехь тебина латтахь а. Йо1-м яцара гучуйолуш, амма Малижин ц1а дара суна хьоме. Оцу ков-кертахь, оцу ц1ачохь хьалакхиина-кх иза, ма ирс долуш ц1а ду-кх и. Х1ора дийнахь Малижа хьоьстуш иза 1алашъеш цунна йовхо луш ду-кх и ц1ено. Со-м хан ларар доцуш дукха лаьттира Малижа 1аш йолчу х1усаме хьоьжуш. Суна-м сайна Малижа гича санна хетара. Иштта со кхузахь сарралц латтахь со-м нахала валан тарлуш дара. Ца лаахь а, сан ц1авахан дезара. 1умар санна багахь шера мотт а болуш иэхь х1ун ю а ца хууш со велхьара аса-м цхьа жима бер дахийтина Малижига схьакхойкхийтура яра. Ткъа схьакхайкхийтича а сан х1ун ду цуьнга ала? «Со корта боьжна тентиг санна веъна д1ах1оьттина лаьтташ ву-кх!», – ша ца алахь. Х1инца а со д1а ца г1ахь дехьа-сехьара ц1еношначура зударий, бераш дара сан тидам беш. Маликин керта кхин цкъа а безамца б1аьргтоьхна аса тхайн ц1ехьаерзийра сайн вилспет. Сан вилспет х1инца-м догцадог1уш меллаша йоьдура.
Со ц1акхаьчча тхан нана Зийна яра соьга ца кхеташ хьоьжуш.
– Сайд1али, хьо стенгахула лелаш ву? – ша реза цахилар гойтура цо.
– Со-м сайн цхьана г1уллакхе ваханера, – бехказаваьлла сайн жимчу чоьнчу вахара со.
– Хьайн г1уллакхе-м вахана хир ву хьо. Дийнахь сарралц х1ума а ца юуш х1унда лела ткъа, – т1аьхьа йист хилира нана.
Со сахьтана т1ехьаьжича, суо а цецвелира. Суьйрана ялх сахьт а даьлла лаьттира.
– Схьавола х1инца мукъна а х1ума кхалла, – со волчу йист хилира нана.
– Х1инцца, – жоп луш со сайн маьнгина т1е аркъала тевжира.
Со-м вацара х1ума езаш а, к1адвелла х1оьттина хилар-м хаалора д1атевжича.
– Чохь вуй и? – 1арбис нене деш хаттар хезира суна дукха хан юкъа ца юлуш.
– Вижина 1уьллуш-м вац х1ара х1инца а! – со волчу гучувелира 1арби дукха хан ялале.
– Дера ву селхана вижича санна 1уьллуш-м, – 1арбин букът1ехьара соьга хьаьжира Турпалхан а.
– Хьо х1ун деш 1уьллу? Тхо хьоволчу даьхкича, даима вижина 1уьллуш ма ву хьо! – улло веира 1арби.
Аса куьг лаьцна ц1еххьана уозийна сайн маьнгана т1евожийра и.
– Турпалхан, х1ара вайшиннах тасавлан дагахь ву! – олуш тасавелира 1арби.
– Аса ши ког д1алоцу хьуна цуьнан, 1арби! – тхойшинна т1ехула т1екхийтира Турпалхан.
Тхо дикка ловзуш, тийсалуш даьхкира, Зийнас чу мохь тоххалц:
– Схьадуьйла чай мала! 1уьйрана дуьйна х1ума а ца юуш цхьанхьахула хоьхкуш лелаш ву х1ара к1ант а! – олуш.
– Муха хоьхкуш лелаш..? – ца кхийтира даима а духе валан сак1амлуш волу 1арби.
Сан керара волуш д1ахьаьдира иза Зийна йолчу уьйт1а. Со Турпалханца араваьлча 1арби шен талламбина ваьллера.
– Хьо стенга ваханера? – милцочо санна хаьттира цо соьга.
– Вилспет хохкуш вара со-м, – к1елхьара валан г1оьртира со.
– Дийнахь сарралца хохкуш хуьлу вилспет? – Зийне хьожуш хаьттира 1арбис.
Нана-м ч1ог1а реза яра 1арбис суна х1оттийнчу бартхаттарна.
– Сулиман волчу ваханера со-м! – реза воцу кеп х1оттош жима аьшпаш боттан дийзира сан.
Аьшпаш бан а бара жима, со ши-кхоъ ц1а дуьтуш кхин а д1авахнехьара со Сулиман волчу а кхочур вара. Сулиман тхан классера к1ант вара, сан жимма доттаг1алла хьакхалуш.
– Иза-м суна кхана хуур ду! Аса толлур ду иза-м! – ша соьга ленвойтура воций схьахьедира доттаг1чо шен г1овг1анечу озаца.
– Иван Архиповичас нана ялош вола аларна х1ун до вай хьуна? – хаьттира соь 1арбис, тхо жимма ханяьлча кет1адевлича.
– Ца хаа, цхьаъ дийр ду-кх. Кхана дицлур дац те цунна ша соьга хьедина дов? – элира аса.
– Дицлур дац хьаха цунна-м. Къена велахь а, корта дика болуш ву иза. Аса бутт хьалха дахьар ду аьлла фотокехат а ца дицделлера цунна, – элира Турпалханас.
– Цо х1ун до фотокехтах? – ца кхийтира со.
