Электронная библиотека » Хьусайн Шовхалов » » онлайн чтение - страница 2

Текст книги "Ламазан догIа"


  • Текст добавлен: 6 декабря 2023, 17:04


Автор книги: Хьусайн Шовхалов


Жанр: Религия: прочее, Религия


Возрастные ограничения: +16

сообщить о неприемлемом содержимом

Текущая страница: 2 (всего у книги 3 страниц)

Шрифт:
- 100% +
4-МАЗЬЮ

Мазью – иза к1айчу басахь йолуш, чекх са гуш юькъа йоцуш т1унал2525
  – Выделение.


[Закрыть]
ю, шах1ват2626
  – Возбуждение.


[Закрыть]
меттах даьлча бехке меттера йолуш ю иза. Иза нажас ю. Стагна а, зудчунна йолуш хуьлу иза. Иза т1екхетта меттиг цунах ц1ан ян еза. Мазью стагна а, зудчунна а йолуш хуьлу.

5-ВАДЬЮ

Вадью – иза к1ай йолуш, юькъа т1унала2727
  – Выделение.


[Закрыть]
ю, хьат1 телча йолуш хуьлу иза, могуш ца хилча йолу иза. Еза х1ума аййича а йолуш хуьлу иза. Стагна а, зудчунна а хуьлу иза. Иза нажас ю, д1аяккха езаш.

6-ОХЬ ДОЬДУ Ц1ИЙ

Охь доьду ц1ий нажас ду, адами ц1ий далахь а я дийнати ц1ий далахь а. Амма адами дег1а т1ехь чов хилла я сурх 1оьвдина ц1ий даьллехь, делахь а иза охь доьдуш доцуш гучу даьлла лаьтташ далахь, иза дита мегаш ду, Дала геч дина цунна, амма иза охь доьдуш далахь дита мегар дац, д1адаккха деза.


Амма кхечу адами ц1ий стагна т1екхетахь, иза къезиг далахь цунна геч дина, амма иза дукха далахь, т1аккха д1адаккха деза иза. Амма цо кхечун ц1и ша шена т1е тохахь, т1аккха цунна геч ца до иза к1езиг далахь а.

Амма ж1алий, хьакхий ц1и т1екхетахь иза дита мегар дац, иза мел къезиг далахь а, д1адаккха деза иза.

Амма урс хьаькхинчу дийнати до1ахки, 1онжари2828
  – Селезёнка.


[Закрыть]
ц1ена ду, даа мегаш ду и шиъ ц1их кхолладелла далахь а.

Урс хьаькхан йиначу дийнати даь1ахкан а, жижиган а т1ехь долу ц1ий нажас дац.

7-НОТ1

Нот1 нажас ю.

8– ЧОЙНА Т1ЕРА ХИ, АХКАРГАН ХИ

Чойн т1ехь гуллуш долу хи а, ч1ор дагича я лазадича цунна бухахь гулло хи, я ахкарган бухах гулло хи ц1ена ду нагахь санна цуьнан хьожа яцахь. Амма цуьнан хожа ялахь, нажас хи ду иза.

9-КЪЕ ЕЛЛАРГ

Къе елларг, – иза шарий1ато т1е ма диллар урс хьаькхина ца йинарг ю.

Къе елларг ериге нажас ю. Цуьнан чо а, мас а, т1арг1а а, цуьнан кийрахь йолу шура, цуьнан массо х1ума а нажас ю.


– Амма делчу адами дег1 я цуьнан меже нажас яц, иза бусалба я кериста хиллехь а, стаг я зуда хиллехь а.


– Къе белла ч1ара, къе делла ц1оз а хьанал ду, нажас ца лору и шиъ. Цундела, белла ч1ара карабахь, я делла ц1оз карадахь, и шиъ яа хьанал ю. Амма ч1ара жима балахь цхьауз кхаллар бен боцуш, цуьнан кийрахь дерг даа мегар ду. Амма ч1ара боккха балахь цхьауз кхалларца бериг д1акхаллур боцуш, т1аккха цуьнан кийрара нажас д1аяяккха еза.


– Шен меже яьккхича шен охь 1енаш ц1ий доцург а нажас яц. Масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, къийзорг2929
  – Клоп.


[Закрыть]
, сегал3030
  – Блоха.


[Закрыть]
, стоьма юккъахь кхоллабелла н1ана, юучу х1уман юккъахь кхолбелла н1ана. Царех цхьаъ хичу йоьжна цу чохь елча хи бехцало.

Амма уьш хи чохь дукха ялахь, уьш елла ялахь, уьш бахьна долуш хи хийцаделлехь, т1аккха хи нажас ду. Хийца цаделлехь нажас дац.

