Текст книги "1ибадат"
Автор книги: Хьусайн Шовхалов
Жанр: Современная русская литература, Современная проза
Возрастные ограничения: +12
сообщить о неприемлемом содержимом
Текущая страница: 1 (всего у книги 2 страниц) [доступный отрывок для чтения: 1 страниц]
1ибадат
Хьусайн Шовхалов
© Хьусайн Шовхалов, 2023
ISBN 978-5-0056-9400-3
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
1ИБАДАТ
ДЕШХЬАЛХЕ
А1у́зубилла́х1иминашшайт1о́ниррожийм. Бисмилла́х1иррохьма́ниррохьийм.
Берриге хастам Аллах1ана бу, 1алам кхиош-кхобуш Волчу. Салават а, салам а хуьлда Аллах1ан Элчанна Мухьаммадана а, цуьнан ох1ланна а, асхьабашна а, церан некъа т1ехь царна т1аьхьа мел ваьзначунна а, къемат де даллац.
Лараме бусалба нах! Адам Дала цкъа бен дуьнен чу кхуллуш дац. Цхьаъ бен дахар ца делла Дала адмана. Д1адаьлча кхин юха дог1ур дац и дахар, амма цунах жоп дала дезар ду цуьнан Далла хьалха. Дахар нийса д1адахьа нийса кхетам хила беза цуьнгахь. Дахар д1адахьа диэза дуьненахь а, эхартахь а шена цунах пайда хир болчу кепара. Цунах доьзна ду эхартан а, дуьненан а ирс.
Дахарах лаьцна нийса кхетам вайна карабо Дала вайна делчу шарий1атехь. Х1унда аьлча, шарий1ат нийса некъ болун дела, Дала массо 1аламна билгал бина болу. Цу т1ехь верг гал вера вац, цу т1ехь воцург нийсонна т1ехь а хира вац.
Цундела, вешан дахарах ма-хуьллу дукха пайда муха эца йиш ю билгалдоккху кху жайни т1ехь. Даима вешан дахарех вайна Делера ял муха хира ю билгалдоккху кху жайни т1ехь. Вешан дахар Аллах1 реза волчу кепара муха нисдан йиш ю билгалдоккху кху т1ехь. Цу 1илманца вешан дахар эрна ца хилийта, вай дуьненахь лелош дерг эрна ца хилийта, даима Делан къинхетам вайца хилийтархьама.
Дала Шен къинхетамах ма дохийла вай! Дала Ша реза волчу кепара нисдойла вайн дахар!
Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн
21 зуль-къа1да 1443
19.06.2022
НИЙСА КХЕТАМ
Муьлххачу а х1уманан шен довзийтар хуьлу. Шен маь1ница хьуна иза девзича, цунах кхетар ч1ог1а хуьлу хьан, иза даг чохь сацар дика хуьлу, цунах кхоччуш нийса кхетам а хуьлу хьоьгахь. Цундела, хьалха х1уманан маь1нех кхетар коьрта ду, т1аккха цунна т1едоьг1начух кхета атта хуьлу хьуна.
Тахана вай бусалба ду. Ислам дин лелош схьадог1уш ду вай. Делахь а, массо цхьабосса вац цу динна т1ехь. Дукхахдолу уммат г1ийла ду шен Ислам– динна т1ехь. Бусалба нах бусалба бу шайн ц1арца, амма шайн куьцаца бац. Дин леладо цара 1адат санна, х1ора дийнахь беш болу болх санна. Ламазаш до, мархийн беттан хан т1ееача марханаш кхобу, хьадж дан хан т1ееача хьадж до, воккха хилча зуда ялайо, мац велча юух1ума юу, наб еача д1авуьжу, п1ераскан дийнахь рузбане воьду, саг1а ло, иштта д1а кхидолу динан белхаш а до, кхин церан ойла а ца еш, церан хан т1екхаьчча дег1о ша-ша ала мегар долуш, д1а а хуттий, кхочуш до уьш. Цхьа чохь са а доцуш, делахь а далаза долчу адамех тера ву иштта бусалба стаг. Х1унда аьлча, ша дечу 1ибадатан маь1на девзаш вац иза. 1ибадатах кхеташ вац иза. 1ибадат х1ун ду хууш вац иза. Ша деш долу 1ибадаташ робото санна деш, д1алела иза. Цундела ду уммат г1ийла 1ибадатна т1ехь, цунах кхета ма-деззара ша кхеташ доцу дела. Иза довзар а, цунах кхетар а ч1ог1а коьрта ду Далла герга вахар т1ехь.
