Электронная библиотека » Хьусайн Шовхалов » » онлайн чтение - страница 1

Текст книги "Ламазан догIа"


  • Текст добавлен: 6 декабря 2023, 17:04


Автор книги: Хьусайн Шовхалов


Жанр: Религия: прочее, Религия


Возрастные ограничения: +16

сообщить о неприемлемом содержимом

Текущая страница: 1 (всего у книги 8 страниц) [доступный отрывок для чтения: 2 страниц]

Шрифт:
- 100% +

Ламазан догIа
Хьусайн Шовхалов

© Хьусайн Шовхалов, 2023


ISBN 978-5-0060-9478-9

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ЛАМАЗАН ДОГIА

ДЕШХЬАЛХЕ


БиссмиллахIиррохьманиррохьийм. Хастам бу АллахIана Iаламаш кхиош-кхобуш волчу. АллахIера салават а, салам а хуьлда АллахIан Элчана Мухьаммадна а, цуьнан гергарчарна а, берриге асхьабашна а. Цул тIаьхьа:

Лараме бусалба ваша, йиша! Уггар хьалха Дала вайна т1едиллина декхар – иза Ша цхьаъ вар, Шеца кхин дела воцуш, Мухьаммад Делан лай а, Элча а хиларх тешар ду. Иза коьрта бух бу стеган бусалбаллин. Цул тIаьхьа Iамал ян еза бусалбачу стага. Ткъа бусалбачу стага уггар хьалха ян еза Iамал – ламаз ду. Ислам динан баххьех шолгIа бух бу иза. Iумар бин ХаттIабан кIант IабдуллахIа {Дела реза хуьлда цушинна аьлла}: «Суна хезира АллахIан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} олуш: «Ислам пхеа (бух) тIе доьгIна: «ШахIадат – АллахI воцург кхин дела вац, Мухьаммад Аллах1ан Элча ву. Ламаз дIахоттадар. Закат далар. Хьаж дар. Рамаданан марха (кхабар)» [1].


Цундела, ламаз Ислам динан шолгIа коьрта бух бу. Жимчохь дуьйна Ламаз чIогIа лардан дезаш ду бусалбачу стага. Амма ламаз дале хьалха дуккха а хIуманаш ду ламазна кечам беш кхочушдан дезаш. Ламаз дийриг уьш девзаш вацахь, гIалаташ хир ду, тIаккха цуьнан ламаз нийса хир дац. Цундела и уьш довзар чIогIа коьрте ду бусалбачу стагана.


Х1ора хIуманан шен хьалхе а хуьлу, чаккхе а хуьлу. ХIора хIуманан шен догIа а ду. Ткъа «ламазан догIа» хIун догIа ду хаьий хьуна, лараме ваша, йиша? Иза Делан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} билгалдина вайна. Делан Элчо {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} аьлла: «Ламазан до'гIа – цIеналла ю, цуьнан дIадехкар – такбир ду, цуьнан чекхдалар – салам далар ду» [2].


Ламаз дале ламазан цIанвелла хила веза бусалба стаг. Ламазна ян еза цIеналла йина хила веза. ЦIеналла ламазан догIа хиларе терра, цу цIеналлин Iилма а довза деза бусалбачу стагана. Шеца цIеналла а йоцуш ламаз дан магийна дац цхьанна а. ЦIеналлина юкъадогIу ламаз дийриг ламаз эцна хилар, лийча тIехь делахь лийчина хилар, нажасах цIена хилар, иштта кхидерг а. Цундела Веза Сийлахьчу Дала ламаз дале хьалха ламаз эца аьлла бусалбачу нахе. Сийлахь Везачу Дала боху Къуръан чохь: {ХIай ийман диллинарш! Шаьш ламазна дIахIуьттуш, шайн яххьаш йила, куьйгаш а дила голашка кхаччалц, шайн коьртах (хица тIадийна шина куьйган пIелгаш) хьакха, когаш била хьорканашка кхаччалц}.


Кху аятехь Веза Сийлахьчу Дала билгалдо бусалба стаг ламазна дIахIоттале ламаз эцна хила везаш хилар, ламаз муха эца деза а. Ткъа Делан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} ламаз оьцуш лело деза хIуманаш а билгалдина кху аятехь хьахийна доцу.