– Цо-м х1умма а ца до. Виталий Николаевич, физик ву-кх суьрташ дохуш, – кхетийра со Турпалханас.
– Т1аккха делан ахьа фотокехат? – хаьттира аса.
– Делир иттех кехат-м.
– Итт дуй муха хиира хьуна? Пачки чохь дацара уьш?
– Аса пачкийнчура схьа а даьккхина дагар дира иза-м.
– Серлонехьий!?
– Х1аъ.
– Дагар а дина д1аделира ахьа?
– Х1аъ. Пачки чу а дехкина.
Со г1адвахна велавелира. 1арби а хьаьжира соьга ца кхеташ.
– Серлоне даккхан мегаш ма дац фотокехат. Вай кораш къевлина 1аьржачохь стенна дохку суьрташдохуш? – дагадаийтира аса доттаг1чунна.
Х1инца сол а ч1ог1а воьлура ши к1ант Турпалханас диначух.
– Фотокехат а хьош ваг1ача х1ун дар техьа хьо а Иван Архипович волчу? – бегаш бора 1арбис.
– Мегар ду, цкъа хьалха Турпалханига дагар а дайтина хьура ду-кха, – воьлура со доттаг1ашца.
Амма кхана классан куьйгалхочуьнца къастамаш бан дезар-м дара сан дагчохь самукъадала ца дуьтуш.
1уьйрана ишколе со т1аьхьа ца вуьсуш д1акхаьчча, Иван Архипович вара борз санна чувоьдучу не1арна хьалхха даима а санна т1ехьа ши куьг а диллина лаьтташ. Со цунна ца гойтуш уллохула т1ехвалан вуьйлира, амма б1аьрг сирлачу хьехархочо со шена т1евийхира.
– 1уьйре дика хуьйла! – олуш улло вахара со.
– Нана йоцуш ишколе ма вола ца аьллера аса хьоьга? Хьан цамгар гена даьлла, кестта ишкола чекхйоккхуш экзаменаш д1аялан дезаш ву хьо. Оцу хьан цамгарна шун нене цхьа дарба ца лахийтахь ахьа ишкола чекхйоккхура яц. Схьайтал хьайн т1оьрмиг, – сан т1оьрмиг буйналоцуш ц1ехьа хьажийра со классан куьйгалхочо.
Дан х1ума дацара, воккхачу стагаца къийсавалар эрна дара. Эцца т1енисвелла 1арби, Турпалхан суна улло г1оьртича, уьш а ишколан чу лаьхкира хьехархочо.
Кисна куьйгаш доьхкина догдоьхна ишколан корашна к1елхула аг1онца д1абоьдучу г1ашлойн асфальтан некъахула кевнах аравалан д1аволавелира со. Ишколан кертара со араволу ринжа юьртана Малижеран аг1ора дара. Ринжи т1е со кхоччушехь, х1уьттарена санна суна дуьхьала дог1уш дара Малижий, цунна уллоиккхина вог1уш 1умарий. Аса тидам бира, шаьш урокашна т1ехьадуьсушшехь Малижийна корта т1ете1ош сихвелла цхьаъ-м дуьйцуш вог1ура 1умар вела а къежаш. Йо1 а яра ишколе сихялар гуш делахь а, кест-кестта къежаш. Ринжех со араволуш суна т1е1оттабелира уьш.
– Салам… ахьа х1ун до? Ишкола цигахь яц хьуна. Тилвелла-м ца воьду хьо? – бегаш бен кеп х1оттош хаьттира соьга 1умарас.
– Со айса доьшург дешна ваьлла, дисинарг аша деша, – олуш т1ехвелира со.
– Хьо ишколе ца вог1у? Д1а х1унда воьду хьо? – суна т1ехьа йистхилира Малижа.
– Урокана т1аьхьадисина шу. Т1аьхьавуьсург ларвеш лаьтташ Иван Архипович ву шуна цигахь, – ахвухавирзина олуш со сайн новкъа д1авахара.
И шиъ уроке сихделира. 1умар-м шен къамел ца сацош векаш вара, амма цхьана х1аваэхула хаа-м делира сан хьекъална, йо1 к1ентан самукъане дийцарах кхин къежаш ца хилар.
Со меллаша волавелла эвлаюккъерчу йоккхачу майдане кхечира. Жимма волавелла а лелла туькнашкахула чекх а ваьлла со вуха а майдане кхечира. Оцу хенахь майданехула схьавог1уш тхайн лулахо хаавелира суна. Со хьулвалан вуьйлира, амма ца кхиира.
– Сайд1али, хьо ишколехь вац? – хаьттира цо соьга геннара.
Вах1ид ц1е а йолуш, почтехь болх беш, шена тоъал делахь а, кхин эх1-аьлла генадаьлла хьекъал а доцуш г1еметтах1оьттина жимочу дег1ехь векъана стаг вара и.
Бегаш беш, беламена стаг 1ехор, хьовзор-м ша ду, амма аьшпаш ца боттан х1уъу а дийр долуш вара со.
– Дера, лулахо, со-м ишколера иэккхавина! – дере дира аса.
Амма Вах1ид шен аг1ора кхийтира аса аьллачух. Цунна тарделла хиллера со ишколера д1аваьккхина.
– Муха иэккхийна? Зийнина хаьий хьо ишколера д1аваьккханий? – хаьттира цо сол а ч1ог1а догдоьхна.