Амма шен охь 1енаш ц1ий доцург елла йолуш хичу кхоьссича и хи нажас хуьлу, амма и хи 200 литр далахь, хи хийцаделла дацахь, т1аккха хи т1ох1у́р хуьлу.

10-ДИЙНА ЙОЛЧУ ДИЙНАТЕХ СХЬАЯЬЛЛАРГ

Дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла йолу муьлха меже нажас ю, х1унда аьлча иза къе елларг санна йолун дера. Пайхамаро, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Дийнат дийна долуш цунах яьккхинарг къе елларг ю»3131
  – Хьа́ким, 4/239.


[Закрыть]
.


Вайна даа хьанал долу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла шура, мас, чо, т1арг1, пух, хьацар а, багар шат а ц1ена ю. Амма цуьнан ма1, м1ар, берг3232
  – Копыта.


[Закрыть]
я кхиерг нажас ю. Амма иза делча цуьнан муьлха х1ума нажас ю.


Амма даа хьанал доцучу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла цуьнан шур, чо, мас, т1арг, ма1, берг, кхи йолу муьлха х1ума а нажас ю.

11– Ч1АГ1АР

Ч1аг1ар нажас ду, иза кемсех, тамрех, я кхечу х1уманех даьккхина далахь а.

Ч1аг1ар бохург ша мелча вахош йолу х1ума ю. Иштта аларан бахьана, молуш йоцуш амма вахош йолу х1уманаш хуьлун дера ду. Масала: анаша, таблетк, иштта кхин а. Уьш хьарам ю, делахь а, царех хьакхавелча бех цало, х1унда аьлча уьш нажас яц. Амма вахош йолу молуш йолу коча х1ума хьарам ю, нажас а ю, иза кхетта меттиг боьха лору.

12-Ж1АЛА, ХЬАКХА

И шиъ нажас ю. Цершиннах3333
  – Ж1алехи, хьакхахи схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан да-нана ж1алий, хьакхий долун дера.


[Закрыть]
схьаяьлларг я цершинах цхьаннах3434
  – Масала: хьакхехий, цицигахий схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан дех-ненах цхьаъ хьакх йолундера. Иштта ж1алица а хуьлу. Масала: ж1алехи, котамахи схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан дех-ненах цхьаъ ж1ала долун дера.


[Закрыть]
схьаяьлларг нажас ю.


Ж1АЛЕХ ХЬАКХА ВАЛАР:

1-Ж1алин т1еда меттиг3535
  – мот, мар, багара шат, хьат1, боьхал, цуьнан кхи йолу т1еда х1ума.


[Закрыть]
цхьаннех хьакхалахь, иза хьакхаелла меттиг боьха лору.

2-Ж1ала т1оьхулара т1еда далахь, цунах хьакхаелла меттиг боьха лору.

3-Ж1алин екъа меттиг т1еда меттигах хьакхалахь и меттиг боьха лору.

Кху кхаа хьолехь ж1алехь хьакаелла бех елла х1ума ворх1за йила еза, цхьауза латтаца юьлуш.


– Ж1алин екъа меттиг екъачу меттигахь хьакхалахь, и меттиг боьха ца лору.

Ж1алах хьакхавалар дериге а хьакхах хьакхавелча а ду.

НАЖАСАН МЕТТИГ Ц1АН ЯР

(1) -Ша шен дег1аца нажас йолу х1ума нажас йолучера д1ацайолу. Масала: ж1ал, хьакх, къе елларг, ц1ий, хьат1, боьхал, иштта кхи йолу нажас х1ума а. Нажас йолчера ц1анлуш ер кхоъ ю, ч1аг1ари, къе еллачун ц1оьки, къе еллачух кхоллаелла са долу х1ума. Уьш ц1анялар ишта хуьлу:


1-Ч1аг1ар ц1ена хуьлу иза ша ч1аг1ар долучера хийцаделла, цунах уксус хилахь, адамо хийцина доцуш. Иштта кхолладелла уксус ц1ена лору. Амма адамо хийцина хилахь, из ц1ена ца лору.


2-Яа хьанал йолу х1ума къе елча иза ериге нажас ю Делахь а, цуьнан ц1ока дабг1а дарца ц1анлуш ю.


3-Къе еллачу х1умах кхоллаелла са долу х1ума ц1ена ю. Масала: къе еллачу х1умах кхоллабелла н1ана. Иза ц1ена бу.