Лараме сан ваша, йиша! Ламаз эца а, дегIах хи кхарза а хи оьший? Муьлха хи мега, муьлханиг ца мега хаа оьший? Хи схьаэца а, чу дотта а пхегIа оьший? Муьлха пхегIа лело мега ламаз оьцуш хаа оьший? Ламаз эцале хьалха цIано муха ян еза хаа дезий? Ламаз дан лууг нажасах цIена хила везий, ткъа нажас хIун ю хаа ца деза? Бага цIанъян езий, и стенца цIанйо хаа дезий? ТIаккха сивак хIун ю хаа дезий? Адамана шен дегIа тIера чо баккха, мIара яккха, кхийолу меженаш а цIена хуьлуьйту хIуманаш хаа дезий? Ламаз муха эца деза, цуьнан фарзаш, суннаташ хаа дезий? Ламаз карара долу а, ца долу а бахьанаш хаа дезий? Муьлхачу хIуман ламаз карахь хила деза, муьлхачу хIуман ламаз карахь хила ца деза хаа дези? Зудчунна ша ламазна юкъараяьлча шена хьарам дерг а, мегаш дерг а хаа дезий? Ша ламазна юкъараяларца доьзна дерг хаа дезий цунна? Зудчо доьзал вича шена хьолехь хьарам дерг а, мегаш дерг а хаа дезий цунна? Фарз лийчарш, суннат лийчарш довза дезий? Лийчаран фарз а, суннат а хаа дезий? Хи ца хилча, тема дарх лаьцна довза дезий? Маьхьсешна тIе масхьу муха дан деза хаа дезий? Кхин а дуккха а хIуманаш хаа деза цунна.


Ахь эр ду: «Дера деза иза дерриг довза». Иза бакъ ду. Иза а, кхин дуккаха а х1ума девзар ду хьуна кху жайни т1ехь Дала мукъ лахь. Х1орш дерриш ц1еналлина юкъадог1ш ду. Цундела ду иза «ламазан дог1а», х1унда аьлча, ламаз дан лууш верг ша хила веззачу ц1еналлехь вацахь, цуьнан ламаз нийса ма ца хуьлу. Цундела ду х1ара 1илма бусалба вешина а, йишина а ч1ог1а коьрте.


Амма ц1еналлин 1илма девзаш воцучуьнгара дуккха г1алаташ хуьлу, ламазан эшам хир болуш я ламаз хира а доцуш, нагахь санна цо иза нийсачу ц1еналлица дина дацахь. Цундела ду х1ара ц1еналлийн дакъа вайна ч1ог1а коьрте.


Ц1еналлин хьокъехь дуккха а г1алаташ дуьйлу адамера. Иза царна х1ара 1илма ца довзара ду. Шайн лаамца ца дуьйлуьйту цара и г1алаташ, шайна ца хаарна дуьйлу, делахь а шайна оьшург 1амадар т1ера ца долу царна. Я хуучуьнга хаьттина а, я хьехаме ладоьг1на а, я жайна дешна а 1амадар т1ехь ду царна. Цундела, уггаре хьалха х1ара жайна яздар бахьан, вайга вешан ламазца дерг нийса хилийтархьам яздина. Вайгара лега г1алаташ аш д1адахархьам. Лекха-Сийлахь волу Дела вайна реза хилийтархьам. Х1ара жайна яздар бахьна, сайна гара нахаца дукха г1алаташ церан ламаз эцарца, ламаз дарца, царна дуккху х1ума ца хаарца царна хаадезачух.


Цундела, лараме ваша, йиша! Лерина дешалахь х1ара жайна, кхета г1ерташ, х1окхо дуьйцург хьайца хилийта г1ерташ. Амма хьо ца кхеттарг, я хьан кхолделла хаттар хьоьга хаттийта, кху жайни т1ехь соьгара даьлла г1алат суна довзийта хьуна сайн номер а юьту аса жайнан чаккхенгахь. Дела реза хийла массарна!


Вайн махкахь даьржина 1илман мазх1аба Имам Шафи1ий мазх1аб ду. Иза суннат мазх1аб ду. Цуьнца 1амал яр т1ехь ду вайн къам б1ешерашкахь. Цундела, х1ара жайна Имам Шафи1ий 1илманца, цуьнан мазх1абица яз дина ду.