Со ц1аьххьана кхийтира, Вах1ид оцу Везчу Дала сан миска ц1ока к1елхьараяккха суна ваийтина хиларх.
– Вах1ид, – дехаран т1ег1ана т1е а волуш лулахочуна коча вахара со. Хьо суна орцах ца валахь, воккхура волуш-м ву со ишколера д1а а! Х1инца а т1аьхьа дац-кх! – дийхира аса лулахочунга.
Амма Вах1ид воьхна гуш велахь а, сох ца кхеташ шаверг а хаттаран хьаьрк а хилла соьга хьоьжуш лаьттара.
Со-м сих ца лора и кхетон, цуьнан кхин а жимма догдохош, к1аддеш.
– Вах1ид, хьо тхан ненан гергара стаг ма ву? – хаьттира аса.
– Ву, геннара… тайпана.., – х1ун хилла, дийций валахь, – собар ца тоьура сан лулхочун.
– Хьо тхан гергара ву аьлла, х1инцца тхан классан куьйгалхочунна т1е ца ваг1ахь, соьга ишколана аьттехьа гучу ма вала аьлла-кх, – жим-жимма гучу йоккхура аса сайн къайле.
– Ткъа х1ун оьшу хьогара оцу классан куьйгалхочунна? – ца кхетара лулахо.
– И къена стаг ма ву. Ткъа къена нах уьш даима а цхьанна реза боцуш хуьлу. Цхьанна дов ца деш де чекхдаьлча, царнна буьйсана наб а ма ца кхета. Ткъа тхан воккхастаг-хьехархо-м дов дича а ца 1еба. Уллохь теш а волуш дов ца дича цунна-м минга долу. Цо х1уъу а дийцахь а «х1аъ» бохуш цхьана пхеъа минотехь лаьттича, кхин г1овг1а ян-м цуьнан могшалла а, ницкъа а тоьур бацара, – дехаре велира со.
– Зийнина хаьий хьан хьал? – шен хьекъал суна хетачул а сов дуй хаийтира лулахочо.
– Зийнина хаахь, иза лалур дац цуьнга. Иза-м кхетара ма яц воккхачу стеган амалех боьрша стаг, къонах санна. Дагадог1ий хьуна почта д1асакхехьан хьуна атта хилийта аса хьуна вилспет хахка 1амийна? Зударша 1амор варий хьо? – х1иллане велира со, сайн лулахо керара ца валийта.
Харцо-м яра аса сайн мискачу лулахочуьнга кхийдориг, амма х1инца суна орцаха валан иза воцург кхин стаг вацара х1окху доккхачу дуьненчохь.
– Мегар ду делахь. Мичхьа ву и воккха стаг, классан куьйгалхо? – эххар а резахилира сан догдика лулахо Вах1ид.
Борз санна волу лулахо хьалха а волуш тхойшиъ кестта кхечира Иван Архиповична хьалха.
Букът1ехьа дехкинчура куьйгаш ца достуш дуьхьала велира тхойшинна воккха стаг. Тезетахь санна букът1ехьа куьйгаш дехкина сан лулахо а вирзира дуьхьала, бехкеллан корта а та1ийна.
– Х1ара тхан ненан ваша ву-кх, – кхетийра аса лерамен Иван Архипович. Нана ян йиш йоцуш йисина-кх.
Леррина хьожуш рентгенах чекхвоккхуш санна куьзгашна чухула б1аьргаш т1ебуг1уш теллира сан «ненан ваша» хьехархочо.
– Ненан ваша? – хаьттира цо.
– Ненан шича, – жимма лахдира аса ненавешин дарж.
– Ненан шича? – Вах1идехьа вирзира Иван Архипович.
– Геннара… – олуш сецира Вах1ид, кхин д1а гучувалан ца кхиира и.
Хьехархочуьна мотт довдан мелла а к1амбелла хиларна хаъал аьтту хилира тхан. Урокехь санна к1орггера масалш а далош, тоьшаллийна, урок йоьдуш елахь а, классера хьехархочуьрга дехна журнал а гойтуш мел к1езига а цхьана урокан барамехь кхетош-кхиоран болх д1абехьира лерамен воккхачу стага соьца а, соьца цхьана куьйгак1ела нисвеллачу сан миска «геннарчу» ненан вешина а. Цхьа хан яьлча, шен дахарехь, невцалг1а ваг1ча а оццул ницкъа ца хилла волу Вах1ид, мукъаволийтуш, сан т1оьрмиг берзийра суна лерамен Иван Архиповичас.
Амма Вах1идана ша иштта атта к1елхьараваьлла моьттург-м бакъ ца хиллера. Эвлаюкъкъехь цул т1аьхьа а масийттаза хьехархочун кара вахана хиллера сан тешамен догц1ена лулахо. Вах1идас шена дуьхьала дош ца олуш х1оттош долу г1иллакх ч1ог1а тайна хиллера воккхачу стагана а. Со-м ма вацара цхьа а урокаш 1амаечохь а. Сан цамгар-м суьрташ дахар дацара, стигал бос лепа Малижин къона б1аьргаш дара бехкен. Йо1ана хьалха ша дика гайта г1ерташ 1умар-м шена хуург а, ца хуург а дийцан г1ертара урокехь. Ткъа соьга уллора Малижин хьажар сайна т1ехь тусаделча, сайна хуург а ца дийцалора хьехархочунна.
