Электронная библиотека » Мзия Ратиани » » онлайн чтение - страница 5


  • Текст добавлен: 26 октября 2023, 08:39


Автор книги: Мзия Ратиани


Жанр: Историческая литература, Современная проза


Возрастные ограничения: +12

сообщить о неприемлемом содержимом

Текущая страница: 5 (всего у книги 17 страниц) [доступный отрывок для чтения: 5 страниц]

Шрифт:
- 100% +

Армавир

I

Цхьа де даьлча, шолгIачу дийнан делкъхенахь шаьш Iалашоне хIоттийна ма хиллара, кхин новкъахьовзам боцуш, Кутин тоба Армавирана гена боцучу некъа йистехь лаьттара. Нохчийн обарга массо а шена тIекхайкхира.

– Накъостий! Суна йуха а шуна дагадаийта лаьа вай хIун дан деза! – элира Кутас, леррина ламанхошка а хьожуш. – Со, сайца Мисост а, Тан а, Тембот а, иштта вайн ногIийн вежарий а болуш йуьрта чугIур ву. Суна цигахь вевзаш цхьа эрмало ву. Иза волчу а дахана, хоттур ду вай муха ду Армавирера хьал. Цунна хууш хила тарло мичахь латтош ву цара Мухарбий. Йерриге а тобанца цхьаьна чу а ца доьлхуш, шишша гIур ду вай, бахархойн тидам вайна тIе ца берзо. Вайна ца хаьа кхин дIа муха хьал кхоллалур ду, цундела меттигехь мах хадор бу вай. Шу меллаша, цхьанна а гучу ца довлуш, йуьрта чудахана, муьлххачу а мIаьргонехь кийча хила деза – элира Кутас чергизошка. – Делкъ хан чIогIа дика хан йу цIеххьана тIелатар дан. Цкъачуна вайна хууш дац ногIий схьакхаьчна кхуза йа ца кхаьчна, цундела вайн вешан ницкъех бен тешна дац вай, амма уьш схьакхаьчнехь, тIаккха вай боккъалла а нуьцкъаха ду. – элира Кутас массеран а бIаьра хьоьжуш, цхьа а вистхила лууш вуй толлуш санна.

– Вежарий, вай кхуза даьхкина Кавказехь лоруш волчу чергизойн обарган Хьапагожан стуваша, Ураковски эланан ногIийчун Бекмарзин кIант маьрша ваккха. Герз деттарехь сонталла ца лелош, низаме хила хьовса! – элира гIебартойн элас Мисоста, куро шен дин хьийзош.

Цу тIехь барт хилира ламанхойн. Жимма собар а дина, ши ногIий Армавире чувахара. Йохка-эцаран могIанашна йукъахь хила везаш вара и шиъ, хIунда аьлча ногIийн тобанера стаг цигахь гучувала везаш вара. Уьш цхьаммо а башха тергал ца бира, хIунда аьлча кхузахь Кавказера тайп-тайпана къаьмнаш хуьлура. Хьасанан а, Калибекан а Iалашо йара Армавирера йукъара хьал довзар – гуо лаьцна йуй-те йурт жандармаша, дукха йуй-те кхузахь гIалгIазкхийн тобанаш. Кутина а, цуьнца цхьаьна болчу гIебартойшна а улло а ца богIуш, амма церан бIаьрго лоцучохь хила везаш вара и шиъ. Ламанхойн тоба дIалечкъиначу меттигана гена доцуш тIеболуш бара йуьрта чубоьдуш болу некъ. Цу некъаца гIашлой а, дошлой а цхьатерра лелара, иштта дIасалелара тайп-тайпана хIуманех йоьттина оьрсийн а, гIалгIазкхийн а ворданаш а, стерчех йоьжна, стоьмех а, хасстоьмех а йоьттина ламанхойн ворданаш а. Некъ басабелча, Кута Мисостаца цхьаьна Армавире чуваха дагахь дIаволавелира. ХIинцале гучудевлира йуьртара хьалхара цIенош. Царна тIаьхье дIаволавелира Тембот а, Тан а. Йуьртан кевнаш гучудевлча, сецира Кута а, Мисост а.

– Мисост, цкъа хьалха вежарий БогорсуковгIар болчу вахийта вайшиъ. Церан кхо гIат йолчу цIенон хьалхарчу гIат тIехь бжедуховски эрмалочун Асланов Оганесан туька йу. Иза даима балхахь хуьлуш ву, цундела вайшина каро мега иза. Цкъа делахь, иза чIогIа тешам болуш стаг ву. ШолгIа делахь цо вай Алавердйан Хачатурах дIатухур ду. Цунна билггал хууш хир ду мичахь латтош ву цара Мухарбий. – Кута лерина хьоьжура шайна тIаьхьакхиъна богIучу гIебартошка. Тембот а, Тан а шайца нисвелча, нохчийн обарга забар йеш, Мисосте вистхилира:

– Хьалха вала, хьайн эскарна гIебартойн эла Мисост! Зассин ураме дIагIо, ткъа цигара вайна оьшу меттиг генахь йац.



