Электронная библиотека » Вахит Хаджимурадов » » онлайн чтение - страница 2


  • Текст добавлен: 9 марта 2023, 15:46


Автор книги: Вахит Хаджимурадов


Жанр: Современная русская литература, Современная проза


Возрастные ограничения: +16

сообщить о неприемлемом содержимом

Текущая страница: 2 (всего у книги 8 страниц)

Шрифт:
- 100% +

Саг1ийна котамаш.

Ишколехь саг1ийна котамаш йоькъуш йара дирекхтор. Шена а котам нийслура яц техьа дагадеъна, учитал Воккха стаг вара шен ма-хуьллу сиха уьйчахула д1аиккхина воьдуш.

– Хьо котам еха воьдуш велахь, исторожегара пакет йехалахь. Цхьа безамехьа хаза пакет ю и волчу чохь. Мел хаза ю, хаьий хьуна! Суна-м ца елира цо и, мел ч1ог1а аса йехарах, – хьехар дира техничкас Розас.

– Х1ун до аса оцу пакетах, суна оьшург котам ма ю? – ца кхийтира Воккха стаг.

– Х1ун до? Х1ун до! Нагахь санна, хьуна котам ца кхачахь а, пакет мукъна хир ю-кх!


Букъарш.

Ишколе чоьхьа волуш вара учитал Воккха стаг. Турникетана халла юккъе а нийсаелла х1оьттина лаьттара: ишколехь шен терзига боцучу безамца а, сихачу меттаца а дика евзаш йолу цхьа жеро-техничка.

– «Букъарш», со ишколе чу вохийтура варий ахьа? – бегаш бира Воккхачу стага.

– Ой! И бохург х1ун ду? Со-м яц «Букъарш»! – реза ца хилира жеро-техничка.

– Хала ма хеталахь, йо1! Воккхачу стага жимачуьнга олуш хуьла и иштта бегашена, – кхетийра Воккхачу стага, бехкала вахана.

Ша и малх санна елаелла, екхна, халла турникетана юккъера араяьлла, дехьа валийтара жерочо учитал:

– Ой! Со жима ю бохург ду хьан и, «ваша»?

– Дац! Со воккха ву, бохург ду-кх! – элира Воккхачу стага учиталас.


Дирехтар доп-п1уп1-образовани!

Цхьа вайна евзаш йоцу доп-п1уп1-организацехь, шайн организацин езалла гучудоккхуш, гайтаран хьама «конференци» яра еш, ишколехь шайн болх беш болучуьра учаталаш юкъаха а баьхна, схьа а гулбина. Дирехтаро лаккхара омрица деш куьйгалла дара, х1окху доп-п1уп1-организацехь иштта а пхи-ялх бен воцучу белхалошна, т1е хьоькхуш мохь бара: «т1е мохь ца хьаькхича х1ара 1овдалаш кхеташ ма бац» – шуна массарна а хаийта.

Х1окху доп-п1уп1-организацехь а хаьара, ишколашна х1инцалерачу заманчохь х1уъу а коча долла мегара дуй. Х1окхара 1амон бисина бара, дешархой 1амон институташкахь кечбина болу учиталаш. Шайна хуъуш цхьа доккха х1ума долуш санна, шина сохьтехь хьехараш-м дира х1окху доп-п1уп1-организацин дирехтаран цхьана: бухгалтерас, кхо-виъ заместителаша, шиъ-ах допобразованин педагогаша а. Дирехтаран-м шен шиъ-ах бен воцучу белхалошна дов дан бен ца хаьара, х1унда аьлча – «т1е мохь ца хьаькхича х1ара 1овдалаш кхеташ ма бац».

«Шайна делла хьекъал ги а доьллина», бухахьа долчу хьекъалах и д1а ца ийбийта г1ерташ, шайн ишколе ц1ехьа баха арабевлира учиталаш.

Амма цхьа хьехархо шен г1уллакх доцу дош ала г1оьртира:

– Хьажийша, допобразованин лерамен белхалой! Аша оцу шина сохьтехь дийцина Интернет чуьра, хьекъален хьехараш, т1едиллараш, шаьш тхоьга кхочушдайта электронни почте чухула схьатосучу ханахь, школе д1акхаьчначу хенахь, и муьлхачу школера белхалочо кхочушдан деза билгала даккхийша, шайн аьтто белахь!

– Цо х1ун г1ундалг1аш, къухаш дуьйцу! – цецйелара дирехтар ю бохуш ериг. Хьайн истатусе хьаьжа цкъа хьалха! Со бежана 1у ю-м ца моьтту хьуна, иштта соьца къамел дан! Д1айала кхузара! Йало хьайн бежнаш дажаде… аьлча а, хьайн бераш 1амаде, тхо 1амон а ца г1ерташ!

Дирехтарна мичара хаьара, шен «1овдалаша» эцца Интернет чуьра схьа а даьккхина, ишколан хьехархошна «1амош» дериг, ишколан дирехтаро муьлхачу учиталана коча дуллура ду, кхочуш де, аьлла!

Хьехархо-м куьйг а ластийна д1айахара.

Шуьйрачу доп-п1уп1-организацин кет1ахьа латта йисира: 15 эзар зарплата долу бухгалтер а, шен масех милион доьхучу «Лэнд-крузерана» уллохь, буьрса дирехтар а – шен эхь-бехкаца, Далла дуьхьала яхан езаш, цкъа мацца а!


Розех лаьцна дош, кхин цкъа а.