Ц1аналлах лаьцна дериге х1ума чу лоцуш яз дина дац аса х1ара жайна, т1аккха дукха доккха хира дара х1ара. Делахьаъ, х1ара жайна язъдеш сан коьрта 1алашо яра вайнех стагна а, зудчунна а ц1аналлах лаьцна уггаре коьрта х1ума довзийтар, т1къа иза кху жайнахь кхачам болуш хьахийна ду, бусалба стагна дукхахьолехь кхунаха кхачам хира болуш.


Х1ара жайна Имам Шафи1ий {Дала къинхетам бойла цунах} мазх1абехь шена ламаз 1ама да а, кхечунна хьеха а мегаш яз дина ду.

Шовхал Сайд-Селиман к1ант Хьусайн.
2 Сафар 1445 х1ижри.
24.08.2023. {08:27}

[1] – (Бухарий, Муслим). [2] – (Тирмизий 238. Ибн Мажах1 276).

[3] -Ламазна кечлуш. [4] -Сурат «Аль-маидат», аят: 5.

ХЬАЛХАРА ДАКЪА
 
МУХЬАММАД-ПАЙХАМАРАН ВАХАРАН ТЕРАХЬЕХ ДОЦЦА:
 

Мухьаммад вина Маккахь Оршот11
  – Понедельник.


[Закрыть]
 дийнахь, 22-чу апрелехь, 571-чу шарахь, иза нисло раби1ул-аввал бетта, 12-чу дийнахь. Цуьнан нана Аминат хилла, да 1абдуллах1 хилла. 1абдуллах1а шен 18 шо долуш Аминат ялийна. Ялийна ши бут хан яьлча 1абдуллах1, Шема мехалла22
  – Йохкар-эцар (Торговля).


[Закрыть]
вахана ц1а вог1уш Мединехь кхелхина, цигахь д1авоьллина, Мухьаммад дуьненчу валале.


Пайхамаран нана цуьнан барх1 шо кхаьчча д1акхелхина, иза а Мединатана герга Абва́ъ ц1е йолча юьртахь д1айоьллина ю.


Пайхамар винчу буса яккхий билгаллонаш хилла. Царех ю цу буьйсанна Макка т1ехь кхетта хилла дуккха а седарчий. Оцу билгаллонех ду цу буьйсана жуьгтийн 1еламстага аьлларг: «Тховса жуьгтийн сийлалла Х1а́шиман некъех даьллачу берана д1аели, иза т1аьххьара пайхамар ву


Шен заманахь Мухьаммад нахалахь уггаре г1иллакхе а, вочух ч1ог1а ларлуш а, оьздангаллех вуьззина а, лулахошца а, гергарчаьрца а к1еда-мерза а, харц дош ца олуш а, тешаме а хилла.


«Амийн» аьлла ц1е яхана а хилла цуьнан нахалахь, т1къа иза «тешаме» бохург ду, 1аьрбийн маттара вайн матте даьккхича. Цуьнан 40 шо кхаьчча, дуьххьара Аллаха1ан хаам беана цуьнга. Т1аккха 23 шарахь Аллах1а Джабраил-малик шега доссийна Къуръан д1аязъдайтина.


53 шо кхаьчча, 622-чу шарахь, июнь бетта 28-чу дийнахь, вайн терахьца раби1ул-аввал бетта 1-г1а де, иза еарин де а хилла, Мухьаммад (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Маккара хижрат дина. Цо хижрат динчу ханна т1ера ду бусулба нехан терахь.


Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхелхина оршот дийнахь раби1ул-аввал бетта 13-г1а де долуш, 11-чу шарахь, (633-чу шеран 8-г1а июнь). Дуьненчохь цо яьккхина хан бетта шерашца33
  – Лунный календарь.


[Закрыть]
63 шой 3 дей ду, малха шерашца44
  – Солнечный календарь.


[Закрыть]
 61 шой 84 дей ду.