Мисост хьалха велира, ткъа цунна тIаьхьа хIиттина воьдура башлакхца шен йуьхь къайлайаьккхина волу Кута а, кхин ши гIебарто а.

Левчкъина Iаш болчу важа ламанхошна гуш йара Армавире чоьхьайаьлла тоба, амма хехоша уьш тергал ца бира.

II

Тийначу хоршехь, цхьа а хийцам боцуш дIаоьхура Армавирера дахар. И йоккха йурт гIалин кепе йирзина дукха хан йара, хIинца а и цIе шена йелла йоццушшехь. Кхузахь шортта леккха гIишлош а йара, иштта болх беш йара фабрикаш, заводаш, телефонни зIе. Жигара дIахьош дара Армавирехула Ростове боьду Буро-ГIалин аьчка некъ биллар. Цундела хаьржинера Армавир Кубански областан Лабински декъан административни-полицейски туьше. Ламанхой полицина тIеIитталора кхузахь, амма цара башха тидаме ца оьцура уьш, хIунда аьлча хIора дийнахь Армавирехь шортта ламанхой хуьлура Кавказан тайп-тайпана къаьмнашкара. Эрмалоша кхузахь йохка-эцарехь баккхий кхиамаш баьхнера. Церан аьтто баьллера меттигера Iедалца экономически йукъаметтигаш нисйан. И бахьана долуш йерриге а Кавказан маьI-маьIIера ламанхой хуьлура Армавирехь. КутагIарна хало йоцуш карийра вежарий БогорсуковгIеран цIено. Ламанхой сиха охьалилхира шайн говрашкара.

– Мисост, вайшиъ туькана чугIур ву, ткъа Тембота а, Тана а вайшинга арахь собар дийр ду. – элира Кутас.

Туькан чохь масех эцархо хиллера, ткъа церан хьашташ кхочуш деш гIопастана хьалха лаьттара йуккъерчу шерашкахь хин волу стаг. Цуьнан аматехь сиха вевза мегар дара эрмало. Кхеран тидам ца бира цхьаммо а, масане хуьлу туькан чохь адам. Кута туьканан склад йолчу агIор дIаволавелира, цуьнан неI схьайелла дагахь, амма гIопастана хьалха лаьтташ хиллачу эрмалочо воьхна, сацийра иза:

– Мегар дац! Мегар дац цига чуваха! Хьуна мел оьшу сурсаташ кхузахь ду! – кхеравелла иэгош вара йохкархо. Туькан чохь боккъалла мел оьшург дара – промышленни сурсаташкара хасстоьмашка кхаччалц. Мисост иза шен новкъара дIавоккхуш, дIататта гIоьртира, амма эрмалочо дIа ца хоьцура неIаран аьчка тIам. Мисоста сиха шаьлтанна тIе куьйг диллира, амма иза сацийра Кутас. Эцархойн тидам шайна тIеберзо кхоьруш меллаша вистхилира Кута, эрмалочун лере а теIаш:

– Оганес оьшу тхуна!

– Вац Оганес! Тахана хир а вац. Кхин цо ламанхошкара дакъийна жижиг а, моз а тIеоьцуш а дац шуна. Эрна ду шу кхузахь латтар. – элира эрмалочо. Цуьнан цIийзар хезначух тера дара складехь. Цхьаммо чуьра пIелг туьйхира цуьнга неIарера дIавала аьлла. Складера аравелира шеца цхьа жима стаг а волуш Оганес. Ламанхой тергал а ца беш, оьгIазе вистхилира Оганес шен белхалочунга:

– ХIун хилла? Стенна гIовгIа эккхийтина ахь кхузахь? Кисана куьйгаш а дехкина, йохкархочо жоп даларе хьоьжуш дIасалесташ вара зоьртала дегIехь волу Оганес.

– Муха Iаш ву хьо, Оганес? – велакъажарца хаьттира цуьнга Кутас, шен йуьхьтIера башлакх дIа а йоккхуш.

– Вай, со вала велла! Кута, хьо вац иза? – шена гиначу суьртах ца тешаш, бIаьргаш хьекхош вара эрмало, ткъа йуха ганза дукха хан йаьлла хьоме ваша санна, доггах маракъевлира цо обарг. Йохкархо-м эхь хетта корта а оллийна лаьттара, ша хьашт доцург диний хууш, ткъа хIинца шена цунах хIун таIзар хир ду а ца хууш.