Ишколан йоккхачу уьйченахь юккъе а х1оьттина лаьтташ вара цхьа учитал воккха стаг. Оцу хенахь оцу йоккхачу уьйчена горгам хьакха араяьлла яра техничка Роза. Ойланаша лаьцна волу Воккха стаг уьйчена юккъера д1а ца волура, Роза тергал д1а а ца йора. Го тийсина, тийсина, Розас кхин г1уллакх хириг а ца хилла, ластийна Воккхачу стеган когаха боьха горгам т1ехь кхозуш йолу швабра ялийтира:

– Эх! бехк ма биллалахь, – оьккхийтуш.

– Х1умма а дац, Роза, аса-м ловр ю хьуна и ахьа тоьхна швабра! – шен ойланийн йийсарера велира Воккха стаг.

– Деллахьа, т1етухура йолуш Роза а ма ю хьуна, лахь а, ца лахь а! – эккхийтира, йистехьо лаьтташ волчу ишколана икатешника Рамзанас.


Казбекас ахча д1адалар

– Со хьайн дирехтор, лара х1унда ца лору ахьа? Т1аьхьа а висина ма веъна хьо балха тахана а! – дов дира ишколан керла х1оттийначу директора Арбетас, завхоз болх беш волчу Казбекана.

– Ой, со Ачхой-Мартане светах, газах, хинах ахча д1адала ма ваханера! – бехказа велира Казбек.

– Вай, аса светах, газах хьоьга ахча д1ало бутт хьалха ма элира, – цецйелира ишколан дирехтор.


Шабашкера ц1абог1у «молланаш». 1умарин дийцар.

Сибрехара шабашка чекхяьлча «нохчийн поездаш» бара ц1ехьа г1ерташ. Дехьа, сехьара купейшна чуьра, вагонаш чуьра а схьагулбелла зударий бара цхьана купейна улло гулбелла ладуг1уш. 1аламат ч1ог1а хаза назма яра оцу купейначуьра схьахезаш. Зударша б1аьргана йисте хьокхура йовлакхан маь1иг, дукха назмо дог дашадина.

Эххар а назма д1атийра, «занкъ!» аьлла схьаеллаелира купейна не1. Зударий чухьаьжича гучуелира стол. Т1ехь лаьттиш «Жигулевское» пиво а дара, дика т1екхалла х1ума а яра.


Техничкин Розин сардамаш

– Сардам болла а ца хаъа суна, ШЕН ДАГТ1Е МЕЛ БОЬДУ ПХА БАКЪАБОЙЛА ЦУЬНА, – бохура Розас.

– – – – – – – – – – – – – – – – – —

– Оцу мечакана т1е х1уьттуш бу х1орш шаберш, ЦУЬНАН КАШ ЧУ БИЙШАР ЛОЙЛА Х1ОКХАРНА МАССАРНА А! – бохура Розас даггара.


1усаман бегаш.

– Х1ан, х1инца со д1авоьдуш ву-кх! – кхаъ баьккхира 1умарас.

– Стенга воьду хьо? – хаьттира 1усамас.

– И дуьйцуш дац, – дийца реза ца хилира 1умар.

– Т1аккха делахь, г1ундалг1аш т1е йовлалца собар де, – хьехам бира 1усамас.

– Аса х1унда до собар, г1ундалг1аш т1е йовлалца? – хаьттира 1умарас.

– Г1ундалг1ашна юккъехула хьо д1а мича вахана хуура ду-кх! – хьоьхура 1усамас.


Йоккха стаг – пенсионер.

Тхан ишколехь болх беш йара цхьа йоккха стаг пенсионер. Шаболу пенсионераш, гирз даьлла маймалаш санна, ишколера балхара д1абохуш бара. Амма йоккха стаг балхара д1а ца йаьккхинера, х1окхо шен хеннахь директорна ивзятка а елла – «Хьакъйолу хьехархо», аьлла ц1е йаьккхинера шена. К1ентаций, кхоалг1а-йоьалг1а йалийна йолучу к1ентан зудчуьнций 1аш йара йоккха стаг. К1анта-м вон вацара х1окхуьна – мала а мелла, айбина ша чу вохьуш, х1окхунна б1аьргаш къарзадора-кх цо.

Х1инцалерачу ишколехь баккхийра хийцамаш хилла, компьютерца гергало лелон дезаш хуьлу, цундела йоккхачу стеган, и компьютер гича кхин самукъа а ца долу.

Иштта цхьана дийнахь, компьютерца тасаделла къамел девне даьлла йоллуш йара и. Хиллане а компьютерца машар ца хилча, йоккхачу стага элира:

– Валлай, х1окху ишколера д1а а яьлла д1аг1ура яра со, и ц1ераниш ган ца безахьара!


Воккхачу стеган зудчуьна паспорт хийцар.

Цхьана воккхачу стеган зуда яхана хиллера т1аьххьара хуьйцуш долу паспорт хийца.

– Хийцан хьан паспорт? – хаьттина воккхачу стага зудче и ц1а еъча.

– Хийцина дера… паспортана т1е тоьхна сурт хаза-м ца даьлла сан, – реза яцара зуда.

– Ой! Хьайн 15 шо кхаьчча даккхийта дезаш ма хиллера ахьа и сурт, – хьехар дора Воккхачу стага.

15.01.2019 шо.


ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ.

Дешаран урхаллера ши испециалист кампеташ эца туькана йоьдуш яра.

Кхоалг1аниг наб озийна ч1енги к1ела буй а г1ортийна 1аш яра.

– Хьо йог1ий туькана? – хаьттира кампеташ эца йоьдучу шимма.

– Ца йог1у, со иштта а хаза ю, – жоп делира набарх яланза йолучо.


Керла телпо-з1е.

Керла телпо а эцна, цунна т1ехь болх бан ца 1емаш воллура цхьа Дешаран урхаллин испециалист.

– Ваццап юй хьан? – хаьттира уллохула т1ех волучу цхьана воккхачу стага.

– Ю дера са-м… ваццап а ю, «Приора» а ю сан-м, – жоп делира хьекъален корт.