Т1аьххьара к1иранаш дара тхан ишколехь дешан дисинарш. Дешаран йистте мел г1оьрти а, басех чухьаьдда вордана санна сиха хьийза йолаелира хенан ч1ургаш. Массо а дешархо вара шайн оценкаш лакхаяхан г1ерташ. Со цхьаъ вара хи чуйоьжна ч1ешалг санна дахаран тулг1енаша шайна ма тов д1ахьош.
Малижа массо а урокашкахь дика кхеташ, хьекъалца дика ларалуш яра. Дешаран шо чекхдолуш а цхьа а х1ума ца тергалдеш дешарна т1ейирзина хуьлуш йолу иза х1инца ишкола чекхйолуш-м дешар бен кхин х1ума гуш а яцара. 1умар-м накхармоза зезагна санна гуотуьйсуш вара йо1ана, амма к1ант гуонаха хьийзарах х1инца к1езига самукъадолучух тера дара Малижийн. Хьаьжюккъера шад ца бостура йо1а х1инца, к1ант уллохь волуш а. Аса х1инца бен тидам ца бинера, и шад-м дукха хьолехь лаьттара йоь1ан хьаьжюккъехь. К1ант уллохь воцуш а ца бостура цо-м и. Х1унда? Де дене мел дели а 1умар чехавора Малижас. Суна-м х1инца мелла а къахета а доьллера 1умарах. Эххар а вовшен юкъахь кег-мегара девнаш а хаалора цу шиннан. Со х1инца х1ора дийнахь воьдура Сулиман волчу. Сулиман волчу-м со боккъал а воьдура, амма цига д1акхачале Малижин уьйт1а хьоьжуш вехха лаьттара. Цхьана дийнахь со д1авахан туохавелчи, Малижа шайн уьйта елира. Ша санна т1ехь хаза зезагаш долу ц1ахь лелон ч1ог1а цуьнгахь товш коч яра цунна т1ехь. Ишколан духарал дуккха а хьомен хаза а хийтира суна йоь1ан ц1ера духар. «Х1унда дац тхойшиъ х1ордана юккъехь цхьана г1айрена т1ехь 1аш, кхин стагга а воцуш уллохь?» – ойла хьаьвзира сан коьрте. Малижина тусаялан езара и сан ойланаш. Х1ун дийра дара техьа цо? Даима а санна шен хазчу хьаьжъюккъе шад х1оттон мегара цо. Сан б1аьргашна хьалха х1оьттира хьаьжъюккъе шад бина, ша санна шийла сийна б1аьргаш, оьг1азен лепа юьхь. Шело хьаьдира сан дег1е оцу минотехь.
Цхьа-ши де делира со Малижин ц1адолчу аг1ора ца воьдуш. Ишколехь-м дешаран шо чекхдолуш, тхан а, кхин шина уьтталг1ачу классийн арахецар т1екхочуш кечамаш беш бара хьехархой а, шаьш дешархой а. Амма урокаш-м гуттар а аьрхаевллера, контролан белхаш доладелира. Гуманитаран дисциплинаш-м саготта воцуш дика яра сан, амма цифрашца доккха дов дара сан, цкъа а машар хир боцуш дов. Малижин-м доттаг1алла дара массо а дисциплинашца. Математикан контролан болх д1абоьдучу хенахь, со вара тховт1ехь яздина х1ума ца карош, сайна хууш х1ума а доцуш 1аш. Хьехархо д1авирзича, Малижас ц1аьххьана кехатан цуьрг кховдийра соьга. Кехат аса даржийча кхийтира со, сайна деш г1о дуйла. Иза-м урок йолалушшехь шен хьаьжъюккъера шад ца бостуш, гуонаха цхьа а ца гуш, шен болх беш яра. Суна-м дагахь дацара йо1ана со гуш ву аьлла. Со цецваьккхинера цо. «Цунна-м со гуш хилла!» – ч1ог1а дагна там хиллера суна. Амма кестта хааделира суна Малижас 1умарна а кховдош иштта кехатан цуьрг. Со кхийтира, Малижас суна иштта баркал аьллера аса шен сурташдахарна. Урок чекхъяьлча со ишколан ринжех араваьлла суо висира, наггахь д1асавоьдург ца лерича. Уьш-м баккхий нах бара, шайн цхьацца г1уллакхе сихбелла лелаш. Цара-м сан цхьанаклассера бераша санна шайн ловзарш коча ца туьйсура суна. Аса-м кхин еш ойланаш а яцара, дуьххьал д1а суо висан лиънера суна. Йоккхачу шозза т1ек1елйинчу ишколан уьйт1ара-м берийн зевне аьзнаш дара кхузахь а хезаш. Со дикка гена волуш д1аваханера, амма урокана т1ехьависахь а аьлла вухаволавелира. Ишколан керта йисттехула чувоьду ринжехьа со схьаволавелча суна гира цхьанхьа-м туькана яханчуьра ишколе схьахьаьдда йог1у Губаний, Малижий. Вовше-м цхьаъ олуш, Малижа цхьажимма хьалха д1айолаелира, Губани сецира. Соьга хьоьжуш хийтира суна и.
– Схьаволалой валахь, х1инцца уроке горгали тухур бу вайна! – йистхилира Губани.
– Соьга лоь хьо? – ца кхийтира со.