– Оганес, хIара ГIебартара элийн КушмэзыкъуевгIеран Мисост ву, сан дика ваша. – вовзийтира Кутас гIебарто. Оганеса Мисосте куьйг луш элира:

– Кутин гергара нах, сан дагна а бу-кх хьоме а, гергара а. Чоьхьадовла, сан лараме хьеший! – склад йолчу агIор куьйг кховдийра Оганеса, ткъа йуха кхеравелла лаьттачу шен белхалочунга а, шеца цхьаьна араваьллачу жима стаге а элира:

– Со тахана цхьанна а вац шуна! Грачан ресторанера уггаре а чам болу, тоьлла даарш схьакхачаде кхуза сихонца.

– Оганес, тхоьца цхьаьна кхин а ши ламанхо ву, цкъа делахь. ШолгIа делахь, хьо волчохь саца йиш йац тхан. Ресторанера дааршка хьежа а йиш йац. Хьо волчохь болчу кхачанах тоам бийр бу оха. – хаийтира Кутас шаьш сиха хилар.

– Сихонца чувалаве арахь волу ши ламанхо! Церан говрийн а дола де. – элира Оганеса хуьлучунах хIинца а кхеташ воцучу шен белхалочунга. Йуьткъачу учехула дIабигира Оганеса шен хьеший. Йоккха, сирла чоь хиллера цаьрга хьоьжуш, ткъа цунна йуккъехь лаьттара йоккха стол. Дукха ца Iаш Тан а, Тембот а чоьхьавелира. Массо а охьахевшича, Оганесан белхалоша хьешашна чай деара. Масех къурд а бина, Кутас шена хьалхара стака дIахилош, шаьш кхуза кхачаран бахьана довзийтира:

– Оганес, тхо Армавирехь йийсаре латтош волчу ногIийн эланан кIант маьрша ваккха даьхкина ду. Иза кхуза веанера эрмалойша дIалаьцна болу шен махкахой ногIий маьрша баха. Цуьнца цхьаьна хиллачу ногIийша дийцарехь, уьш Армавирехь аьчка некъ буьллуш, белхаш беш бу, амма масех бутт хилла цара хьанал къахьегна даьккхина долу алапа царна дIа ца луш.

Оганес лерина ладугIуш вара шен накъосте. Хетарехь цунна хууш дацара ша вехачу йуьртахь хилларг. Кута а кхетара и тайпа хIуманна Оганес даима йуьстах вуьссуш хиларах. Кутина оьшург Хачатур вара, ткъа иза мичахь хир ву Оганесана дика хуур дара, цундела веанера иза туьканча волчу.

– Кута, накъостий! – Оганес лерина хьаьжира стоьла хьалха Iаш болчу ламанхошка. – Суна хезнера масех де хьалха Армавирехь Бакура баьхкинчу анархисташца боьзна хиламех лаьцна хабарш. Цундела жимма шуна довзийта лаьа суна кху йуьртахь карарчу хенахь кхолладелла хьал. Армавир кхоьллинарш тхо ду – чергизойшах схьабевлла эрмалой, цундела дукха хьолахь массарна а моьтту кху йуьртан урхаллехь а, йуьртан дахарехь коьрта меттиг дIалоцуш тхо ду. Амма иза ишта дац. Таханлерачу дийнахь Армавирехь вехаш ткъе кхо эзар стаг ву, ткъа царех эрмало пхи бIе исс бен вац. Тхо тхайн къоман амалца къаьсташ бу меттигера бахархойх. Йуьртан йеа кварталехь дехаш ду тхо, важа ши квартал чергизойн-бжедуховски эрмалоша дIалаьцна йу, ткъа кхузара схьадевлла, хIара йурт йиллинарш тхо ду. Бжедуховски эрмалой тхоьх къаьсташ бу. Цхьаьна килсе лелаш а дац тхо. Тхан килс Сурб Геворка йу, ткъа уьш Сурб Аствацацин килсе лела (чеч. Килс – христианская церковь). Тхан дика йукъаметтигаш йу йерриге а Кавказан лаьмнашкара йарташца. Тхо ламанхошца вовшах тешаш ду. Тхуна йукхара дукхох болчеран Мазлакхехь цIенош, бахамаш а бу. Мало ца йеш къахьоьгуш ду тхо. Вайнехан а, адыгийн а къаьмнашкара дукха оьзда ламасташ ду оха тIеэцна. Масала, чIир, йоI йадор, хьаша-да ларар. Амма оьрсийн Iедал шен ма-хуьллу тхан йукъараллера и ламасташ дIадаха гIерта. Цул совнаха, тIаьхьарчу хенахь тхо долчохь баха хевшина шаьш анархисташ а, националисташ а хеташ болу эрмалой. Шу кхетийта дуьйцу ас иза – йуьртахь мел хуьлуш дерг тидаме лаца чIогIа хала ду. Амма соьхь теша мегар ду шуна. Суна цкъа а дицлур дац Кутас а, Хьапагожа а сан доьзална дина дика! – баркаллица Куте хьаьжира Оганес. Цу мIаьргонехь бовха кхача а схьабеара.