Г1алара еъна хьаша.

«Ц1ОКО» (ц1ентр оценка качеств образовани) олуш йолчу леккхарчу организацера т1ехьажа еъначу цхьана мечикна улло а ваьлла вог1ура ДУ испециалист цхьа воккха стаг готтачу уьйчахула. Воккхачу стага шена хьалхара не1 схьа а йоьллий, ша хьалха не1арах чоьхьа йолийтуш хилар тайнера мечикна.

– Ой, х1окху Нохчийчу еъчахьана, хьо воцург, не1 а йоьллуш, со хьалха чоьхьа йолийтуш боьрша стаг ца вели-кх суна, – къежара мечик. – И шун г1иллакх ду иштта акха, шайн зударий т1аьхьа а бохий, лелар, ширчу заманахь санна? Ахьа со-м ма йолийту хьайна хьалха чу, не1 схьа а йоьллуш, – хоьттура цо.

– Тхайн зударий хьалха чу ца бовлийтар, акха хилар дац тхан, – мечик кхетон г1ертара воккха стаг.

– Ткъа х1ун ду и, акхалла бен, – къар ца лора мечик.

– Зуда хьалха чоьхьа яьлча, цунна коьртаха х1ума ца тохийта, тхаьш хьалха чоьхьа довла тхо, – кхетийра эххар а воккхачу стага лаккхара хьаша.

21 январь 2019 г.


Шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш волу испециалист Мохьмад

Малх делкъана хьала баьлла соцунг1а хилла лаьттачу хенахь, ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ а, цаспециалисташ а, шайн белхан ц1е дукха хенахь йицъелларш а, кехаташ д1акегош, схьакегош… т1аккха вукху аг1ора кегош балхана хаъъал ницкъа бан г1ерташ бохкура.

Кехатийн эрна бечу балхо б1арзвина, луларчу кабнетана чу, «шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш верг» – аьлла лаккхара ц1е йолчу Мохьмад волчу, веъира воккха стаг, ДУ-хь (дешаран урхаллехь) къар велла кочура ца волуш висина пенсионер.

«Лулахочо» бийцира, бийцира шен бала, кхин цкъа а, кхин цкъа а:

– Х1ара кехат гой хьуна? Х1окху кехатана т1ехь бан беза болх къематан де ду-кх!..

– Х1ара кехат гой хьуна? Х1окхунна т1ехь хьега дезаш долу къа, дийцина а вер вац, х1ара а…, х1ара а, кхин х1оккхула а къахьеган деза-кх!!!

– Х1ара кехат гой хьуна?..

– Ткъа х1ара кехат!

– Ткъа х1ара!!!

Воккха стаг корта лестош а лаьттина, ара валан вуха д1аволавелира, лесточура корта а ца сацош. Не1аран саг1ехь сецина г1ийла вуха хьаьжира и:

– Со-м сайн оцу кехатийн (бюрократийн) бала балхон веънера хьо волчу.

– Ой, собар де ткъа, бийца хьайн бала, дош олуш ахьа нахе бийцича, бала а жимма лахло хьуна.

– И бала-м ахьа суна айхьа бийци, – олуш д1авахара воккха стаг.

20.02.2019шо.


Истарши испециалист 1алавди.

ДУ (Дешаран урхалла) истарши испециалист 1алавди вара, х1ора дийнахь «Ц1ОКО-но» (ц1ентр оценка качеств образовани) дешархошна а, хьехархошна а х1уьттарена ишколашна еллачу тестийн отчет, ишколаша «ЦIОКО-н» Интернет-сайтана т1е яьккхиний хьожуш, 1уьналла деш.

Д1атуьйхира 1алавдис цхьана ишколе телпо-з1е:

– Шун да хьакхийца… аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!

– Яьккхина-а-а! Яьккхина-а-а-а!!! – хезира дуьхьала, дахделла, дуткъаделла, к1адделла аз.

Д1атуьйхира 1алавдис кхин цхьана ишколе а телпо-з1е:

– Шун да а, ден ваша а!!!.. Аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!!!

– Ва, 1алавди-и-и, яьккхина, яьккхина, селхана дуьйна… аьлча а, 1уьйрана… аьлча а, суьйрана…

Д1атуьйхира 1алавдис телпо-з1е кхин цхьана ишколе а:

– Шун да а, ден ваша а, цуьна вешин ваша а!!! Хьакха юуш!!! – дов дира цо. -Тестийн отчет чу х1унда ца яьккхина аша, Делан мостаг1ий! – олуш х1инцалерачу нохчийн хьаькимийн озаца т1ечевхира Дешаран урхаллин Истарши испециалист.

– Делахь ца хаьаа суна-м ахьа х1ун отчет юьйцу, ша х1окху цхьана вехаш волчу стагана динчу ц1ено чохь айса еш йолчу иштукатуркех лаьцна ца язъяхь и отчет, – жоп делира аз доьхначу иштукатуршиц-зудчо.

Телпо-з1е харцахьа кхеттачух тера дара 1алавдин х1инца-м.


Истарши испециалист Шема. (Шема Йинчу денца декъала йеш)

Йина де ду, аьлла совг1аташ дира истарши испециалистана Шемина ДУ (дешаран урхаллехь) мел волчу воккхачу, кегийрачу, лакхарчу, лахарчу испециалисташа. Мел к1езига а, цхьа машен йоьттина хир йолуш совг1атана х1ума вовшаха кхеттера Шемин.

Х1усамда, Эстамаран к1ента, к1ентан к1анта, машенахь т1аьхьа а веъна д1а йиган карах ца долуш, итт туьма а лой такси кхойкхура Шемина даима а. Цундела, Шемица цхьаьна болх беш волчу гергарчу Воккхачу стага, кест-кестта шеца ц1а д1акхетайора истарши испециалист.