ИСЛАМ ДИНАХ КХЕТАР
Ислам-дин адаман дахар нисдеш, тадеш, хаздеш низам ду. Ислам бохург – стаг Далла муьт1ахь хилар ду. Ткъа бусалба стаг Делан лай хилча, 1адатехь ду лайно шен элано шена т1едиллинарг дан дезаш хилар. Лайна т1ехь дац ойланаш еш корта лазабахар. Шен элас шега де аьлларг дича волуш ву иза. Иштта бусалба дин Дала Шен лайшна даийтина низам ду, уьш Шена герга балор болуш, церан дахар дуьненахь ирсе дийр долуш, уьш дуьненахь а, эхартахь а декъал бийр болуш, жоьжахатех уьш к1елхьара баьхна, царна ялсамана хуьлуьйтур йолуш.
Амма Ислам-динан к1орге маь1на ду, иза Аллах1ана муьт1ахь хилар, Цуьнца накъост ца веш, Цо де аьлла 1ибадаташ кхочуш деш, Аллах1аца накъост варх а, Цуьнца накъост веш болчу нахах а гена ваьлла, царах ц1ена хилар ду. Ткъа цу дерригенан чулацам – 1ибадат ду. Х1унда аьлча Далла муьт1ах хилар – 1ибадат ду. 1ибадат ду Аллах1 цхьаъ вар, Цуьнца накъост ца веш. 1ибадат ду Цунна муьт1ахь хилар, Цо т1едиллинарг деш хилар, Цо хьарам динарг дита а дуьтуш, Цуьнца накъост ца вар, иза Цуьнца веш болучарех ц1ена хилар.
Цундела, 1ибадат х1ун ду хаар хьуна уггар коьрта г1о деш х1ума ду, хьо бусалба хиларна т1ехь. Цунах хьо кхеташ велахь, динца болу кхетам а нийса хир бу хьан. Х1инццалц айхьа ма-леладарра а доцуш, кхечу тамашийна-хазачу кепара дин леладан волалур ву хьо.
Ткъа х1ун ду те 1ибадат?
Х1ун лоцу 1ибадато шена чу?
1ИБАДАТ
Дала аьлла Къуръан чохь:
<<Аш 1ибадат де Аллах1ана, Цуьнца цхьанне х1уманах накъост а ма ве>>.
Дала 1ибат де боху вайга, Шеца накъост а ма лаца. И бохург – Шеца кхи цхьа дела ма ве, Ша цхьаъ бен дела вац шуна, адамо Шена 1ибадат дан хьакъ волуш.
1ибадат деш волу стаг Далла герга воьдуш ву. Далла герга воьдуш волу стаг къинойх ц1анлуш, шен дахарна т1ехь нислуш, дикачу х1уманна т1ехь са вала г1ерташ, хьарамчух ларвала г1ерташ хила веза. Амма вай иштта дац, 1ибадат деш вай доллушехь.
Х1унда дац? Х1у бахьана ду вай иштта ца хиларан?
Бусалба стага дечу 1ибадато и стаг дикачу аг1ор хийцо веза. Ткъа вай х1унда ца хуьйцу цо? Вай ма дац вовшашца тарлуш, вовшашца барт болуш. Ткъа вай ма ду хьарамлонех дуьзна, царех лар ца луш. Вай х1унда ца хуьйцу вешан 1ибадато? Дера ца хуьйцу, вай цунах нийсачу кепара кхета ма-деззара кхеташ ца хиларо. И ду вайн галдаьлларг, вай кху жайница нисдан г1ерташ дерг а иза ду, Делан пурбанца.