АЛЛАХ1 ЦХЬАЪ ВАРАН ДОШ

«Ашх1аду ал-ла́ ила́х1а иллалло́х1у вахьдах1у ла́ шарийка лах1у, лах1ул-мулку ва лах1ул-хьамду, юхьйи́ ва юмийту, ва х1ува хьайюн ла́ яму́ту, биядих1ил хойру ва х1ува 1ала́ кулли шай-ин къодийр»


Маь1на: Шеца накъост воцуш, Ша цхьаъ бен воцуш, Аллах1 ц1е йолу цхьаъ бен дела ца хиларна оьшалла до ас. Х1ума дуьйш-дендеш, беригге хастам а, паччахьалла а Цуьнгахь ду. Иза ц1къа а лийра воцуш дийна а ву. Деригге дика Цуьнан карахь ду, массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ву Иза.

ИЙМАН Ц1АНДО ДОШ

«Алло́х1умма инни́ а1у́зу бика мин-ан-ушрика бика шайъан ва ана а1ламу, ва астаг1фирука лима́ ла́ а1ламу, иннака 1алла́мул г1ую́б»


Маь1на: Я Аллах1, Хьоьца ларло со, сайна хууш ас Хьоьца накъост варах. Сайна ца хууш долчунна а Хьоьга гечдар доьху ас. Боккъал а Хьо ву-кх Аллах1, къайленаш хууш.

КЪИНОШНА ГЕЧДАР ДЕХАР

Гечдар доьху ас Аллах1е, гечдар доьху ас Аллах1е, гечдар доьху ас Аллах1е, гучахь-къайлахь, хууш-ца хууш ас мел динчу къинна. Сайна хууш-ца хууш ас динчу къинна дохко ваьлла со. Сайгара мел яьллачу ледарлонна дохковаьлла со, кхин юха ца дан т1елаьцна, гечдар доьху ас Везачу Аллах1е. Боккъал а Хьо ву-кх, Аллах1, къайленаш хууш.

ТЕШАРАН ДОШ

Со теша: Аллах1ах, Цуьнан маликех, Цо диссийначу жайнех, элчанех, къематдийнах, кхелах, вон а, дика а кхел лекха волчу Аллах1ан хиларх, кхелхинчул т1аьхьа г1овторриг хиларах а.

АЛЛАХ1АНА Г1УЛЛАКХ ДАРАН ПАЙДА

Бусулба стага деладенна деш долу пхеа ламазо и стаг шен Аллах1ана герга во, ч1ог1ачу чуханца Цунах вехкавелла а во. Ламаз дан д1ах1уттуш стага ойла йо ша деш долчу фарз ламазан, Аллах1а и де аьлла, т1едиллина хиларан а, и дича Аллах1а шена гечдаре а, и Аллах1 реза хиларе догдохийла хиларан а.

И чуха хилар бакъ хилар гойту Аллах1ан бакъчу дашо:


«Адамаш а, жинаш а Сайна г1уллакх дайта кхоьллина Ас. Суна ца оьшу цаьргара риц1къ а, цара яа х1ума яларе сатуьйсуш а вац Со. Аллах1 Ша ву риц1къа луш а, ниц1къ болуш а.»


Аллах1ан деш долу ибадат Аллах1а де аьлла, омра динарг дар ду: ламаз, закат, марха кхабар, хьаж дар ниц1къ кхачахь. Иза Аллах1 цхьаъ веш, Мухьаммад-пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) бакъ веш тоьшалла динчул т1ехь дан дезаш ду.

шоллаГ1А ДАКЪА: ХИШ

Шарий1атехь хи деъ кепара хуьлу:


– Т1ох1у́р

– Т1о́х1ир

– Нажисун

– Муста1мал

1-Т1ОХ1У́Р

Т1ох1у́р хи, – иза Дала ша ма кхоллара долу хи ду цуьнан муьлха бос а, чам а балахь, муьлха хьожа а ялахь. Иза ша ц1ена ду, кхийолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. И хи бен 1ибадатехь55
  – 1ибадатехь бохурга: ламаз эцар, фарз я суннат лийчар я муьлха хи лело т1едиллиначу х1умангахь т1ох1у́р хи лело деза. Иштта бусалба динехь хи лело аьлла меттиг чу лоцу 1ибадат бохучу дашо.


[Закрыть]
лело магийна дац шарий1атехь, х1унда аьлча и хи ша ц1ена ду, кхи йолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. Цундела иза кхечу хих къасто хаа деза бусалба стагна.