Тахана а хаьттира Воккхачу стага:

– Шема, со ц1а воьдуш ву, хьо д1акхетайой шун ц1а? – аьлла.

– Дера ца кхетайо тахана-м… Эстамиров едет! – кур-ра жоп делира истарши испециалистас Шемас.

– Суна-м хаара, шена д1аяхьа х1ума хилча, и шун Эстамиров хьо д1айига машенахь вог1ур вуй! – элира Воккхачу стага.

21 февраль 2019 шо.


К1едачийн де (День ленивых)

Цхьана воккхачу стеган хилла ч1ог1а к1еда, карх ца долуш зуда. Ша деш долу г1уллакх (нагахь дагадеъча) дина ца йолуш, д1айолалуш, схьайолалуш, соцуш «Ванах, со х1ун деш ю-ю! Со мила яра-а! Аса х1ун леладо-о!» – бохуш санна лаьтташ, ц1енкъа юккъе д1а а хуттий.

26 чиллан беттан де «К1едачийн де!» – аьлла д1акхайкхиний хиира зудчунна телевизорна чухула.

– Хьажал, стаг, ахьа бохура со к1еда стаг ю, сан г1уллакх дан карах ца долу! Тахана шадерг дуьне а ду К1едачийн де даздеш! Гой хьуна! – т1ехтуьйхира зудчо.

– Неха-м шарахь цхьа де хир дара и «К1едачийн де», хьуна-м х1ора де а ду и, – элира воккхачу стага.

2019 шеран чиллан беттан 26 де.


Маккин алапа

ДУ (дешаран урхаллехь) лакхара классан испециалист йолучуьра хьалхарчу классан испециалист, аьлла зарплата т1е ца тоха керла ц1е а елла, лелаш йолчу Макка шен миска зарплата схьа ца луш гуттар а карточкана т1е даьлла смс лара еш хуьлура.

– Эх1, зарплата т1е даьлла-кх вайна! Хьоьгара кхаъана 50% хьан зарплата дог1у суна, – аьлла хаза хитира цунна шен телпо т1е хаьжича, уллохь 1аш волчу ша санна миска испециалистана кхаъ а баьккхира цо.

– Ой, соьга а ца боккхуш, хьаькиман г1оьнча волчу Ахьмаде баккха безаш ма хиллера ахьа и кхаъ! – жоп делира вукхо.

– Х1унда? – цец яьллера Макка, шена 50% хир яц аьлла тарделла.

– Цуьнан зарплата 40 эзар ду, сайниг-м 17 бен дац. Цунна бу-кх и боккъал а кхаъ!


Макка электроэнергин коьртаниг.

ДУ (дешаран урхаллин) хьалхарчу классан испециалист Макка электроэнергин урхаллин белхалочуьнга маре яхар нисделира. Цхьаъ испециалист марехь яра хин урхаллин белхалочуьнгахь. Ши йо1 хьовзайора белхалоша хи д1адаьлча а, электричество д1а яьлча а: вайн невце телпо тоха еза, олий.

Цхьана дийнахь свет д1айоккхуш, схьайоийтуш, д1айоккхуш, схьайоийтуш, компьютераш болх бан ца юьтуш лаьттира.

– Макка, и вайн нуц тахана-м кеп йина ву моьтту суна, – элира цхьана белхалочо.


Ахьмадас телефон тохар.

Со улло т1е вахача а лаьтташ хилар телпо етташ.

– Алло!

– Хьо хьаьнга етташ ву телпо?

– Хьоьга етташ ву-кх.

– Делахь, алло! – лерга лецира телпо.


1уьйрана балха т1аьхьадуьсуш

– Мачаш х1унда ца ц1анйина ахьа? – реза вацара майра.

– Мачаш ц1анйича, хьо д1а г1ура ву машенахь, соьга а ца хьоьжуш!


Учиталийн чоь.

– Х1окху учиталски кабинетана чохь меттиг шоръелча санна ма хета суна. Х1окху чуьра цхьа, шиъ истол араяьккхина моьтту суна? – ца кхеташ хьоьжура воккха стаг чухула д1а-схьа.

– Деллахь ца яьккхина кху чуьра-м цхьа а стол ара. Эццига техничкас горгам а хьаькхина цхьажимма чан д1а яьккхин-кх! – кхетийра воккха стаг математикан хьехархочо Хьавас.


Воккха стеган кхаж.

Ишколан столови чохь истолана гонаха хевшина 1аш иттех хьехархо-зударий бара. Столови чу веъира хьехархо-воккха стаг, чайн истака малан дагахь. Зударшна юккъера дирекхторан г1оьнча а йолуш, г1иллакхен жимчу зудчо Фатимас сиха воккхачу стагана чайна истака доьттира:

– Х1окху зударшна юккъе ца хааво аса хьо, кхаж баларна кхерам бу хьуна, – элира воккхачу стаге жимчу зудчо.

– Цхьа-шиъ кхаж баьлча а новкъа-м бацара, – ша-шега олуш санна элира воккхачу стага.


Вон зуда.

Чохь г1уллакхаш дан а ца хаа хьуна! Вон зуда ю хьо, хьо д1а а яхийтина, кхинарг ялон еза! – дов дора воккхачу стага шен зудчунна.

– Ва, стаг, со х1унда ю вон! Молуш а яц, узуш а яц! – бехказа юьйлура зуда.


Разита.

Курсийн куьйгалхо Разита реза йацара, хьехархоша шера ца аларна:

– «Иштта» а олуш, майрра ала дош!

– Разита, «дуй хьуна!» ала ца мега!

2021 шо.


1ашхой-мартанхочун забар.