1ИБАДАТ: Иза Аллах1ана дезаш, Иза реза волу х1ума ду, олуш долу дош хуьлийла иза, я меженийн 1амал хуьлийла иза, и дерриге къайлаха делахь а, я гучудаьккхина делахь а.
И ду-кх 1ибадат, х1ай бусалба стаг! Дела реза волу, Далла дезаш долу массо х1ума 1ибадат ду хьуна, иза маттаца делахь а, я дег1аца делахь а, къайлах деш делахь а, я гучудаьккхина деш делахь а.
Цо х1ун гойту? Цо гойту, 1ибадат дерриг хьан дахар хилар. Х1унда аьлча, хьан дахар Дела реза волчу кепара хила дезаш ду, ткъа иза иштта хилча, Далла 1ибадат деш хуьлу хьо даим. Гой хьуна, ма доккха совг1ат дина хьуна Дала, хьайн дерриг хьолашкахь Далла 1ибадатехь хила йиш хиларца? Нагахь санна цу хьелашкахь айхьа деш долу х1ума ахь ц1енна Делан дуьхьа деш делахь.
Гой хьуна, вайна ма-моттара цхьа ламаз, марха, хьадж, саг1а ца хилла 1ибадат. 1ибадат дерриг хьан дахар хилла-кх, юух1ума яар, д1авижар, зуда ялор, маре яхар, рицкъа даккхар, Далла т1е болх биллар, Делан дуьхьа лелар, чохь-кертахь г1уллакх дар, ишколехь дешар, берашна хьехар, доьзал кхиор, накъосталла дар, ялта лелор, иштта д1а кхидолу хьан дахарера тайпа-тайпана хьелаш а.
Ткъа иза иштта хилар т1еч1аг1до вайн шарий1ато а. Дала тайпа-тайпана хьелаш билгал дина, уьш 1ибадат хилар билгалдоккхуш. Ткъа и хьелаш адаман дахаран хьелаш ду, цо лелош долу х1уманаш ду уьш. Делахь а, уьш дечо уьш Делан дуьхьа дахь, Дала уьш 1ибадат лору. Вайна ял а ло уьш вай Шен дуьхьа дарна. Иза иштта хилар вайна билгал дина Делан Элчано Делера салават а, салам а хуьлда цунна.
Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла:
<<Боккъалла, 1амалш нияташка хьаьжжина ю, х1ора стагана – цо дага лаьцнарг ду. Цундела, шен х1ижрат11
– Х1ижрат, – ислам дин лело дихкиначу махкара ислам дин лело пархато йолучу махка д1авахарх олу.
[Закрыть] хилларг Аллах1ан дуьхьа а, Цуьнан Элчанан дуьхьа а – цуьнан х1ижрат Аллах1ан дуьхьа а, Цуьнан Элчанан дуьхьа а хир ду. Амма шен х1ижрат хилларг ша гулдийр долчу дуьнен дуьхьа, я ша ялор йолчу зудчун дуьхьа – цуьнан х1ижрат цо х1ижрат динчу х1уманан дуьхьа хир ду.22
– Бухари: 1. Муслим: 1907.
[Закрыть]
Сан бусалба ваша, йиша, хьажал, Делан Элчано Делера салават а, салам а хуьлда цунна бохучуьнга. Х1ижрат – бусалба дин лело дихкина йолчу меттера иза леладан пархато йолчу махка д1авахар ду. Иштта х1ижрат дар ч1ог1а мелехь ду. Ишттачу х1ижратана Дела реза Ву. Иштта х1ижрат 1ибадат ду. Амма х1ижрат 1ибадат делахь а, иза дечо х1ун дага лоцу хьажжина ду иза. Пайхамаро Делера салават а, салам а хуьлда цунна билгалдо вайна иза.
Х1ижрат Делан дуьхьа, Цуьнан Элчанна т1аьхьавозуш динехь – иза 1ибадат ду. Амма х1ижрат Делан дуьхьа а, Цуьнан Элчанна т1аьхьавозуш а доцуш, кхечу х1уманна дуьхьа хиллехь, и х1ижрат 1ибадат ца хуьлу. Гой хьуна башхалла? Мел йоккха башхалла ю. Юй?