(2) -Ж1алин, хьакхин нажасах бехъелла х1ума ворх1уза ц1еначу хица йила еза, цхьауза латтаца юьлуш. Ворх1аза йилар д1адолало нажасан дег1 д1адаьккхинчул т1ехьа. Амма ж1алин я хьакхин нажас т1ехь гуш йолуш, цуьнан дег1 д1адаккхаза долуш нажасах меттиг йила мегар дац. Ворх1аза юьлуш латта хьалхара йиларца лелор дикох ду. Латта ц1ена хила деза, шеца йоцу кхи х1умма шех иэелла йоцуш.


(3) -Яах1ума яаза а, малаза а, векхаш бен воцу к1ента3636
  – Вакхош волу.


[Закрыть]
хьат1 кхетта меттиг йиттар т1ехь дац, цунна т1е хи доьттича кхачам бу, нагахь санна хьат1ан чам, хьожа, бос д1абалахь. Д1ацабалахь д1абаккха беза.


(4) -Ж1алий, хьакхий, вакхош волу к1ента хьат1 кхетта меттиг нажасах ц1аняр хьахий вай. Амма кхи йолу муьлха нажаса цхьауза йилча тоьуш ду. Амма цхьауза йилча ц1анцалахь, ц1анаяллалца йила еза. Нажас д1айоккхуш х1ара бехкамаш ларбан беза:


– Юьлуш йолучу х1уман т1ера нажаси дег1, чам, бос, хьож д1аялийта еза.


– Йилча чам бисахь, боссий хьожий д1ааяьлла, и меттиг ц1аньелла яц.


– Йилча боссий, чаммий д1ааабаьлла хьожа д1айолуш яцахь, иза ц1ена лору.


– Йилча чаммий, хьожий д1ааяьлла бос д1аболуш бацахь, иза ц1ена лору.


– Йилча чам д1аабаьлла, хьожий-боссий цхьаний биснехь, иза ц1анъелла ца лору.


– Нажасац бехъелла х1ума юьттуш иза 1овдар т1ехь дац3737
  – Не объязательно.


[Закрыть]
, амма 1оьвдича дика ду.


– Нажас д1айоккхуш саба я цу кепара кхи х1ума лело мегаш ю, цулт1ех ц1еначу хих яьккхичхан.


– Ж1алий, хьакхий, вакхош волу к1ент1а хьат1 доцуриг, кхи йолу нажас д1айоккхуш меттиг цхьауза хица йилича кхачам бу элар ас лакхахь. Делахь а, цхьауза йилча иза ц1анлахь а, шоллаг1а а, кхозлаг1а а йилар дика ду.


– Нажас юьлуш ният дар т1ехь дац.


– Нажас д1аяккха сихо яр дика ду.

ДАЛА ГЕЧ ДИНА НАЖАСАШ

Нажас д1аяккхар, цунах лар валар т1ехь ду массо хьолехь. Делахь а, шарий1ато геч дина д1аяккха хала йолчу я шех лар вала хала долчу цхьайолчу нажасах, адаман атталла яра хьам, царна т1ера хало д1аойуш. Шарий1ато геч дина нажасаш кхетта меттиг йила ца еза, я и нажас д1аяккха г1ерта ца веза, х1унда аьлча, Дала геч дина цунна. Шарий1ато геч дина нажасаш х1орш ю:


1-Б1аьрган3838
  – Б1аьрса са дика долчун б1аьрган гуш йоцург. Амма б1аьрса са вон долчун ца гарха тергам беш бац.


[Закрыть]
гуш доцу хьатт1ан ц1инш. Уьш бедарна, дег1ан, меттиган т1е кхетнехь а. Амма б1аьрган гуш долуш хьатт1ан ц1инш кхетта меттиг йила еза. Иштта б1арго ца лоцу кхи йолу нажасаш а.


2-К1езиг ц1ий, нот1 дег1ац я бедарц хилча геч дина ду, нагахь санна стага ша шена т1е тоьхна дацахь иза.


3-Дийнат ялтан т1оьхула лелаш ялтан т1е кхеташ долу дийнати хьатан, кхон геч дина.

Дийнат узуш схьаяьллу шура чу дужу кхон а хьат1ан а геч дина нагахь санна шура чу доьжна кхо а хьат1 а дукха дацахь, шура хийцал3939
  – Шури бос я чам я хьож хийцнехь, шура боьха ю.


[Закрыть]
. Амма иза дукха хилла цо шура хийцнехь, т1аккха и шура нажас ю. Ца хийцнехь нажас яц.

Дийнати шин т1ехь йолу нажас шура чу йожарна а геч дина.