– Хьажахь, дукхавахарг, х1ара х1ун юрт ю? -хаттар дина катархочо валаргхочунга.

– Валарг ю-кх, – жоп делла валаргхочо.

– Валарг-м шаверг а вара шу, юьрта ц1е йийцахьа, – бегаш бина катархочо.

– Деллахь ца хаа, Валаргий, Катар-Юрт вовашахкхетталца-м иштта ц1е яра х1окху юьртан, – жоп делла валаргхочо.

– Эх1, ткъа х1инца тхан Катар-Юртах шун Валарг схьакхетта ма ели, х1инца х1ун ц1е туьллура ю аша шайн юртана? – хаьттина катархочо.

– Деллахьа ца хаьа. Катархо-Валарг ц1е туьллург хир ю-кх, – жоп делла валаргхочо.


Валаргхойн забар.

– Х1окху юьртан ц1е муха ю эр дарий ахьа, жима стаг, – хаьттира юьртара воцучу цхьана стага ца ваьлла х1окху юьрта нисвеллачу цхьана стага.

– Х1ара юрт Валарг ю, ткъа со валаргхо а ву! – жоп делира жимхас.

«Деллахь, х1окху юьртахь 1аш ма вара и сан цхьа хьаша, иза 1аш волу урам карор бацар тешна» – ойла еш юьртахула волавелира юьртара воцу стаг жимхана жимма гена ваьлча. Дуьхьала йог1у цхьа зуда саца а йина цуьнга а хаьттира цо:

– Хьажахь, яларгхо, иштта ц1е йолу урам стенгахь бу хаьий хьуна?

– Ой, со х1унда ю яларг! – реза йоцуш яппарш йира зудчо.

– Ца хаьа делахь суна-м, и д1о воьдург валаргхо хилчи, хьо яларгхо ца хуьлу? – цецвелира юьртара воцу хьаша.


Пису-Мохьмадан жижиг-галнаш

Цхьамма-м пис-Мохьмад ца алархьама Пису-Мохьмад олуш керла ц1е кхьоьллина цхьана мартанхочунна.

Цхьана суьйрана лулхо чувог1уш хаавеллачу Пису-Мохьмадас, х1усамнанас х1инцца дина схьадаьхна жижг-галнаш, дехьачохь хьулдина. Хьулдар х1ун пайда бу, жижг-галнаш муха гена чомехь хьожакхеташ ду ма хаьий вайна-м. Лулахочунна хьалха-м Мохьмадан х1усамнанас стомарлера сискалан ах а, мустбелла шолг1а к1ира а долу морзберам а х1оттийна.

Жимма 1ийна лулахо д1авахан тохавелича Пису-Мохьмада бехказа-волун кеп х1оттийна:

– Деллахь, хьенех, бехк ма биллалахь хьо ледара т1еэцарна, юучух херделла тхо т1ехьарчу хенахь. И сискал, морзберам мерза хилла-м хира бац, – аьлла.

– Делахь, Пису-Мохьмад, дара уьш-м ша х1инцца схьадаьллачу жижг-галнийн хьожа а йог1уш! – жоп делла лулахочо.


Мумадан кибарчиг.

Пеш юттуш воллуш Махьмудан цхьа ц1ен кибарчиг т1е ца тоьина. Шен кертахь лахарх кхин ц1ен кибарчиг ца карийна цунна. Лулахь кестта ц1ен кибарчигах ц1а а доьттина 1аш волчу Мумадан керта кхайкхина Махьмуд

– Х1ун боху, – аьлла дуьхьала ц1ачура араваьлла Мумад.

– Деллахь, Мумад, цхьа еттана кибарчиг ма оьшура суна, пешана йилла ца тоьи сан, – дехар дина Махьмуда.

Дийнна кибарчиг кхоийна, шиъ ах а елла д1авахийтина Мумада лулахо.

Ши-кхо шо даьлча цхьа Делан аьтту хилла Махьмудас а долийна шена ц1ен кибарчигах дотта ц1а.

Лулахочо ц1а деш новкъадаьлла кет1аваьлла бухд1ахашкахула хьоьжуш лаьттачу Мумадига хаьттина т1ехволучо, салам-калам а кховдийна:

– Ма г1ийла 1аш-вехаш вара и Махьмуд. Ц1а дан ц1ен кибарчиг стенгара яьлла техьа цунна?

– А-а, иза-м аса еллера цунна, – жоп делла Мумадас.


Дог ц1ена Балавди.

Соьлж-г1алахь ПМК-н кертахь ха дан балха х1оьттина Балавди, кест-кестта гуш хилла лулахь 1енчу Салавдина цу кертара х1ума лачкъийна воьдуш. Эххар дуьхь-дуьхьал 1оттавелла х1ара шиъ. Лачкъийна уьн юьхьаг яхьаш вог1учу Балавдис, Салавди а гина воьхана ша х1ун эра ду а ца хууш аьлла:

– Деллахьа, Салавди, лачкъон а ца 1емина хала лачкъайо аса х1ара х1ума!

– Деллахьа, Балавди, х1окху г1алахь мел ериг лачкъийча а, 1емарг ца хилла-кх хьуна и х1ума лачкъон! – жоп делла Салав


Коьчал-нус.

Тхан вешин бераш дара цхьана малх хьаьжинчу дийнахь буйнахь бепиг юьхкаш а йолуш арадевлла.

– Ой, аша х1ун до? Бепиг бен кхин яа х1ума яц шун чохь? – хаьттира аса.

– Ду… ду тхоьгахь-м жижиг-галнаш а чохь! – яхье йолуш жоп делира жимачу вешин йо1а.

– Ткъа аша жижиг-галнаш х1унда ца дуу ткъа? – цецвелира со.