– Кхузахь хьой бен кхин стагга а вуй? – елаелира Губани, со улло кхаьчча аз шабаршка доккхуш хаьттира:
– Хьо Малиже вист ца хилла х1инца а?
– Со х1ун аьлла хуьлу цуьнга вист, иза 1умарийца доттаг1алла лелош хилча, – бехказа валан г1оьртира со.
– Хьайна дика хуур ду хьуна, Йо1-м къовсаш товш ду. Иза-м ахьа вист хира ву аьллачул т1ехьа хьоьжуш ю моьтту суна, – шена хетарг элира Губанис.
Ишколана геннахь а хезира долуш горгали бийкира, дешархой уроке кхойкхуш. Суна дег1ах чекх хьожуш санна со зуьйш соьга а хьаьжина Губани Малижина т1ехьакхиан сихъелира.
«Къовса-м къовсура яра и, ткъа къевсина яьккхича стенга яхьан еза и. Сайн нанна а, вежаршна а дан г1о доцуш 1аш волчу аса?» – жимчу беро санна ойла йора аса, ишколехьа зудберашна т1аьхьа д1а а волалуш.
Кхин цхьа урок чекхъяьлча со сайн метте ишколан кет1а вахара. Губанис аьллачунна т1ехьакхиан г1ерташ ойла а еш, волавелла лелаш вара со, ц1аьххьана сайн ц1ейоккхуш хезча. Ойланийн карара волуш аса корта айбича, ринжа доллучохь соьгахьа йирзина лаьтташ яра Малижа. Со йо1ана улло вахара.
– Ахьа соьга кхойкхурий? – хаьттира йо1а.
– Асий? – ца кхийтира со.
Амма йо1 иэхь хетта хааелла сихха т1етуьйхира аса:
– Губаница къамел-м хиллера сан. Цо эларий хьоьга, аса кхойкху аьлла? – Губанин х1илланах кхийтира со.
– Х1аъ, – жоп делира йо1а, цхьанхьа-м хьожуш, д1айоьрзуш.
Маржа я1, ма новкъа бара-кх суна йо1а х1инца хьаьжъюккъе х1оттийна шад. Иза-м ойла еш даима а ша-шаха х1уттуш хиллачух тера дара цуьнан. Амма оцу шадо и сол а цхьа б1е шо йоккха хоьтийтура суна. Со-м цунна хьалха боккъал а бера санна вухий вуьсура. Х1ун алан дезара аса цуьнга, х1ун дийца, х1ун хатта? Со-м сайн дахарехь дуьххьара йо1е вист хилан дезаш вара, б1аьсте санна езаеллачу йо1е.
– Малиж… Малижа, баркал хьуна г1о дарна! Оцу математиках цкъа а кхетарволуш вац со, – карийра суна алан дешнаш.
1умарас Малижига дуьйцуш хилларш дагадаьхкира суна. Амма соьга дийцалура долуш хабарш дацара уьш. Йо1-м кхетачух тера дара со х1инца а бераллера валанза вуй. Цо г1о дира суна:
– Хьо массарех хервелла, хьуо лелаш ма ву. Ма тамашена стаг ву хьо… кхечарех тера а воцуш, – элира цо.
– Акха ву алан г1ертий хьо? – бегаш бира аса.
– Акха-м хирг хира вацара хьо. Хьо саннарг къайлаха байташ язъеш хуьлур-кх. Вуй хьо байташ язъеш? – елакъежаш хьаьжъюккъера шад баьстира Малижас.
Стиглара доьссина малик гича санна хийтира суна х1инца, хьалха а санна.
– Байташ язъян-м хьекъал тоьур дацара сан. Ишкола чекхйоккхуш экзаменашкахь шиънаш ца дохуш к1елхьаравалахьара, – экзаменаш дагаяьхкина догкхуьйлира сан.
– Кхин д1а дешан дагахь вуй хьо? – хаьттира Малижас.
Суна-м 1умарас Малиже дуьйцуш сайна хезна къамел дагадеира.
– Стенгахь? – хаьттира аса.
– Институтехь, – иза иштта олуш санна атта долуш санна элира Малижас.
– Сан некъ боьдуш лаьтташехь Советан Эскаршка д1абоьдуш бу, – сайн дог-ойланах кхетийра аса йо1.
– Ткъа эскаршкахь г1улкх дина ваьлча ма мегар ду деша. Эскарехь ахьа хьо дика гайтича, институте хьажош кехаташ ло боху цигахь, – шенчунна т1ера ца йолура йо1.
– Сан институт трактор хир ю моьттуш ву со, – 1умаран дешнаш ца дицлуш йо1ана 1оьттира аса.
Йоь1ан хьаьжъюккъехь шийла шад д1ах1оьттира, сан дег1е шело хьодийтуш.
– Тракторан т1ехь а бан беза цхьамма болх. Дукха дика к1ентий, божарий бу техникаца болу болх безаш-м, – аьлла со цецваьккхира Малижас.
– Хьо юй дешан дагахь? Хаьржаний ахьа хьайна институт? – хаьттира аса.
– Ца хаа, конкурсаш яккхий ю боху институташкахь. Чекхъйолий-м ца хаьа, – элира йо1а ойлане.
Шен дан дезарг а, шен дахарехь ша дан г1ертарг а хууш, баккхийчара санна ойлаеш яра Малижа. Ишттачу нахах хуьлу-кх 1илманчаш, хьехархой, хьаькимаш. Са-м дацара оцу йо1ехь долучунна ах хьекъал а. Со-м висинарг а вохийнера йо1а.