– Кута, ахь хьайн накъосташца кхузахь собар де, ткъа ас вахана Хачатур схьавалор ву. – хьалагIаьттира Оганес.

– Нийса боху цо! – реза хилира Мисост. – Хьо кхузахь ца вевзаш къорза къиг йац, цундела кхераме ду хьуна аравала. Оьшуш хилахь, со гIур ву Оганесаца. – хьалагIаьттира Мисост, хаьнтIера шен шаьлта а нисйеш.

– Дика ду тIаккха. – реза хилира обарг а.

Дукха хан йалале, йоккха гIовгIа йохьуш, чоьхьавелира Хачатур, ткъа цунна тIаьхье Оганес а.

– ХIара ву-кх шуна Хачатур а! Могуш-маьрша схьавалийна ас! – велавелира Оганес, шен махкахочун белшех куьйг а детташ.

– Селхана цу шайтIанаша Ураковски эланан кIант лачкъийна аьлла сайна хезча, уггаре а хьалха хьо дага ма тессира суна, Кута! – куьйг кховдош, маракхийтира иза обаргана. – Ас элира кIантана тIаьхьа Хьапагож вогIур ву, амма нагахь санна кхузахь уллохь Кута нислахь цо цу анархистийн беркъш кхуьссуш дIаоьхуьйтур йу. – Хачатур воккхавийна волуш а вацара Кута гина.

– Хачатур, хIорш сан уллера доттагIий а, вежарий а бу – гIебартойн элий КушмэзыкъуевгIар. – бовзйтира шен накъостий Кутас.

– ЧIогIа дика ду! Хьан вежарий тхан вежарий ца хила йиш йац! – дегайовхонца гIебартошна маракхийтира Хачатур. Могуш-паргIат а хаьттина, цхьаьна чай меллачул тIаьхьа, Кутас довзийтира Хачатуре шаьш Армавире деана гIуллакх.

– Хачатур, хьуна хууш ду тхо стенна даьхкина кхуза. КIант волу меттиг йовза лууш ду тхо. Мел баккхий ницкъаш бу и лачкъийначеран? Стенна кийча хила деза тхо? – хаьттира Кутас, ткъа ламанхой леррина хьоьжура эрмалочунга.

– Аьчка некъ буьллуш Ашот ву. Иза пхи шо хьалха Бакура веана ву кхуза. Цигахь ишта аьчка некъаш дохкуш белхаш беш хилла ву иза, цундела цунна тIедожийнера Армавирехь а белхалой тобанаш кхоллар. Цхьа шо хьалха Бакура говзанчийн кхо доьзал балийнера цо, ткъа луларчу кIотарашкара белхалой а вовшахтоьхнера. Массо а реза волуш, дика дIадоьдуш дара и гIуллакх. Амма масех бутт хьалха Армавире кхечира Бакура националистийн тоба, «Гнчак» олучу партера. (Гнчак – арм. Колокол. одна из старейших армянских полит. партий, основана в 1887г.) Цуьнан коьртехь Маркарянц Никола боху цхьа боьха хIума йу. Дукха эрмалойн цIий Iенийна ду иза жIаьла. Дукха хан йоцуш совдегар Шахназаров а вийна цо, шена мах ца белла аьлла. Уьш бу Ашотан бизнесана тIехевшинарш. Ма-дарра аьлча цара каралаьцна цо мел деш долу гIуллакх. Цуьнан карахь хIумма а дац. И массо а националисташ а, анархисташ а жандармерица боьзна бу, цундела йу церан маршо шайн боьха гIуллакхш кхочуш дан. ГIалгIазкхишна а новкъа бу уьш, ламанхошна а новкъа бу, амма церан аьтто бац уьш совцо, хIунда аьлча церан гIо доккхуш жандармери йу. «ЦIийх дуьзна куьйг» (кровавая рука) цIе йолчу зуламхойн тобано дIалаьцна ногIийн кIант. И тоба Маркарянцана болх беш йу. Шаьш лелош долу зуламаш къайла дан гIерташ а бац уьш. ХIора сарахь ха деш, цхьа боьха хIумнаш хуьлу цигахь, цундела цига дIагIерта ваьхьар волуш вац цхьа а. – Хачатура ма-дарра довзийтира ламанхошна Армавирера хьал, дийцира анархисташ, коммунисташах, националисташ лаьцна шена хууш мел дерг. Царех цхьа болчарна Бакухь волчу хенахь Кута а тIенисвелла хиллера.