Масала: Дог1ан хи, х1ордан хи, татолан хи, г1у чуьра хи, шовдан хи, луонах я шанах даьккхина хи, – церан муьлха хьожа я чам я бос хилахь а. Иштта Дала кхоьллина долу муьлха хи 1ибадатан ц1ена ду, иза Дала ша ма кхоллара далахь.

Амма т1ох1у́р хи йовхо лаьттачу бовхачу махкахь, эчигах я ц1естах66
  – Медь.


[Закрыть]
йолу пхьег1а чохь малхехь дохделла долуш леладар дика дац, х1унда аьлча, цунах ч1оьран лазар долун дера. Амма шел делча лело мегар ду иза.

2-Т1О́Х1ИР

Т1ох1у́р хи, – иза Дала ша кхоьллинчу куьцера ц1еначу х1уманца хийцаделларг ду. Ц1ена хи ду иза, делахь а шех кхеттачу ц1еначу х1умано хийцина ду. Дала кхоьллина ц1ена хи шен куьцера д1адалар хуьлу, цунах кхеттачу ц1ена х1ума бахьна Дала ша кхоьллинчу басах я чомах я хьожах цхьаъ хийцадаларца. И хийцадалар шина кепара хуьлу цуьнан:

1—1аламан бахьанца77
  – 1аламан бахьнаца бохург (это природные явления, которые происходят без участия человека).


[Закрыть]
хийцадалар.

2-Цхьам хийцар.


1—1аламан бахьанца хийцаделла хи:


Адамо я кхийолу чохь са долчу х1умано хийцина а доцуш, 1аламан бахьанца ша хийца делла хи ц1ена ду, т1ох1у́р ду иза, 1ибадатехь лело мегар ду.

Масала:


– Дукха лаьттина шен хьожа хийцаелла я чам хийцабелла я бос хийцабелла хи, – и хи т1ох́ур ду. И бохург, кху тайпа хи 1ибадатехь лело мегаш ду.


2-Шех муьлха латта эдаларца хийцаделла хи ц1ена ду. Латта хи чу ша доьжна далахь я цхьам кхоьссина далахь а башхалла яц, т1ох1у́р хи ду иза.


3-Шена чу г1аш легна, я хица хуьлучу буц я т1улг бахьана долуш хийцаделла хи т1ох1у́р ду.


4-Хи охь дог1уш цхьан метте кхаьчна, цу меттигаца хийцаделлехь, и хи ц1ена ду. Масала: Охь дог1у хи кибрит латтах хьакхаделла, кибрит хьожа йолуш далахь, и хи т1ох1у́р ду.

Я охь дог1у хи латтанах хьакхаделла хийцалахь, цу хино цу латтин бос схьаэцахь а и хи т1ох1у́р ду.


Иштта муьлха хи т1ох1у́р ду иза Дала ша ма кхоллар далахь хийцаделла а доцуш, я 1аламан бахьнаца хийцаделла далахь а.


1аламан бахьнаца хийцаделла х1ара хиш ламаз эца а, фарз я суннат лийча а, ц1ано я а, бедар йитта а, меттиг ц1ан я а, нажас д1аяккха а, муьлха 1ибадатехь а, муьлхачу х1умангахь а лело мегаш ду, х1унда аьлча, иза т1ох1у́р хи ду.


Амма 1аламан бахьнаца хийцаделла хи яах1умангахь леладар я и малар цунах могшална зе хиларх я ца хиларх доьзна ду. Зе хуьлуш далахь мегар дац, зе хуьлуш дацахь мегар ду.


2-Цхьам хийцина хи:


Т1ох1у́р ц1ена хи 1аламан бахьнаца хийцаделла доцуш, адам я кхи йолу са долу х1ума бахьан долуш хийцаделлехь, цунаха хи ала йиш йоцуш кхи цхьа х1ума хиллехь, т1аккха цу хинаха хи ца олу, цунах хилчу х1умане хьаьжина ц1е йоккху цунах. Иза 1ибадатехь лело мегар дац.


Масала: Чай, сок, чорп, жижган чорп, коктель, пепси-кола, лимонад, стоьми сок, квас, иштта хинах йина муьлха коча х1ума, ша яа я мала а ц1ена елахь а, 1ибадатехь лело мегар яц уьш, х1унда аьлча, адамо ша Дала кхоьллинчу шен суьртера хийцина уьш, 1аламан бахьанца хийцаелла а йоцуш.