Цундела, Дала де аьлла т1едиллина х1ума – фарз хуьлийла иза, я суннат хуьлийла иза – иза Делан дуьхьа а, Цуьнан Элчано ма-дарра а хиллехь, иза 1ибадат ду. Цунах ял а хуьлу Делера. Амма фарз я суннат 1амал Делан дуьхьа а, Цуьнан Элчанна Делера салават а, салам а хуьлда цунна т1аьхьавозуш а яцахь, кхечу х1уманна дуьхьа елахь, и 1амал 1ибадат дац, цунах ял яц, иза Дала лоруш яц. Цу 1амалх т1ехула схьагушдерг 1ибадат делахь а, цо дагалаьцначу Делан дуьхьа доцучу бахьано дохадо иза.
Иштта муьлхха а дуьненан, дахаран 1амал стаго ша еш, Дела реза волу цхьана дикачу белхан дуьхьа йо ша иза аьлла дагалацахь, цунна цу 1амалх Делера ял хуьлу, и 1амал 1ибадате йоьрзу т1аккха. Масала: юух1ума юуш вузаран дуьхьа яахь, цунах 1ибадат ца хуьлу. Вузаран дуьхьа хуьлу. Дала магийна цунна вузаран дуьхьа яа. Амма юух1ума юучо дага лацахь, Дала ларде аьлла шен дег1 х1аллак хиларх лардо ша кху юух1уманца – т1аккха и юух1ума яар 1ибадате доьрзу, цунах цунна ял хуьлу. Я цо дагалацахь, кху юух1уманах шена хиллачу г1ораца дика 1амал йийр ю ша аьлла – т1аккха а 1ибадат лору иза цунна. Иштта кхин дика х1ума цо дагалаьцча а 1ибадат хуьлу иза.
Масала: Стаг д1авуьжуш цо наб яр дага лацахь, цунна цу наб ярх 1ибадат ца хуьлу. Амма цо дагалацахь «кху набарца хиллачу сада1арца самаваьлча цхьа дика х1ума дийр ду ас» – т1аккха и наб 1ибадат хуьлу, цунах цунна Делера ял хуьлу.
Цундела, Делан Элчан Делера салават а, салам а хуьлда цунна асхьа́бо Му1а́з бин Жабало Дела реза хуьлда цунна аьлла: <<Аса сайна набарх ял хиларе сатуьйсу, айса самваьлча динчу ламазан ял хиларе сатийсаре терра>>.
Аллах1у Акбар! Ма доккха маь1на долуш дешнаш ду уьш. Ма к1орге кхетам бу цаьрца. Буса мелан тах1ажуд ламаз дар мел йоккха ял хуьлуш х1ума ду хаьа вайна. Ткъа тах1ажуд ламаз дуьхьа д1авижина, сада1арна ял хиларе сатуьйсуш хилла Му1а́з бин Жабало Дела реза хуьлда цунна.
Иштта кху масалца кхета вай, мел коьрта ду вай вешан г1уллакхаш дарца дика х1ума дагалацар. Мел сема хила деза вай цу т1ехь.
1еламнаха Дала къинхетам бойла царех аьлла:
«Семачу нехан 1адаташ 1ибадаташ ду, г1о́пал болчу нехан 1ибадаташ 1адаташ ду».
Ма боккха чулацам а, кхетам а болуш дешнаш ду х1орш. <<Семачу нехан 1адаташ 1ибадаташ ду>> – бохург, цхьаболчу наха шайна 1адате дерзийна, дахаран г1уллакхаш деш цхьана дикачу х1уманан дуьхьа до уьш, т1аккха и г1уллакхаш 1ибадат хуьлу церан, царна царех мел хуьлуш, цундела цу т1ехь терго еш болу нах сема нах бу, г1опал боцуш.
Амма <<г1опал болчу нехан 1ибадаташ 1адаташ ду>>, – бохург, цхьаболчу наха шайн дахаран г1уллакхаш дика х1ума дар дагалаьцна, царех 1ибадат ца дина ца 1аш, Дала т1едиллина 1ибадат а 1адате дерзийна хуьлу церан, 1ибадат ду аьлла диц делла, цхьа марзделла33
– «Привычке» дирзина.