Суна орцахболуш санна бийкира ишколан уьйт1ахь, тхошиъ даиманна а къастош горгали.
Тхан ишколан б1аьсте чекхялар тхуна гойтуш санна, кестта хилира тхан «Арахецаран бал». Малижас ца тергалвар новкъадаьллачу 1умарна тусаделла хиллера сан йо1аца гушйоцу юкъаметтиг кхоллаелла хилар. Амма соьга дов хьединарг-м 1умаран тешамен доттаг1 вара. «Арахецаран бал» эшаршца, хелхаршца гуттар а масабаьллачу хенахь, арара чувог1у со а, дуьхьала вог1у Майрбек а нисвелира лаьмнашкахь готтачу новкъахь ши экха санна дуьхь-дуьхьала. Цхьанна а ца лаьара некъ битина вухавалан. Ишколан т1ехьа къастийра оха шимма тхаьшан юкъаметтиг. Амма 1умар а нисвелира цига цхьа бахьана дохьуш. Кестта суна хиира и х1ун бахьана ду а. Майрбекаца девне валан кечвеллачу суна т1ехьашха т1екхетташ, со д1алацан г1оьртира 1умара. Ткъа Майрбек-м чу кхоссавелира, шен аьтто баьлла меттиг а карийна. Цигахь т1енисвеллачу, тхан классера к1анта Илесас г1олецира суна. Сан аьтто белира и дов юьхьк1амоца чекхдаккхан.
Ишкола чекхъяьккхина дукха хан юкъа ца юлуш, аса Малиже ма аллара, со шина шарна сайн декхар д1адалан эскаре вахара. Малижас суна ма хьеххара, эскаршкахь со институте хьажош кехаташ делира суна.
Эскарера мукъаваьллачул т1аьхьа со университете дешах1оьттича, Соьлжа-г1алахь гира суна Малижа. Иза г1алахь 1аш яра, доьшуш… Цхьана лаккхарчу хьаькимехь марехь а яра.
Аса эскарехь волуш цуьнга яздина хилла кехат йо1е д1а ца кхаьчна хиллера… дуьххьара а, т1аьххьара а яздина цхьа кехат.
2005 шо. Гуьйре.
«Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс!» Дийцар.
Б1аьстенан хаза денош кхин а самукъне деш хезара х1аваэхь зевне ч1ег1ардигийн аьзнаш. «Ч1иркъ! Ч1иркъ!» – аьлла нийсса хьан коьртат1ехула х1аваэхь т1ехъэкхашехь ч1ег1ардигаша аьлча, хьайна мел ца лаахь а, корта ирх ца берзийча ца 1алора. Ткъа б1аьсте йохьуш даьхкина хьеший-м б1ог1амашна юккъехь охкаделлачу токасерашна т1ехь мог1анаш бина 1аш хуьлура дехха. Царна улллохь нисвелча, ч1ег1ардигийн мог1анаша-м 1адавора шайн инзаре ч1ога зевнечу къийсамашца. Ша-ша говза алан г1ерташ, хаза алан г1ерташ хир дара токасерашна т1ера ч1ег1ардигийн къорза мог1анаш.
Со оцу хенахь пхиъ класс чекхъяьккхина волуш вар, к1еззига хан йисинера аьхкенан каникулаш т1екхача. Буйнахь ишколан т1оьрмиг а болуш, акъваьлла хьоьжуш, ч1ег1ардигийн къамелашка ладоьг1уш ц1ехьа г1ертара со. Дехьасехьа урамехь нехан кертахь а, кет1ахь а зазах охкаделла дитташ а дара, б1аьстенан де хаздан ч1ег1ардигашна г1одеш.
Со чукхаьчча, сайна юург луш йоллу тхан нана Зийна (ц1ера арадаьхначу хенахь Карагандахь жима йо1 йолуш, оьрсаша тиллина йисинера цуьнан иза ц1е). Аса а йоккхура цуьнан и ц1е дукха хьолах (бабех нана алан марзвелла хиларна жима волуш)
– Зийна-а, оцу ч1ег1ардигаша ма ч1ог1а къуьйсу токасерашна т1е а хевшина, цара х1ун къуьйсу? – хаьттира аса нене, цунна ч1ег1ардигийн мотт хууш санна.
Амма тхан нанна церан мотт ца хаахь а, цара х1ун къуьйсу-м хаьара.
– Нехан раг1ушна к1елахь шайн беннаш дан меттигаш йоькъуш ду уьш, – элира нанас шена хетарг.
Цуьна дешнаш бакъдеш санна, со х1ума кхоллуш 1ен лохачу раг1уна к1елахула хьаьвзира т1аьхьий-хьалхий ши ч1ег1ардиг.
Дика кегийра болчу сан вежарша Рамзанас, Ражапас цецбевлла маьхьарий элира. Х1инца мотт 1аман г1ертачу Ризванас а самукъне ц1ог1 туьйхира.
– Ма хьекха маьхьарий, хьерадевлича санна! Аша х1ун до! Уьш-м вайна ирс дохьуш къаьчна хьеший дай! Вайн раг1у к1елахь шайна бен бан меттиг ехан даьхаканий уьш-м! – жимма дов дарца кхетийра тхо нанас.