– Иза-м… иза жижиг-галнаш дууш-м тхан нана ю! – шен хьакха санна ерстинчу нанна т1ех1оьттира йо1.


Сан вешин йо1 Зарема

Со волчу хьошалг1а ялх шо долу вешин йо1 Зарема йеъна самукъадаьлла и хьовзийра аса:

– Зарема, аса багахь зурма а олуш, т1араш тухура ду, ткъа ахьа вашина гайтал хьо хелха муха йолу, – аьлла.

– Ваша, суна-м ца хаьа хелхаялан, ахьа гайтахь, – дийхира жимчу йо1а.

Со айса-сайна йиша а локхуш йо1ах хелха велира, Заремина муха ялан еза гойтуш. Йо1 ч1ог1а самукъадаьлла йоьлура.

– Кхин цкъа а гайтахь! – дийхира йо1а со сецча.

Аса кхин цкъа а ког шаршош уьйт1е ма-ю гуобаьккхира.

– Ваша, х1инца божарех валахь хелха! – дийхира йо1а.

Божарех хелха волуш Заремина хьалха бохь а боьг1на, йо1 хелха яккхан вуьйлира со багахь зурма а олуш, т1араш а тухуш. Амма Зарема букъберзийна д1айолаелира со тергал а ца веш.

– Ой! Хьо стенга йоьду? Вашина хелха ца йолу хьо, ва Зарема? – хаьттира аса жимчу йо1е.

– Х1ан-х1а, ваша, дог ца дог1у сан! – жоп делира жимчу Заремас.


Нисъелла нус.

Шен вешин х1усаме чувахана хилла воккхаха волу ваша. Воккхахчу вешина хьалха чайна стака х1оттийна несо. Такхор санна ерстина йолуш мел к1езига а кухни чохь ах меттиг д1алоцуш йолу нус, марвешига шен бала балхон йолаелла даима а санна, шен майра ц1ахь воццучура:

– Деллахьа, Ваша, алапа а к1езига доккху оцу шун вашас. Цо мел юуш йолу х1ума къаьхьа де ду-кх. Х1окху кухни чуьра ара волуш а вац дийнахь а, буса а.

«Даймохк» газета санна оза волуш мохо а техкош лелаш волу шен ваша дага а веъна:

– Деллахьа, юуш верг и тхан пекъар ваша велахь а, дег1ана т1е-м хьуна йолучух тера ду и юург, – аьлла марвашас.


Г1иллакхен нуц.

Хьайн стунда 1аш волчу урамехула, хьо говра хиъна воьдуш велахь а, лаьтта воьссина г1аш т1ех волуш г1иллакх х1оттон деза, хьо къонах велахь! – хьехар дина к1антана дас-нанас.

Керла машен эцна дукха хан ялале, цхьа г1уллакх хилла стунда 1аш волчу урамехула т1ехвалан дезаш нисделла к1ентан. Урам болалучохь шен машен д1а а яйъина и туьттуш вог1уш шайн урамехь нуц гина, стумцхой ара лилхина. Стунда хьалха а волуш т1ехьаьлхина машен тоттуш г1одан сихбелла уьш.

– Белзин кхачийна хьан? – хаьттина стундас эххар а шен невце.

– Х1ан-х1а, шун урамехь г1иллакх лаьцна динара воьссинера со-м! – жоп делла г1иллакхен невцо.


Исрапилов Хож-Бауддина.

– Схьахьажахьа, и Ц1уц1а бохуш верг хьо вуй? – хаьттира урамехь саца а вина Хож-Бауддига цхьана къонахчо.

Д1а-схьа а хьаьжина билггал шега луьйш вуй а кхетта:

– Х1инццалца схьа-м вара со Ц1уц1а, – жоп делла Х1ожа-Бауддис.

– Ой, ткъа х1инца дуьйна д1а Муц1а хила дагахь-м вац хьо? – цецваьлла къонах.


Г1иллакхен жима стаг.

Аьрзун з1акарца къовсавелча санна хьаьвзина маара а болуш, ира, сиха уьдуш 1аьржа ши б1аьрг болуш жима стаг автобусна чоьхьа а волуш, сонехь д1атарвеллачу воккхачу стагна улло охьахиира, спортан говрана т1екхоссалуш санна.

Воккха стаг шен цхьаъ бен йоцу церг туьйсуш морожница къовсавелла воллура. Морожни ч1ог1а г1орийначух тера дара.

Аьрзух тера жима стаг къаьрззина хьаьжира воккхачу стеган цхьаъ бе йоцчу церге.

Цкъа а шозза а жима стаг шена къаьрзича:

– Х1а! – олуш, д1акховдийра воккхачу стага морожни.

Шен ира цергаш къарзош схьаэцна цкъа-шозза кхаьллина д1аяг1ийтира морожни жимчу стага. Жимма 1ийна, шен куьг готтачу джинсин кисна даг1ийтина «Суппер стиморол» сег1аз схьадаьккхира жимчу стага. Шиъ буьртиг геннара чуластийна шен бага яг1ийтира цо.

Воккха стаг шен цхьаъ церг гойтуш бага г1аттийна хьаьжничохь висира.

– Х1а, батя! – олуш воккхачу стагана кховдийра г1иллакхен жимчу стага т1улг санна ч1ог1а долчу сег1азан буьртиг. 17 08 08 шо.


Гиххойн кура зуда.

Вайна массарна а евзаш йолчу Гихтан эвлайисттерчу биънекъ къаьсттачу меттиге «Соьлж-Г1ала – Катар-Г1урт» микроавтобус схьакхаьчча шоп1ара мохь туьйхира салон чу:

– Гихта центре д1авиган везаш стагга а вуй?

– Со т1ай доллучохь охьайоссийталахь, стаг, – кхоьссира цхьана курочу зудчо, водителе аг1ора д1ахьажа а ца ешаш.