[Закрыть] х1ума санна до цара иза. Уьш сема нах бац, г1опал нах бу. Ткъа иза кхераме х1ума ду, цу 1ибадатах ял ца хила мегаш. Ткъа кху тайпа г1опал нах хьуна ма-гарра эшамехь бу. Ткъа сан хаттар ду хьоьга, тахана бусалба нах сема бу, я г1опал бу аьлла хета хьуна? Хьо семачарех ву, я г1опал болчарех ву?
Цу хаттаршна жоп далар хьоьгахь дуьту ас. Вай массо а семачу нахах хила деза. Дала царех дойла вай.
Олуш ду: Масалца дика кхета къамелах. Цундела, лакхахь хьахийначух дика кхетийтархьама, Веза-Сийлахьчу Дала 1ибадат лаьрра хьелаш хьахор ду ас кхинд1а хьуна масална.
1-ДЕЛАХ ТЕШАР
Дала боху Къуръан чохь:
<<Боккъалла а, Ас вахийтина х1ора уммате пайхамар Аллах1ан 1ибадат де, т1о́г1утах44
– Т1о́г1ут – иза, Аллах1 воцуш керстанаша шена 1ибадат деш йолу муьлха а х1ума: шайт1а делахь а, бозбунча велахь а, ц1у (жа1ар) елахь а. Муьлхха а тилар чу кхойкхург.
[Закрыть] генадовла (аьлла царна т1е а диллина нахе д1аала)>>.
Цундела, Аллах1аца ийман диллина бусалба дине вирзинаверг Далла 1ибадат деш ву, х1унда аьлча, Дала шена т1едиллинарг кхочушдина дела цо.
Ткъа Ислам динехь уггаре доккха дика ду Дела цхьаъ вар, Цуьнца кхин накъост ца вар.
Пайхамаре Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна цхьамма хаьттинера:
– <<Х1ай Аллах1ан элча, со ялсаманна герга вуьгур йолу, жоьжахатех гена воккхур йолу 1амал 1амаехьа суна>>.
Пайхамара Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна элира цуьнга:
– <<Айхьа къа латийча дика х1ума де ахь, цхьа дика итт дика санна ду хьуна>>.
Цо хаьттира:
– <<Х1ай Аллах1ан элча, диканех дуй ла́ ила́х1а иллалло́х1 алар>>?
Пайхамара элира:
– <<Иза уггаре дикох долу дика ду>>.
Цундела, ахь Дела цхьаъ вар, Цуьнан динехь хьо хилар уггаре доккха 1ибадат ду ахь дийриг.
2-РИЦКЪА ЛАХАР, БОЛХ БАР
Дуьненахь вехаш верг рицкъа ца лехча ца волу. Дуьненан дахар рицкъанна т1ехь х1оттийна ду Дала. Амма рицкъа лохуш верг а, болх беш верг а Дала шена т1едиллина рицкъа лохуш ву аьлла ниятаца цо иза лахахь, иза цунна мелехь 1ибадат хуьлу.
Дала боху Къуръан чохь:
<<Х1ай ийман диллинарш! Аса шайна делла ц1ена рицкъа даа>>.
Пайхамаро а Делера салават а, маршалла хуьлда цунна аьлла:
<<Хьанал рицкъа лахар х1ора бусалба стагна фарз хилла т1ехь ду>>.
Цундела, «сайна а, айса напха латто дезаш болучарна а, Веза-Сийлахьчу Дала т1е ма-диллара рицкъа доккху ас» -аьлла болх беш верг доккхачу 1ибадатехь ву.