Амма ц1ена долчу хи т1е ц1ена х1ума тоьхна цхьа жиммал бен хи хийца цаделлех, шех «хи» олучур д1ацадоккхуш кхи ц1е цунаха яккхал хийцина доцуш, т1аккха и хи ша ма хилар ц1ена хуьлу, 1ибадатехь лело мегаш ду, ц1енчу х1уманца жиммал иза хийцаделла далахь а. Иза 1ибадатехь лело мегар ду. Амма дукха хийцаделлехь, т1аккха т1ох1у́р ца хуьлу иза, т1о́х1ир хуьлу, т1аккха иза 1ибадатехь лело мегар дац.


– Т1ох1у́ра хих кхи йолу шен чам, бос, хьож яйна йолу х1ума иэелча, цо т1ох1у́р хийцина гуш дацахь а, (х1унда аьлча цунах иеллачу х1уми бос, чам, хьож боцун дела) хьожура ву, нагахь санна хица иеллачу х1уми чам я хьож я бос балхьари цо хи хийцина хира далхьара, цунах деккъа хи ала йиш йоцуш, т1аккха и хи хийцаделла лору, 1ибадатехь лело мегар доцуш.

Амма хих кхеттачу ц1ена х1умано хи цхьа къезиг бен хийцина хир дацахь, т1аккха и хи 1ибадатан лело ц1ена ду.

3-МУСТА1МАЛ88
  – Муста1мал, иза – ламаз оьцуш, фарз лийчаран луьйчуш, нажас д1айоккхуш лелийна (использованный) хи ду.


[Закрыть]

Фарз-ламаз оьцуш я фарз-лийчаран луьйчуш я нажас д1айоккхуш лелийна т1ох1у́р хи керла фарз-ламаз эца я фарз-лийчаран лийча я нажас д1аяккха мегар дац, х1унда аьлча т1ох1у́р долчера д1аадаьлла т1о́х1ир хилла цунах, х1унда аьлча иза фарз 1амалехь лелийна дера. Боьха дац иза, делахь а шеца ламаз эцале я фарз лийчале я нажас д1аяккхли ма хиллар ц1ена хи дац иза, х1унда аьлча фарзан ц1анонгахь лелийна дера, вуьшта а меже ц1ан еш цуьнан къинош д1аэцна цо шеца. Цундела, т1о́х1ур долчера д1аадаьлла т1о́х1ир хилла цунах.

Амма ламаз оьцуш шозлаг1а я кхозлаг1а меже юьлуш лелина хи, я суннат лийчаран лелина хи – цуьнца фарз-ламаз эца а, фарз-лийчар т1ера даккха а мегаш ду, х1унда аьлча, фарзан меже ца йилина цу хица суннатан меже йилина, цундела фарзан меже юьлуш99
  – Фарз ламаз оьцуш, фарз луьчуш.


[Закрыть]
лелийна хи суннат я фарз долу х1умангахь лело мегаш дац, амма суннат долу х1умангахь1010
  – Суннат ламаз-эцар иза: 1-ламаз карахь долушехь, цунна т1е керла ламаз эцар ду. 2-Шоллаг1а я кхозлаг1а меже йилар ламаз оьцуш. 3-Суннат лийчар, фарз доцуш.


[Закрыть]
лелийна хи – фарз меже я суннат-меже юьлуш лело мега.

– Амма Ламаз оьцуш я луьйчуш волчо хи куьйгаца пхьег1ан чуьра схьаоьцуш далахь, хи схьаэца дагахь волуш пхьег1а чу куьг 1оттахь хи ц1ена ду. Амма хи чу куьг 1уттуш хи схьаэцар дагахь доцуш куьг дилар дагахь хиллехь, т1аккха хи леладина хуьлу, кхин фарз-меже йила мегаш ца хуьлу цу хица, амма суннат меже. Цу т1ехь тидаме хила веза пхьег1а чуьра хица ламаз оьцуш я луьйчуш верг. Х1ара ду нагахь санна куьг чу 1утту хи 200 литр дацахь. Амма 200 литр далахь, куьг дила ниятац цу 200 литр йолчу хи чу 1оьттича х1умма дац.