Шоп1ара-м шен автобус Валаргхьа аг1ора ерзийра, кхин цкъа а ч1аг1алона мохь а олуш:

– Гихта центре воьдуш стаг вуй?

– Со-м ю, – кхин цкъа а кхоьссира курачу зудчо.

– Ой, аса хатта-м ма хаьттира, – реза воцуш яппарш йира шоп1аро.

– И бохург х1ун ду? Аса т1ай доллучохь со охьайоссийта ца элира хьоь? – т1ечевхира кура зуда, Гихта эвлаюккъехь бен х1окху доккхачу дуьненчохь а кхин цхьа а т1ай доцуш санна.


Соьлж-Г1алахь.

Катар-Юрта йоьду автобус «т1анк!» – аьлла хьалайотталца новкъайолуш яц, бехачу новкъахь лаьттарш белла 1оьхкуш белахь а, оцу автобусе хьоьжуш. Эххар а автобус йоьттина яьлча, т1ееира сан дахар санна цхьа ирча зуда:

– Ахча схьакховдадел! – аьлла омра а деш.

Массара а чехкка, ша-шан сиха дала а г1ерташ, д1акховдийра ахча, «и ахча д1аделча а и зуда кочар ер яцара техьа» – аьлча санна.

Цхьана зудчо-м шина меттигна а ахча делира, цхьа ондуо мел к1еззиг а шиъ-ах меттиг д1аолоцура йолуш зуда шена уллора д1аериг.

– Цхьаммо ахча схьа ца делла-кх! – кхайкхира «кассира», «х1инца-м кочар яьллера х1ара» – аьлла хеттачу хенахь.

Массарна а гуш дара чохь мел волучо ахча д1аделла хилар. Амма «кассир» 1ен а ца 1ийна цхьана жимчу стага делира цунна пхи туьма.

Автобус йолаелча, «кассир» геннахь йисича, салон чура зударша г1овг1а эккхийтира: «Оцу, кассир аьлча а, оцу лаьхьано пхи туьма совнаха даьккхира!» – аьлла.

Дов ца соцуш гена даьлча цхьана воккхача стага элира:

– И зуда-«кассир» вайца схьаялон езаш хиллера вай.

– И ма яра хьуна х1окху чохь оьшуш! И х1унда элира ахьа? – воккхачу стагана т1ебирзира зударий.

– Цунна т1ера Карат-Юрта кхаччалца вай ахча д1аделла, цунна дов деш-а-а схьадог1ур дар-кха, – жоп делира воккхачу стага. (март 2009 шо)


Валаргхойн жима стаг.

Массарна а бале даьлла хир ду, Соьлж-Г1алара схьайог1у микроавтобус Гихта схьакхаьчча х1утту хьал. Цхьаъ бен гиххо оцу автобусна чохь вацахь а, и оьций Гихта юьрта юккъе йоьду и, асфальтан зуьбалгех буьззина болчу некъахула. И некъ Гихтан эвлайистехь автобус юьртаюккъе д1ахьаьвзичура Валаргт1е схьабог1учул а дуккха а хала бан дезаш бу, делахь а гиххоша диъ туьмий бен ца ло, валаргхойн пхиъ туьма охьакхоссан дезаш хуьлу автобусан шоп1арна.

Цхьана дийнахь Гихта эвлайистте кхоччушехь, ша х1инццалца ма аллара:

– Гихта центре виган везаш стагга а вуй?! – аьлла хаьттира шоп1аро.

– Со ву! – д1аса а хьаьжна, цхьа а вист ца хилчи, оьг1азен жоп делира цхьана жимчу стага.

Реза воцуш оцу жимчу стаге а хьаьжина, шоп1аро-м шен машен ерзийра эвлаюккъе. Цхьа хан яьлча, асфальтан гушна т1ехула гуттар лахъеш йог1ийтуш, д1акхечира автобус Гихта центре. Амма автобусна т1ера охьавуссуш стагга а вацара.

– Ванах, ахьа хьо Гихта центре ван лууш ву ца элира? – т1евог1авелира жимчу стагана шоп1ар.

– Сан г1уллакх-м чекхдели, – дуьхьала реза вацар гайтира жимчу стага а.

– Ой, и х1ун г1уллакх дара? – кхин а ч1ог1а цецвелира шоп1ар.

– Оццул сайна бале яьлла х1ара гиххойн центр х1инца а лаьтташ юй хьажа дагадеинера суна-м, – шек воцуш жоп делира Валаргт1ерчу жимчу стага.


Педсоветехь.

Гуттар а сихвелла хьехархошна т1е1аткъам беш дош олуш воллура ишколан директор. Ц1еххьана хьехархошна юкъкъехь, хан иккхина волчу ОБЖ-н хьехархочун телефонан горгли бийкира саца а ца туьгуш.

– Ой, и телефон педсоветехь д1аяйан мегаш ма яра! – резавоцуш хьаьжаюккъе шед бира директора.

– Ц1ийнан… нана!.. Ц1ера етташ ю! – классан чуьра аратилира ОБЖ-н хьехархо, телефон цхьана минотана а лергара д1аяккха ца ваьхьаш.

– А-а-а, ц1ера етташ елахь-м ц1е яьлла г1уллакх ду иза, – шен хьехархочух дика кхеташ корта ластийра директора.


1абазан рицкъа.

– Хьо х1ун деш 1уьллу кху чохь вижина, боьрша цициг санна! – т1ех1оьттира хьаьрччина вижина 1уьллучу 1аббазана, балхара вог1уш чух1оьттина лулахо.

– Д1авала, ма г1ерта сунна новкъа. Сайна Дала делачу рицкъане хьоьжуш 1уьллу со, – жоп делира 1абаза.