Х1инца а мотт 1амаза волу Ризван воцург к1ентий х1инца кхийтира ч1ег1ардигаш раг1ун к1ела х1унда хаьаьвзира. Амма ч1ег1ардигаш берийн маьхьарех къаьхкина сихонца къевладелира. Тхо массо а догдоьхна дисира. Мелла а хан елира тхо дош ца олуш 1аш. Ц1аьххьана «Ч1иркъ! Чиркъ!», «ч1и-ч1и! ч1и-ч1и! ч1иркъ!» – олуш, кхинарш делах а, тхо д1атерна реза хилла духадеъна хьалхалера шиъ делахь а, ч1ег1ардигаш юхадаьхкира.
Х1инца-м тхо массо а лергаш та11ийна тийна 1аш дара. Хиллачух ца кхеташ, мотт 1аманза волу, Ризван-м вара шен жима п1елг хьежош, ч1ег1ардигаш гойтуш, тхуна уьш ца го моьттуш. Ч1ег1ардигаш а кхеттачух тера дара Ризван х1инца а бера дуй. Цо хьежон п1елг «у-у! у-у!» – бохуш и алан г1ертарг-м ч1ег1ардигаша боккъал т1е а ца оьцура. Уьш-м х1инца кхетара шаьш хьеший дина оха т1еэцний.
Раг1ун к1елара биъса болу дукъо, т1ехь лила тоьхна кира хьаькхина дара. Оцу дукъна юккъехь лоцуш, тхевна бухахь шайн бен бан меттиг хаьржира ч1ег1ардигаша кестта. Кхин хьиэм ца беш и, къахьегарна т1иэра долу, ши ч1ег1ардиг дуь1лира шайна бен бан. Уьш-м ч1ог1а говза г1ишлоярхой хиллера. Ц1ено деш адмаша буьллу бух санна, ч1ег1ардигаша а раг1уна дукъан аг1онца ах горга, шайн кегийрачу з1окаршца кхоьхьуш поппар буттуш лард йиллира. Малх чубуззалца са ца до1уш, поппарца чамхалгаш а дуцуш, иэдеш шайн бен беш къахьийгира ч1ег1ардигаша. Кегийра Рамзанний, Ражапий раг1ун кхелахь сонехь д1атарлой к1адцалуш хьоьжура оцу ч1ег1ардигаша бечу балхе. Жима Ризван вара ца кхеташ – оха и хаза хьозанаш схьалаьцна, тайнигаш санна ловза х1унда ца до. Цо-м «у-у! у-у!» – олий кест-кестта шен жима п1елг хьажабора «шу х1ун деш 1а?» ала г1ерташ санна.
Х1ора дийнахь, со ишколера ц1а вог1уш Рамзанас, Ражапас суна дуьхьала хьовдий кхаъ боккхура: «Хьажахь, Дада, вайн ч1ег1ардигаша х1инцале а ах бен бина!» – хазахеташ цецваларца олура Рамзанас. Дикка шера мотт 1амаза волчу Ражапас а т1етадора: «Ч1ердаша бен бо!» – олуш.
Масех дийнахь къахьийгира ч1ег1ардигаша. Бен-м кестта кийча хилан безара. Юьхьанца буьйсана а ши ч1ег1ардиг, тхевна дукъан аг1онца тасалой, шаьш бан болийна бен ларбеш 1ара.
Кестта шаболу бен а кийча бара, чег1ардигаш а дара, чохь к1еда хилийта цунна чуяхкан, арахь лахьош, мас ядош, чамхалгаш идош хьийзаш. Адмаша шаьш динчу ц1ено чу х1иттош долу маьнгеш, г1анташ, истолаш санна, ч1ег1ардигаша а кечбора шайн бен.
Амма цхьана дийнахь делкъана со ишколера ц1авог1уш суна дуьхьала хьаьдира Рамзан а, Ражап а. Велхаволлуш вара сан жима ши ваша.
– Шуна х1ун хилла? Цхьаммо йиттина шуна? – хаьттира аса.
– Вайн ч1ег1ардигийн бен чубоьжна, – доьхначу озаца элира Рамазанас.
– Охьа… боьжна! – воьхнера Ражап а.
Со сихха уьйтт1а вахара, вежарийн куьйгаш а лаьцна, цаьрца цхьана.
Раг1ун к1елхьара дукъох лами а г1ортийна, Зийна яра цхьаъ-м деш йоллуш.
Тхоьга цхьаъ алан г1ерташ п1елг хьежош жима Ризван а вара ламина уллохь ц1енкъахь палсана т1ехь 1аш.
– Х1ун хилла, Зийна? – хаьттира аса сихлуш.
– Дукъуна т1ехьаькхинчу кирано т1е ца лаьцна ч1ег1ардигийн бен бина болу поппар. Деккъа ц1ена дечиган дукъо хиллехь-м лаьттара бара и бен, – кхетийра со нанас.
– Ткъа хьо х1ун деш ю оцу т1ехь? – хаьттира аса ненан буйнахь ж1ов а хааелла.
– К1ела даккхийра хьостамий а тоьхна царна т1ехь бен данисбеш ю-кх! Г1уллакх хилахь тамаша-м бу! Адамийн куьг кхеттий хаалахь, цара кхуссий буьту шайн бен! – ша-шега олуш санна. со кхетийра Зийнас, ша дан леринчух.