3-ШЕН КЕРТАХЬ, ДЕКЪА Т1ЕХЬ Г1УЛЛАКХ ДАР
Стаго а, зудчо а шен кертахь а, х1усамехь а, декъа т1ехь а г1уллакх дар 1ибадат хуьлу, цара иза Делан дуьхьа дахь, царна цунах ял хуьлу. Х1унда аьлча стагана а, зудчунна а, кхечарна массарна а шарий1ато т1едиллина ма ду ц1ена а, хаза а хилар, кхиамаш беш хилар, дика деш хилар, г1уллакх деш хилар. Пайхамарах Делера салават а, салам а хулда цунна тарлуш хилар. Ткъа Делан Элча Делера салават а, салам а хуьлда цунна шен чохь г1уллакх деш ма хилла, шен х1усамнаношна оьшучуьнга хьожуш ма хилла. Цунах тардала деза х1усамда а, нана а, муьлхха адам а.
4-ЗУДА ЯЛОР. МАРЕ ЯХАР
Стаго зуда ялор, йо1 маре яхар доккха 1ибадат лаьрра Веза-Сийлахьчу Дала.
Дала боху Къуръан чохь: <<Шаьш реза долу зударий балабе>>.
Пайхамаро Делера салават а, салам а хуьлда цунна аьлла: <<Х1ай кегий нах, зударий балабе>>.
Х1усам кхуллучара шаьш Веза-Сийлахьчу Дала а, Пайхамаро а Делера салават а, салам а хуьлда цунна бохург кхочушдо аьлла иза кхоллахь, уьш 1ибадат деш хуьлу шайн х1усам кхолларца. Ткъа кхин а дукха дика х1уманаш дага мел лоцу ял алсам хуьлу царна.
5-КЪАМЕЛ 1ИБАДАТ ХУЬЛУ
Пайхамаро Делера салават а, салам а хуьлда цунна аьлла: <<Аллах1ах а, къематдийнах а тешаш волчо дика дерг олийла, я д1асоцийла иза>>.
Пайхамаро Делера салават а, салам а хуьлда цунна билгалдо вайна, къамел дика делахь иза 1ибадат хилар, амма къамел вон делахь иза 1ад дита дезаш хилар, мегаш цахилар.
Цундела, къамел Дела реза волуш делахь иза 1ибадат ду, цунах цунна мел хуьлу.
Ткъа иштта чулацам болуш ду вайн маттахь ша «къамел» боху дош а. Иза шина декъах лаьтташ ду «къа» «мел». И бохург, стаго шен къамелаца къа латадан а, я мел баккха а йиш ю бохург ду. 1аламат боккха кхетам бу иза вайн маттахь вайн дайшкара схьабеана. Цу т1ехь нисделлачарех дойла вай Веза-Сийлахьчу вайн Дала.
6-ПХЬОЬГ1АНЕХЬ ХОЬВШИНА 1АР, НЕКЪАХЬ ЛАТТАР
Адамийн дукха дезачу х1уманех ду пхьоьг1анехь латтар, арахь вовшах кхетча дист хуьлуш 1ар. Амма и 1адат а 1ибадат лаьрра вайн пайхамаро Делера слават а, маршалла а хуьлда цунна, некъан хьакъ д1алуш делахь цара.
Пайхамаро Делера салават а, салам а хуьлда цунна аьлла:
<<Некъахь охьа хоьвшина 1арах ларлолаш>>.
Цуьнга элира: <<Х1ай Аллах1ан элча, тхо цхьана кхетча дист хуьлуш ца 1ийча ца довлу>>.
Пайхамара Делера салават а, салам а хуьлда цунна элира: <<Шу (некъахь) охьа ховшаза ца 1ахь, некъан хьакъ д1алолаш>>. Цуьнга хаьттира: <<Некъан хьакъ х1ун ду>>?
Пайхамара Делера салават а, салам а хуьлда цунна элира: <<Б1аьрса лардар (хьарамчух), цхьанненна лазам ца бар (новкъарло ца яр), салам схьаэцар (цхьамма шайга делча), дика дерг де алар, вон дерг ма де алар>>.
Х1ара некъан хьакъ лардан дезаш хиларца, бусалба дино вайна билгал дина некъахь латтар 1ибадат хила йиш хилар. Адамийн дахарехь уггаре жима х1ума ду иза, делахь а, иза а 1ибадат лаьрра хилча бусалба дино, и цхьаъ тоьар дара-кх тоьшаллина, бусалбачу стеган дерриг дахар 1ибадат хила йиш хилар, иза само еш хилчахьана.