– Кутина эрна лууш ца хилла хьоьца цхьаьнакхета. Хьуна боккъалла а дика девзаш хилла Армавирера хьал! – велакъежира Мисост.

– Ткъа Iедало хIун боху? Боккъалла а жандармерица боьзна бу уьш, Бакура националисташ санна? – орамца дуьйна цу хьолана тIаьхьакхиа гIертара нохчийн обарг. Хачатур ойланашка вахара:

– Шеко йац цара жандармерица а, полицейскишца а цхьаьна болх беш хиларан. Дийнна делкъехь масех хьолада вийна цара, дукха нах лачкъийна, дукхачарна кхерамаш туьссу цара, амма цаьрга хIума олуш цхьа да вац, цул совнаха царна йукъара набахте вахийтина а вац ши-кхо стаг бен, ткъа цу набахтехь а бу боху уьш курортехь санна Iаш. Бакъонаш ларйаран органийн белхалой кхоьру царех, хIунда аьлча цара милла а тоьхна вуьйш ву. Масийттозза шайна йукъахь барт боьхна, вовшийн герзаш а диттинера цара. Церан дов даьллачу хенахь, йуьртара Iедал а, жандармаш а, полицейскиш а массо а къайлаволура, шайна хIумма а ца хезаш санна. – дерзийра шен къамел Хачатура.

– Тембот, аравалий хьажа, вайн ногIий мичахь бу. ХIинцале схьакхаьчна хила йезаш йара церан тоба. – дийхира накъосте Кутас, ткъа йуха ойланашка а вахана, вехха Хачатуре хьаьжира:

– Тхуна гайта аьтто хир буй хьан мичахь латтош ву цара кIант?

– Суна хаьа цара мичахь латтош хуьлу лечкъийна нах. Шун ногIий а цигахь хила тарло. Со шуьца цига дIавогIур ву, шуна мел оьшучу хIуман тIехь, сайн ницкъ кхочучу барамехь вошалла а дийр ду. – шеко йоцуш, дIахьедира эрмалочо.

– Лазийна ву боху иза. Цуьнан чевнашах дерг хаьий хьуна? ДIавахалур волуш вуй иза? – Кутас мел жима хIума а тидамера ца долуьйтура.

– Чевнаш хилла вац иза. Цунна бухара говр йийнера, герз тоьхна. Иза охьайужуш, цу тIера чукхетта жимма лазор бен, кхин хIумма а хилла вац иза. – шена дерриге а хууш хиларах дозалла деш, доцца жоп делира Хачатура.

– Хачатур! Ахь тхуна гойтур йу и меттиг а, тхо чоьхьадовла дезаш йолу неI, ткъа цул тIаьхь хьо сихонца цигара къайлавер ву, хиллачун тIаьхьалонаш хьайн цIарца йоьзна ца хилийта. Обаргийн ламаст девзаш хир ма ду хьуна. Оха цкъа а тхаьш бахьанехь тхайна гIо дечу накъосташна зулам хилийтина дац. – Кута хьалагIаьттира шаьш кийча хилар гойтуш, ткъа цу мIаьргонехь чоьхьаваьллачу Тембота хаам бира ши ногIий билгалйиначу меттигехь ву аьлла.

– Кута, ногIийн тобанера йохка-эцаран могIаре цхьа а ца веана. Хетарехь вайн вешан а, иштта Темрукан чергизойн а ницкъашах тешна хила деза вай.



– ЦIеххьашхалла! И ду вайн коьрта герз! Цхьанна а дагахь а хир дац дийнна делкъехь тIелатар хир ду аьлла! – Кута ша шега луьйш волуш санна генарчу геналле хьоьжура, ткъа йуха а Оганесе а хьаьжна, элира цо:

– Оганес! Баркалла хьуна! Доккха гIо ду ахь тхуна динарг. Оьшучу хIуман тIехь со даима хьан накъост хир ву хьуна. Дала мукъ лахь, сайн аьтто баьлча Мазлакхера хьан хIусаме хьошалла дийр ду ас. – дегайовхохнца эрмалочунга куьйг кховдийра Кутас. Ламанхой Оганесан Iодика а йина арабевлира.