Фарз меже юьлуш лелийначу хица нажас д1аяккха мегаш дац.

4-НАЖАС ХИ

Нажас хи – иза шена чу йоьжначу нажасо1111
  – Нажас х1ун ю, цуьнан тайпанех лаьцна, нажас юьйцу декъехь хуур ду хьуна.


[Закрыть]
хин бос я чам я хьожа хийцина хи ду, иза дукха далахь я къезиг далахь башхалла яц. Иштта башхалла яц, цу нажасац хин бос а, чам а, хьожа а хийцаелча я царех1212
  – Бос, чам, хьож.


[Закрыть]
цхьаъ я шиъ я кхоий хийцаелча а. Хин басах, чомах, хьожах муьлха цхьаъ нажасац хийцалахь и хи нажас хи ду, иза к1езиг далахь а я дукха далахь а. Нажас хи цхьанни х1умангахь лело мегар дац.


Амма ц1ена хи чу нажас йоьжнехь, делахь а цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, ишттачу хин ши хьал ду:


1-Хи ши б1е (200) литр дацахь цунна чу нажас йоьжнехь и хи нажас ду, нажасо цу хин бос я чам я хьожа хийца ца хийцнехь а, х1унда аьлча ши б1е (200) литр доцу хи к1езиг хи ду, нажасан дуьхьоло ца яло цуьнга, нажасан бос я чам я хьожа цунна т1ехь гучу ца яьллехь а.


Амма ши б1е (200) литр доцу нажасац бехделла хина т1е ц1ена хи доьттина нажасац бехделла хи ши б1е (200) литр я кхиъ сов далахь, т1аккха цу хица нажаси чам я хьожа я бос хаалуш бацахь, и хи ц1анделла ц1ена хи ду 1ибадатехь лело мегар долуш.


2-Амма хи 200 литр я кхиъ сов далахь цу чу нажас йоьжнехь, цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, и хи ц1ена ду, 1ибадатехь лело мегар ду, х1унда аьлча дукха хи ду иза, нажасан дуьхьало йина, цунна т1ехь тоь́лу иза.


– Нажасац бех делла хи ц1ан делла хуьлу, нагахь санна:


1-хица йолу нажас ша д1аялахь т1аьхьа х1ума ца юьсуш, нажасан чам а хьожа а бос а ца буьсуш хица.


2-я хин т1е дуккху хи доьттина хи ши б1е (200) литр бараме кхачахь, нажаси бос а чам а хьожа а ца юьсуш, т1аккха хи т1ох1ур хуьлу, нажас хи чохь гуш ялахь а.


Амма нажасац хийцаделлачу хина т1е латта я миска я уксус я кхи йолу муьлха х1ума тоьхча1313
  – Ц1ена хи доцург.


[Закрыть]
нажас къайла ялахь а хи ц1ан делла ца хуьлу, х1унда аьлча, цу х1умнаша нажас д1ацайоккху амма къайла йоккху, т1къа цара нажас къайлаяьккхича хи ц1анделла ца хуьлу.


– Шина пхьег1а чохь ц1ена хи ду. Цершиннах цхьана пхег1ачу нажас йоьжна хи бехделла, амма муьлха пхег1а чу йоьжна ца хаа, бехделларг х1у хи ду ца хаа я ц1ен дерг х1у хи ду ца хаа. Х1ун дийра ду? Б1аьрса са долуш валахь цо хи цуьнан 1аламаташца толлура ду ц1ена дерг боьхачух схьакъасторхьам, т1аккха цу шина хих шена ц1ена хеттарг лелор ду ламаз оьцуш я луьйчуш.


Амма ши хи тиллича ц1ена хила мегарг къаста цалахь, шийи хи д1а1анора ду, т1аккха кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду1414
  – Тема дарх лаьцна дакъа т1аьхаь схьадог1ура ду. Цигахь дойзура ду хьуна тема х1ун ду, иза муха до, кхин а дуккха х1ума цунах лаьцна.


[Закрыть]
, цу темаца дина ламаз юха хица ламаз эцна доькхуш т1е дан ца деза.