7-МУЬЛХА Х1УМА ДИКА ДАР 1ИБАДАТ ДУ
Муьлхха а деш долу х1ума ша хила ма-дезза дар т1едиллина вайна шарий1ато. Шена хетачу кепара дан йиш яц деш долу х1ума. Ша да ма-дезза дан дезаш ду иза.
Пайхамара Делера салават а, салам а хуьлда цунна аьлла:
<<Боккъалла а, Веза-Сийлахьчу Аллах1о т1едиллина (шуна) массо х1ума дика дар. Аш цхьаъ вуьйш55
– Шарий1атехь вен вог1уш верг.
[Закрыть] дика велаш иза, Аш цхьана х1уманна урс хьокхуш – дика хьакхалаш>>.
Деш долу муьлхха г1уллакх ша да ма-дезза дар 1ибадат лаьрра вайн шарий1ато. Цундела, массо х1ума ша хила дезачу кепара дича ял хуьлу хьуна.
8-НАХАНА ВЕЛАВАЛАР
Нахана велавалар а 1ибадат лаьрра вайн шарий1ато. Адамана дага дог1ур дацара х1ара жима 1амал 1ибадат ду аьлла, амма Дала х1ара уггар жима х1ума а ца дитина 1ибадат ца лоруш.
Пайхамара Делера салават а, салам а хуьлда цунна аьлла:
<<Шуна дегаза ма хетийла66
– К1езга ма хетийла.
[Закрыть] дикачу х1уманах цхьа́ а х1ума, хьо хьайн вешина велавеллачу юьхьца дуьхьалкхетар а>>.
9-ЗУДЧО ФАРЗ ДУХАР ЛЕЛАДАР
Веза-Сийлахьчу Дала фарз духар зудчунна деза 1ибадат лаьрра ду. Иза леладар еза 1амал лаьрра ю вайн шарий1атехь.
Дала боху Къуръан чохь:
<<Х1ай пайхамар! Ахь а́ла хьайн х1усамнаношка а, хьайн йо1аршка а, муъмин нехан зударшка а, шайна т1е шайн оба (фарз духар) узийла цара>>77
– Ахьза́б, аят: 59.
[Закрыть].
Дала т1е ма-диллара фарз духар духуш йолу зуда Веза-Сийлахьчу Далла муьт1ахь хиларца 1ибадат деш хуьлу.
10-ХАЗА Г1ИЛЛАКХ
Хазачу г1иллакхехь хилар меле ду бусалба стагана. Иза деза 1ибадат ду цунна.
Пайхамара Делера салават а, салам а хуьлда цунна аьлла:
<<Нахаца хазачу г1иллакхца хилалахь>>.
Цундела, хазачу г1иллакхехь верг дезачу 1ибадатехь ву.
Иштта вайн пайхамаро Делера салават а, салам а хуьлда цунна аьлла:
<<Боккъала а, муъмин стаг шен хазачу г1иллакхца кхочу марха кхобучу а, ламаз дечу а дарже>>.
Аллах1у Акбар! Цхьана хазачу г1иллакхца марханаш кхобуш санна, ламазаш деш санна ял хуьлу цунна. Далла ма дукхадезаш 1ибадат ду иза.
11-ДИЙНАТЦА ДИКА ХИЛАР
Дийнатца дика хилар 1ибадат лаьрра вайн дино. Цунна дика дар бахьана долуш, стаг ялсамане ваха йиш йолуш хилар шарий1ато билгал дина вайна.
Пайхамаро Делера салават а, салам а хуьлда цунна аьлла:
<<Цкъа цхьа стаг некъахь воьдуш ч1ог1а хьагвеллера. Г1у карийра цунна. Цу чу воьссина хи мелира цо. Цул т1аьхьа хьалаваьлча, ж1аьла гира цунна т1уьна латта дууш, хьагделла. Стаго элира: «Со санна хьагделла-кх х1ара ж1аьла».
Г1у чу воьссира иза, шен мача хих хьала а юьзина, шен багийца схьалецира цо ша хьалаваллалц, т1аккха ж1аьлина хи малийра. Аллах1о геч дарца бекхам бира цунна (стагана)>>.