– Хачатур, тхо хьан ворданна тIаьхьахIиттина догIуш хир ду хьуна! Ахь тхуна оьшуш йолу неI тохий, цхьаъ хатта, тIаккха сиха дIагIо. Кхин дIа дерг оха тхаьш чекхдоккхур ду! – кестта ша кхочуш йийр йолчу рогIера нийсонах воккхавеш, куьйгаш хьекхош вара нохчийн обарг.

Ламанхой Хачатураца цхьаьна туьканара арабевлла бовлале, схьакхечира ши ногIий а.

– Хьасан, вай хIинца Мухарби маьрша ваккха доьлхуш ду. меттигера бахархойн тидам тIе ца берзорхьама, ма хуьллу гIовгIа ца йоккхуш кхочуш дан хьажа веза массо а вай йуьхьарлаьцна гIуллакх. Герз дIатоха кийча хила деза, амма омра даллалц иза тоха мегар дац. – элира Кутас, шен гIодайуккъера герз а нисдеш.


ТIом

I

Йукъараллин Гуламан клуб йолчу агIор боьдучу Георгиевски урамехула дIайолайелира Хачатуран ворда.



Георгиевски килсана тIехдевлча, некъа йистехь сецира ворда, ткъа цу чуьра каде жимха санна партъаьлла охьаиккхира эрмало. ЦIеношна йукъара керта доьдучу жима некъан тачанехула дIаволавелира иза, ткъа цунна тIаьхьа буьйлабелира шайн говрашкахь ламанхой а. Хачатур жимачу керта велира. Кутас а, Мисоста доккхачу дитта бухахь сацийра шайн говраш, ткъа Тан а, Тембот а керта кхачале, жимма хьалха говрашкара воьссира. Царна тIаьхьа вогIуш хилла ши ногIий говрашкара воьссира. Кута а, гIебартой а вовшашка бист ца хуьлуш, тергал деш бара кертахь хуьлуш дерг.

Хачатура неI туьйхира, амма цхьа а вист ца хилира. Цо кхин цкъаъ, мелла а чIогIа неI туьйхира. НеI меллаша схьайеллалуш, цхьаьнан корта гучубелира:

– ХIун хилла? Мича веана хьо? – реза воцуш хаьттира, топ карахь неIсагIехь гучуваьллачу стага.

– Ашот оьшу суна! – цу стагана тIеволавелира Хачатур.

– Кхин ког ма баккхалахь! Ас герз тухур ду хьуна! – эрмалочунна тIе топ хьажийра цу стага. ГIовгIа хезна аравелира кхин цхьа стаг. Хачатурана вевзаш вара иза, цундела шен накъостан куьйг сацийра цо:

– ДIадакха герз. Хачатур, хьуна хIун оьшура? – гIиллакхехь вистхилира иза эрмалочунга.

– Суна Ашот оьшура. Иза шу долчохь ву аьллера соьга. – жоп делира Хачатура. Цуьнан леларехь а, вистхиларехь а шена тIе тидам берзор болу кхерам а, шеко а йацара.

– Вац иза кхузахь. Тахана гучуваьлла а вац. Иза волчу цIа гIо. Цигахь карор ву хьуна. – доцца жоп луш чувахара и стаг, ткъа топ карахь йолуш хилла цуьнан накъост, жимачу гIанта охьалахвелла, цигаьрка оза волавелира. Хачатур араваьлла дIавахара. Кута а, Мисост а шайн говрашкара воьссина, вехха тIаьхьа хьоьжура гена ваьлла дIавоьдучу шайн тешаме накъосте. Кхин дIа хIун дан деза ламанхоша ойла йечуьра, Тембот меллаша тIеволавелира хехочунна. Иза-м хIумма а дагахь доцуш, гIийла цигаьрка узуш Iаш вара.

– ДоттагIа, Ашот кхузахь Iаш вуй? – хаьттира Мисоста.

– Ма чIогIа дагавеана шуна тахана массарна а и Ашот! Ашот, Ашот бохуш кIорда ма вина суна шу массо а. Ца хаьа суна йа иза мичахь Iаш ву а, йа иза мила ву а! – шен дог датIар ца лечкъадора хехочо. Тембот нийсса ринжа долчу хьалха дIахIоьттира, ткъа цунах сиха пайда ийцира Тана. Хехочунна нийсса и улло веъча бен ца гира. Иза хьалагIатта гIоьртира, амма тIаьхьа дара – ламанхочо меттах ца волуьйтуш, схьалецира иза шина а куьйга. Хехо онда ницкъ болуш хиллера, цундела цуьнан аьтто белира Темботан карара маьрша вала, амма Тан сиха тIекхачарна Темботаца цхьаьна цу шиммо ши куьйг тIехьа а саттийна охьавиллира иза. ГIебартойша хехочун карара топ лаьтта охьакхоьссира, ког тоьхна гена дIатоттуш, хехо цунна тIе ца кхачийта. Топ охьайужуш даьлла тата хезна, аравелира, дуьххьара Хачатураца къамел деш хилла волу стаг. Кхолладеллачу хьолан сиха мах хадош, неI тIеозийра цо, амма Тана неIаран кIаже ког гIортош, аьтто ца белира цунна неI дIакъовла. Цу мIаьргонехь сиха тIекхечира, геннара хуьлуш дерг тергал деш хилла Мисост а, Кута а. Воьдуш лаьтташшехь, тепчанан мукъ тоьхна кхетам чуьра ваьккхира Мисоста, хIинца а Темботан карара вала гIерташ, ветталуш волу хехо.