Амма шина пхьег1а чохь долу боьхий ц1ений хи иэделларг б1аьрзе валахь, цо хи толлура ду цу шиннах ц1ена дерги боьха дерги къасторхьам. Цуьнга ц1ена хи боьхачух къасталахь, шена ц1ена ду аьлла билгалла даьлларг лелор ду. Амма цунна цершиннах ц1ена дерг билгалла ца далахь, цо и шиъ д1адуттура дац, б1аьрса са долчо бохург дийра ду цо.


– Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь зезагах даьккхина хи ду, цершиннах ц1еннарг муьлхнаг ду, зезаган хи муьлхнаг ду ца хаа, х1ун дан деза?

Цершиннах ц1ена дерг муьлхнаг ду хьажархьам и талла ца толлуш, шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь, тема дийра ду.


– Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь хьат1 ду, цершиннах ц1еннаг муьлханаг ду, хьат1 муьлханаг ду ца хаа, х1ун дан деза?

Шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду.

КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: НАЖАС хiуманаш

Шарий1атехь нажас лору х1уманаш дукха ю. Нажасах бусалба стаг ларвала везаш ву, цунах ц1анвала везаш ву. Къаьстина 1ибадат деш бусалба стега дег1а т1ехь я бедар т1ехь я 1ибадат до меттехь нажас хила йиш яц. Нажас т1ехь йолуш дина 1ибадат нийса лоруш дац шарий1атехь. Цундела, шарий1атехь нажас лору х1ума йовзар т1ехь ду х1ора кхииначу бусалба стагна а, зудчунна а.


ШАРИЙ1АТО ШЕХ ЛАРВАЛА Т1ЕДИЛЛИНА НАЖАСАШ:

1-АДАМИ ХЬАТ1, БОЬХАЛ

Адами хьат1 а, боьхал а нажас ю. Амма адами1515
  – Стега а, зудчуьн а.


[Закрыть]
хи1616
  – Сперма.


[Закрыть]
нажас дац, ц1ена ду, х1унда аьлча Дала сийлахь кхоьллинчу адамин бух болун дера иза. Амма и хи хьатт1ац иэделла далахь иза нажас ду.


Амма дийнати хи1717
  – Сперма.


[Закрыть]
ц1ена ду. Ж1алинагий, хьакхинагий, цершиннах1818
  – Масала: Ж1алий, хьакхий хилла доьзал.


[Закрыть]
я цершин цхьаннах1919
  – Масала: Ж1алий устаг1ий хилла доьзалхо. Я хьакхий эсех хилла доьзал.


[Закрыть]
схьаяьллачуьн хи доцург, иза нажас ду.


Зудчун хьалхарчу бехке меттера йолу т1уналлах2020
  – Белое выделение.


[Закрыть]
нажас ерг ю, йоцург а ю. Зуда нишкахь когаш т1е оьха хиича цуьнан хьалхарчу бехке меттера гучу йолу т1уьналла нажас яц. Амма стега бехке меттиг зудчун бехке метте чу кхочучу2121
  – Ойхьаза юкъа меттиг хуьлуш (При половом акте).


[Закрыть]
барамер ара йолу т1унал а нажас яц. Амма цулла дехьа йолчу меттера йолу т1уналла нажас ю.

Амма т1ехьарчу бехке меттера ара йолу т1уналла нажас ю.

2-ДИЙНАТИ2222
  – Животное.


[Закрыть]
ХЬАТ1 А, БОЬХАЛ А

Яа хьанал йолу а хьанал йоцу а муьлха дийнати хьат1 а, боьхал а нажас ю.

3-ХЬАЛА1АЬТТИНАРГ

Адамо хьера2323
  – Желудок.


[Закрыть]
чуьра хьала1аьттинарг нажас ю, хьала1аьттинарг кхоллуш ма хиллар ялахь а я хийцаелла ялахь а. Амма некхара2424
  – Из груди.


[Закрыть]
я легашкара хьала1аьттинаг нажас яц, х1унда аьлча хьера чу кхечна йоцун дера иза.

Муьлха дийнато хьала1аьттинарг а нажас ю.


Страницы книги >> 1 2 | Следующая
  • 0 Оценок: 0

Правообладателям!

Данное произведение размещено по согласованию с ООО "ЛитРес" (20% исходного текста). Если размещение книги нарушает чьи-либо права, то сообщите об этом.

Читателям!

Оплатили, но не знаете что делать дальше?


Популярные книги за неделю


Рекомендации