– И х1ун рицкъа ду? Болх ца бича х1ун рицкъане сатуьйсу ахьа? – хаьттира лулахочо.

– Болх беш волчунна шена карор ду рицкъа, вижина 1уьллучунна лур ду ша рицкъа, аьлла боху Дала, – жоп делира 1абаза.

– Вижина 1уьллучун х1ун рицкъа хьажийна хаьий хьуна Дала? – хаьттира лулахочо.

– Х1ун? – хаттарна дуьхьала хаттарца жоп делира 1абазас.

– Дера делла стаг ца валлал – «Пособи по безработице» – элира лулахочо.


Г1иллакхен йоккха стаг-катархо.

Валагт1ера юьртара араяьлла а ялале, Катар-Юрта чоьхьа йолаелира микроавтобус. Амма Валаргт1ехь автобусна т1ехиина цхьа йоккха стаг не1арна уллохь г1антах таса а елла 1аш яра, ткъа автобусан аг1онца йолу йоккха не1 схьайиллина яра, и мохе а т1е ца къовлийтуш йоккха стага сеца а йора.

– Йоккха стаг, и не1 т1екъовлахьара ахьа, чу южура ю хьо х1инцца! – дехар дира шоп1ара.

– Х1умма а дац, со х1инцца Катар-Юрта эвлаюккъехь охьайосса езаш ю, йита ахьа йиллина, – хаза г1иллакх х1оттийра йоккхачу стага.


«Кортира»

Валаргт1ерчу цхьана йоккхачу ишколан директора «кортира» хуьлийтур ю ша аьлла, цхьа хьехархо балха д1аэцнера. Амма «кортира» ца луш ишколехь цхьа исклад хилла лаьттинчу чохь маьнга а х1оттийна, цу чохь 1енвеш хилла и хьехархо. Ишколехь а, юьртахь а вала вуьтуш ца хилла зуда ялийна воцу хьехархо, «оха зуда хьахайе хьуна?» – бохуш.

Иштта цхьана дийнахь туьканчу вахар нисделира хьехархочун. Туьканан дас а къадийра:

– Цхьа тайна зуда яра сан хьуна хьахон, – олуш.

– Зуда-м цхьаъ елахь а, шиъ елахь а новкъа хир яцара суна, цхьаъ мукъна а «кортира» хьахаяйша суна, – дехар дира хьехархочо. (24 март 2009 шо)


«Тюбетейка»

Жимма шех моллала а доллуш волу цхьа хан иккхина стаг вара маьлхан тевнехь хиъна 1аш волу узбек санна тюбетейка а тиллина кечвелла. Ишколан учитал ву ша бохуш мелла а инталгентал а йолуш шеца, ишляпа лелон даго а ца вуьтуш, хурашка лелош вара кхин цхьа к1унзалан да а. Б1аьргашна т1ета11ийна курочу дагахь коьрта тиллина хурашка а йолуш вог1у инталгент а гина, 1оттар йира шех моллал доллучо:

– И аьттан ч1епалг санна йолу хурашка а ца лелош, сайниг санна хаза товш коьрта пес тилла, – аьлла.

– Мегар ду делахь, аса чу ма вахханехь тукарца хьаьккхина лаба д1айоккхур ю х1окху сайн кепкин, т1аккха и хьайниг санна тюбетейка хир ю-кх сан коьртахь а, – жоп делира инталгента. 24 март 2009 шо.


Валаргхойн Дон-Жуан.

Соьлж-г1ала– Катар-Юрт микроавтобус Валаргт1е схьакхачан гергга яра, катархой, валаргхой бара цу чохь бисинарш. Т1еххьа 1аш волу цхьа жимхас шен мобилан з1е туьйхира.

– Со схьакхочуш ву-кх. Сихха хинйистте схьайолахь! – дийхира цо мохь тоьхина мобилан аппарата чу.

Ерриг а автобус цуьнга д1ахьаьжира, амма жима стаг-м вацара уьш гучохь. Иза мобилан аппаратан керахь вара, аьлчи а з1ена дехьахь шега ладуг1уш йолучунга.

– И бохург х1ун ду? Ламаз а дай т1аккха араялахь шовдана йистте! Со а ламаз а дина д1авог1ура ву! – телпона чу мохь беттара жимчу стага. – Со х1инца юьрта чукхочуш ву, сихо елахь Мадина! Со хьо сихха ца гича мегар волуш вац хьуна! – гуттар а чура ваьллера жимха.

Жима стаг автобус саццалц собар доцуш не1арехьа д1аг1оьртира. Катархой, валаргхой-м цецдеина къайлаха цуьнга хьовсуш бара. Эххар а Валаргана юртаюккъехь биъ некъ къаьсттичохь сиха сацаяйтира цо автобус. Амма иза араэккха кхиале, автобусна чохь 1аш волчу цхьана воккхачу стага жима стаг сацош элира:

– Массо а катархошкара, валаргхошкара маршалла д1алолахь Мадинега!


Тамашена хьаша.

Валаргт1ехь хьошалг1ахь хьевелла хилла цхьа хьаша. Наггахь де а, ши де а юкъадолуш хилла хьаша шена нисъйинчу котаман бун санна жимчу чура ара ца волуш.

– Ванах, хьо ма ч1ог1а чувоьлла? Хьо чура ара ца волуш масех де а ма даьлла? – цецбевлла хаьттина хьешах ца кхетачу юртахоша.


Страницы книги >> Предыдущая | 1 2 3 4 5 6 7 8 | Следующая
  • 0 Оценок: 0

Правообладателям!

Это произведение, предположительно, находится в статусе 'public domain'. Если это не так и размещение материала нарушает чьи-либо права, то сообщите нам об этом.


Популярные книги за неделю


Рекомендации