Кутас шина а куьйга неI шена тIеозош, схьайиллира. Тан а, цунна тIаьхье, дIатоха кийча карахь топ а йолуш Кута а чоьхьавелира. Тан тIаьхьа кхиира ведда воьдучу шолгIа хехочунна. Иза йуха а вирзина Танна тоха гIерташ вара, амма гIебарточун шаьлтано сиха вожийра иза. Тан цуьнца дерг къастош волчура, учера сиха чоьхьавелира Кута, ткъа кертара уче чоьхьавелира Мисост а, Тембот а. Кхетам чуьра ваьлла хехо чутакхийна, неI дIакъевлира цара. Арахь гича ишта ца хеттехь, амма цIено доккха хиллера. Йеха йоккхачу учес шина декъе доькъуш дара и цIено, ткъа цIенон шина а агIонехь цхьа йолу неIарш къевлина а йолуш, шортта чоьнаш йара. ЦIено чохь уггаре а генара чоьнах бIаьрг кхийтира ламанхойн. Цуьнан неIарш а къевлина йара. Шен тоьпан лаг озийна Кута, тIаьхьа хIоьттина Тан а волуш и чоь йолчу агIор дIаволавелира.

– Федот! ХIун хилла цигахь? ЛартIахь садаIа ца вуьту-кх аш! – дийкира цхьаьна стеган аз. ЦIеххьана гIебарточунна уллора неI схьайеллалуш, аравелира шаьлта а карахь цхьа ургIал. Танна шаьлтанца тIекхета гIерташ вара иза, амма гIебарточух иза хьакхайала а ца ларош, Кутас тоьхначу тоьпан даьндарга вожийра ургIал. Шена тIелатар динарг араваьллачу чоьнан неI йоьллуш, сиха цу чу иккхира Тан, амма чоь йеса йара. Тоьпан татано къарйинчу хIусамехь тийналла йоьссира, ткъа йуха дукха хан йалале, тайп-тайпана чоьнашкара гIовгIанаш хезира. Хетарехь кхузахь дуьхьало йан кечам бара боьдуш. Уггаре а доьхнарг дара цIено чохь маса стаг ву ламанхошна билггал хууш ца хилар, ткъа цаьргахь герз хиларехь-м шеко йанне а йацара. Мисост а, Тембот а учера цIено чоьхьавелира, дIатоха кийча карахь герз а долуш. Кутас чоьнаш йолчу агIор корта таIийра кхерам цигахь хилар хоуьйтуш. Шена уллора неI меллаша ког тоьхна дIайоьллуш, чоьхьавелира иза. Амма чохь цхьа а вацара, ткъа лаьттахь Iуьллура карабин. Обарга сиха дIакховдийра иза Тане, ткъа цо хазахетта шен тепча, доьхканах а йуьллуш, тоьпан лаг озийра, реза хиларца Куте вела а къежаш.

Учера аьрру агIора цIеххьана схьаиккхинчу шина стага ламанхошна тIе герз долийра, ткъа чоьхьа ваьллачу Мисоста а, Тембота а царна дуьхьал герз диттира, ткъа и къиссамм дIаболийна хилла ши стаг сиха къайлавелира. Кута а, Тан а, шайца Мисост а, Тембот а волуш, царна тIаьхьабевдира. ЦIеххьана букъа тIехьашха герз долуш, даьндарг кхийтира Темботана, амма Мисоста дуьхьал герз тухуш, сиха вожийра мостагIа. Царна тIаьхьахьевддачу ламанхоша тидам ца бира шаьш талланза йиссина кхин а ши чоь хиларан. Къаьсттина цигара арахьеддачу анархиста букъа тIехьашха герз долийра детта. Цхьа даьндарг Темботан букъах кхийтира гайх чекх а йолуш. ЦIийн Iовраш охьахьевдира Темботан чевнах, амма доьналла долу гIебарто хIумма а воьхна вацара. Мисоста сиха маьнги тIера йоккха шаьршу схьаэцна, дIайихкира цуьнан чов, охьаоьхуш долу цIий жимма мукъне а сацо.