Асхьа́баш элира: <<Х1ай Аллах1ан Элча, боккъалла а тхуна дийнат леладарна ял хуьлу>>?
Цо элира: <<Х1ора чохь са долчу х1уманах (аш кхобуш йолчу) ял хуьлу>>.
12-Ц1аНАЛЛА
Ц1аналла Дала 1ибадат лаьрра ду. Стаг шен дахарехь ц1ена лелар деза 1ибадат хилар билгал дина вайна бусалба дино.
Пайхамаро Делера салават а, салам а хуьлда цунна аьлла: <<Ц1еналла ийманан ах да́къа ду>>.
Ламаз эцар, дег1ах хи кхарзар, т1ехь-когахь дерг ц1ена хилар, керт-ков ц1ена хилар, массо х1уман т1ехь ц1еналла латтаяр деза 1ибадат ду бусалбачу стагана, Делан дуьхьа цо уьш дахь.
Х1ай Делан лай! Гой хьуна, 1ибадат бохург мел боккха чулацам болуш х1ума ду? Цхьана масех х1уманна т1ехь чекх долуш дац-кх 1ибадат хьуна ма-гарра. Кхузахь хьахийначу 1ибадатех цхьа́ а дац массарна девзаш долчу 1ибадатех. Лакхахь хьахийна долу х1уманаш 1ибадат ду аьлла дага а деъна хир дац хьуна. Ткъа гой хьуна, мел даккхий 1ибадаташ хилла уьш. Ткъа хьуна хаийла, лакхахь хьахийна доцурш а, кхин дуккха а ду хьуна 1ибадаташ. Уьш муха девзар ду суна аьлла, хьан хаттар кхоллалахь, хьуна уьш довза хала хир дац 1ибадат х1ун ду хьуна дага деъчахьана. Х1ара жайна д1адолош, 1ибадат бохург х1ун ду довзуьйтуш, ас элира:
1ИБАДАТ: Иза Аллах1ана дезаш, Иза реза волу х1ума ду, олуш долу дош хуьлийла иза, я меженийн 1амал хуьлийла иза, и дерриге къайлаха делахь а, я гучудаьккхина делахь а.
1ибадат х1ун ду хьуна хууш хилчахьана, девзар ду хьуна 1ибадат. Ткъа хьуна ма-гарра, 1ибадат – иза Аллах1ана дезаш, Иза реза волу х1ума, олуш долу дош а, меженашца еш йолу 1амал а хилча, и дерриге къайлаха делахь а, я гучудаьккхина делахь а – цо гойту, лакхахь аса хьахийна доцурш а, 1ибадаташ кхин а дукха хилар. Доцца аьлча, ахь мел деш долу дерриге дика х1ума, Дела реза волу х1ума 1ибадат ду, ахь иза Аллах1ан дуьхьа дахь, цуьнгара йоле са а туьйсуш.
Цхьана дашца аьлча, хьан дерриг дахар 1ибадат ду, хьо сема хилахь. Ишттачу дахарна ял ю хьуна. Ткъа барам боцуш ма йоккха ял йоккхуш хир ву хьо, нагахь санна ахь хьайн дахар 1ибадате дерзадахь. Иза хьан карахь ду.
Иштта дерг ду-кх бакъ долу 1ибадат, х1ай Делан лай. Вайна девзаш долу масех 1ибадат т1ехь чекх долуш ца хилла Веза-Сийлахьчу Далла 1ибадат дар, дерриге диканиг, адамо мел лело деза х1ума 1ибадат хилла-кх, цо иза Делан дуьхьа дахь, Цуьнгара ял хиларе са а туьйсуш.
Внимание! Это не конец книги.
Если начало книги вам понравилось, то полную версию можно приобрести у нашего партнёра - распространителя легального контента. Поддержите автора!Правообладателям!
Данное произведение размещено по согласованию с ООО "ЛитРес" (20% исходного текста). Если размещение книги нарушает чьи-либо права, то сообщите об этом.Читателям!
Оплатили, но не знаете что делать дальше?