Сихо еш, ч1ег1ардигийн бен чухоьурболуш горга к1елатоьхначу беъа хьостамашна техь и д1а а нисбина, ламин т1ера чуйоьссира Зийна. Лами юьстаха а боккхуш, сихха шеца тхо а дуьгуш уьйт1а юьстаха елира и раг1уна к1елхьара. Геннара хьийса дуьйлира тхо массо а хиндолчуьнга. Х1инца-м мотт 1амаза волу жима Ризван а вара д1итийна, цхьа бохам хилларах кхетта. Дикка 1ийра тхо ч1ег1ардигаш шайн бенчу дерзаре сатуьйсуш, амма иза эрна дара.
– Кхин х1окху керта дог1учуьра девлла и ч1ег1ардигаш! – догдоьхна элира тхан нанас. Дан х1ума дац… Дала доьг1на хилла иза иштта. Дуьлуо, х1инца раг1ун к1елахь, шайна лаахь, хелха довла а мегар ду шуна, – догдилларца т1етуь1хира цо жимма 1ийча.
Раг1ун к1елахь х1ума кхоллуш 1аш, кест-кестта хьала хьожура со, ч1ег1ардигаша оццул къахьоьгуш бинчу бене. «Ирс дохьуш кхаьчна уьш вайн раг1ун к1ела!» – ненан дешнаш дагадаьхкира суна.
– Зийна, х1инца вай ирс доцуш дисина-кх? – хаьттира аса нене.
– Х1ун ирс? – ца кхийтира иза.
– Ахьа элир-кх, Ч1ег1ардигаш ирс дохьуш кхаьчна вайга, – дагадаийтира аса нанна шен дешнаш.
– Ирс а Дала доьг1нарг хир ду-кх! – г1айг1ане жоп делира цо сунна.
Суьйрана хьовсур вай кхин а. Буьйса яккха а доьрзур дац техьа уьш ц1а, – т1етуьйхира нанас.
Х1инццалца ненах лечкъий, водий ловза воьдуш хуьлуш волу со, а висира тахана суьйрана чохь 1ен. Кегийрнаш-м уьйт1ахь цхьацца ловзарш лелош бара. Амма суьйре т1ег1оьртича, кегийрнаш а г1овг1а ца йойтуш, д1атебира тхан нанас. Кегийрнаш д1абийшича а дикка 1ийра со раг1у к1елара токачиркх д1а а байъина, ч1ег1ардигийн бен болчу вуог1авелла. Амма ч1ег1ардигаш ца даьхкира шайн бенна улло, иза туобиний ца хуучух тера дара царна. «Вайна ирс дохьуш кхаьчна уьш!» – ненан аз дара сан лергашна хьалха хийзаш, сунна набкхеташ а.
1уьйрана ишколе ваг1ан со самаваьккхича, нана самукъадаьлла екхна яра. Со кхийтира, тхан ч1ег1ардигаш ц1адаьхкина! Со сихонца хьаьжира раг1унк1ела, амма со г1алатваьллера. Цигахь сунна ца гира тхайн ч1ег1ардигаш. Селхана хилла догдуохар керладелира сан х1инца а. Со вухавирзича т1ехьа лаьтташ яра Зийна. Цо х1иллане а хуьлуш п1елг хьажийра ч1ег1ардигийн бене. Б1аьргаш чу буйнаш хьовзийна, со кхин цкъа а хьаьжира бен болчу аг1ора. Х1инца-м со а къежира хазахетарца. Бен чохь д1атарделла, деккъа ц1ена шалха дуткъа деха ц1оганаш бен гуш кхин х1ума доцуш, 1аш тхан ч1ег1ардигаш дара. Буьйсана сахиллалц цхьанхьа даьлла лелла к1адделла хир дара и ши миска. Амма кестта дийкира цаьршиннан самукъане, зевне аьзнаш, тхан уьйт1е цхьа ша-тайпа серлайоккхуш. Уьш-м хьалха санна ийза ца луш мелла а парг1ата лелара тхуна уллохула х1аваэхула. Ч1ег1ардигаш кхеттачух тера дара, шаьш адмашна деина ирс адмаша шайца х1инца декънийла. Мел самукъадолура сан кегийрчу вежарийн Рамзанан, Ражапан, халла когавахан г1ертачу Ризванан а, ч1ег1ардигаш, шайх ца уозалуш, маса уллохула т1ехъиккхича. Тхан нана Зийна а хуьлура шен к1енташка санна, безамца хьоьжуш ч1ег1ардигийн кестта дуьненчуевллачу г1овг1ане к1орнешка а. И лоха, тиша раг1у оцу кертахь мел лаьтта, х1ора шарахь дог1ура и ч1ег1ардигаш а, церан берийн бераш а, шайн хьостамашца бух ч1аг1бина, кечбинчу меттиге керла бен бан. Шайн, малх санна лиэпачу т1емашца ирс дохьуш дог1ура уьш шайна адмаша кечдинчу ц1а!
Внимание! Это не конец книги.
Если начало книги вам понравилось, то полную версию можно приобрести у нашего партнёра - распространителя легального контента. Поддержите автора!Правообладателям!
Данное произведение размещено по согласованию с ООО "ЛитРес" (20% исходного текста). Если размещение книги нарушает чьи-либо права, то сообщите об этом.Читателям!
Оплатили, но не знаете что делать дальше?