Аьрру агIор йолу уче йеса йара ламанхой цига дIахьевдича. Лами тIехула уьш охьабийсса буьйлабелча, царна йуха а тIе герз детта долийра. Дуьхьал тIом беш, Тан а, Кута а тоьлана чу охьавоьссира. Патармаш кхачийнера, ткъа тоьпаш йузо кхин хан йоцу дела, цара шаьлтанех катуьйхира. Патармаш мостагIийн а кхачийна хиллера. Уьш кхоъ вара. Шиъ карахь шаьлта йолуш вара, ткъа цхьаьнгахь пхоьазза йолучу тоьпана тIера урс дара. Шаьлта лелорехь ламанхошка кхочуш цхьа а вацара, цундела и къиссам болалуш санна сиха чекх а белира, жимма Танан куьйгах кхетта и лазор доцург, кхин бохам боцуш. ЦIеххьана ламанхошна хезира цхьаммо неI йетташ. Сихонца цу неIаран догIа доккхуш, иза схьайиллича ламанхошна гира йийсаре бина нах. Царна йукъахь вара ногIийн эланан кIант Мухарбий а, цул хьалха дIалаьцна хилла волу цуьнан махкахо а, ши-кхо бутт хьалха тIепаза вайна хилла эрмало а, иштта луларчу станицашкара ши гIалгIазкхи а, Ростовера совдегар а, йохка-эцаран гIуллакхашкахула веана хилла масех ламанхо а. И чоь хиллера анархисташа-коммунисташа кхоьллина къайлах набахте.

Тоьлана чу охьавоьссира арахьара хьал тергал дан битина хиллачу ногIийшах цхьаъ. Маьрша баьхначу шен махкахошна хазахетарца мараветталора ногIий.

– Кута, Тембот чIогIа лазийна-кх. Даьндарг кхетта цунна. – Мисост гIайгIане вара.

– Мичахь кхетта? – хаьттира Кутас. Обарг сихонца шен топ йузош вара.

– ГIодайуккъал жимма лакхахь, доIахах кхетта хилла тарло. – Мисост а волавелира шен топ йузо.

– Массо а маьрша ву! Массо а дIагIо. Шу лачкъийна болу нах полицица а, жандармерица а боьзна бу, цундела царна ма гайта шаьш. Сиха дIагIо! Шу массо а меттехь лоьхуш хир ду. Шу бехке далахь а дацахь а, шайн зуламийн лараш йайа, шу йуха а дIалоцур ду, йа дойур ду. – Кута сиха ламиш тIехула хьалаволавелира. – Мисост, Тембот а иэций чергизой болчу сиха дIагIо. Синюхински балки дехьа чергизойн кIошт йу. Цига дIакхачаве иза сиха. Цигахь цунна кхераме хIумма а хир дац, мел оьшу гIо а дийр ду. – элира обарга, ткъа йуха шена дуьхьал вогIучу ногIийчуьнга мохь туьйхира:

– Кевнаш дIакъевлина, йуьртахь гIовгIа йаьккхалц ца Iаш, чехка малхбале дIагIо, Мухьарбий вуьгуш. Цигахь, Адиль Гирей олучу ногIийн кIотарехь къайладевр ду шу, ткъа Iуьйранна цIа гIур ду. – цаьрга и омра а дина, Темболт волчу чоьхьавелира Кута.

Дуьххьара кхара учехь кхетам чуьра ваьккхина, охьавожийна хилла хехо вацара. Хетарехь, иза веддера, цундела ойланашна хан йайа мегар дацара. Ламанхой сиха арабевлира. Кхара мокъабаьхна хилларш-м кхузахь цкъа а ца хилча санна, лар йовш, механ сихаллица къайлабевллера.

– Кута, ахь хIун дийр ду? Хьуо цхьалха вуьссур ву хьо кхузахь? Вало, цхьаьна дIадоьлху вай! НогIий шайн цIа гIур бу, ткъа вай Хьапагож волчу дIагIур ду. – сагатдора Мисоста шен доттагIчух.


Внимание! Это не конец книги.

Если начало книги вам понравилось, то полную версию можно приобрести у нашего партнёра - распространителя легального контента. Поддержите автора!

Страницы книги >> Предыдущая | 1 2 3 4 5
  • 0 Оценок: 0

Правообладателям!

Данное произведение размещено по согласованию с ООО "ЛитРес" (20% исходного текста). Если размещение книги нарушает чьи-либо права, то сообщите об этом.

Читателям!

Оплатили, но не знаете что делать дальше?


Популярные книги за неделю


Рекомендации