4-Ч1ери боьхал хи чохь йолу геч дина, нагахь санна цунах хи хийцаделла дацахь. Олахзарийн4040
  – Птицы.


[Закрыть]
боьхалан геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера. Иза т1екхетта меттиг ц1ена лору, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.


5-Дийнатан урс хьокхучун т1екхеташ долчу ц1ийна геч дина, дийнатан урс хьаькхина вортан чуьра дог1уш хилда иза я жижигица хилда иза. Амма урс хьокхучун т1е кхетта ц1иш дукха хилахь, т1аккха царна геч ца до, д1адаха деза бедар т1ера.


6-Беро декхачу хена хьала1аьттинарг. Амма яах1ума яа дола делча 1аьттинарг д1аяккха еза, цунна геч ца дина.

Вижина волучуьн багара оьху шаттан геч дина, иза даима хуьлуш ялахь. Амма наггахь бен хуьлуш яцахь, бага ц1ан ян еза.


7-Некъаца хуьлу хот шеца нажас йолу, иза т1е кхетча цунах геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.


8-Меже яьккхича охь 1енаш ц1ий доцу са долу х1ума, ша коча х1уман чу йоьжча я цхьам цу чу кхоьссича, иза цу чохь елча цунах геч дина. Амма коча х1уман чу эгна елла йолу чохь са долу х1уманаш дукха хилла цара коча х1ума хийцнехь4141
  – Коча х1уми бос я чам я хьож хийцахь.


[Закрыть]
, т1аккха и коча х1ума нажас лору.


9– Ши б1е (200) литр доцучу хинчу б1аьрго ца лоцу жима нажас йоьжнехь, цуьнца хи хийца ца деллехь и хи ц1ена ду.


– Ши б1е (200) литр доцу хинчу са долу х1ума4242
  – Кхузахь лууш йолу са долу х1ума шен меже яьккхича ц1ий ца оьхуш ерг ю, лакхахь хьахийнаш санна.


[Закрыть]
йоьжьна еллехь, масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, зинтиг иштта царех тера кхиерг а, и хи т1ох1у́р хуьлу. Хи чохь цуьнан меже яьлла ц1ий далахь а хи т1ох1у́р хуьлу.

Амма хи ши б1е литр далахь а я дацахь а, цу чу легна са долу х1уманаш дукха ялахь, уьш яла елла цара хи хийцинехь, т1аккха и хи лело мегар дац, нажас хуьлу иза.


Х1ара дериге ду нагахь санна са долу х1уманаш хи чу легаш дийна хиллехь. Амма стага елла са долу х1ума хи чу кхоьссича хи нажас хуьлу, хи ши б1е (200) литр далахь а я дацахь а. 200 литр далахь, цу чу кхоьссина елла х1умано иза хийца ца хийцнехь иза ц1ена ду.

КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: ПХЬЕГ1АШ

Муьлха ц1енчу х1умах йина пхьег1а ц1ена ю, ц1аналлехь4343
  – Ламаз оьцуш, луьйчуш, кхидолучу х1уманна хи лело.


[Закрыть]
лело мегар ю, и пхьег1а т1улгах я дечигах я ц1оках я джовхарах я кхечу муьлхачу ц1еначу х1уманах йина елахь а. Цунах юккъера доккху деший, детий. Деши, дети нажас дац, ц1ена ду и шиъ, адамо шен г1уллакхашкахь лело мегаш ду. Амма дешех, детехь пхьег1а ян магийна дац, хьарам ду иза. Дешин, детин пхьег1аца яах1ума яа а, мала а магийна дац. Цершинца хи лелош ламаз эцар, лийчар хьарам ду. Иза дериге стагна а, зудчунна а цхьабоьсса хьарам ду. Дешех я детех йина я и шиъ т1етоьхна4444
  – Позолоченный, посеребренный.


[Закрыть]
цхьа а х1ума лело мегаш яц, масала: х1ума тоьгу маха, церган юкъа 1утту х1ума, кхи йолу муьлха х1ума а.

Иштта дешин, детин пхьег1а цхьанни х1умангахь лелош яцахь а, чохь д1ах1оттина латто а хьарам ду. И пхьег1а шегахь лелор магийна дац шарий1атехь.


Иштта хьарам ю дешех, детех йина яцахь а, и шиъ т1оьхула т1етоьхна4545
  – Позолоченный, посеребренный.


[Закрыть]
йолу пхьег1а. Нагахь санна шен т1е деши я дети тоьхна пхьег1а ц1ар т1е лаьцча цунахь цхьа жиммал а деши схьадалахь я дети схьадалахь, и пхег1а хьарам ю. Амма шена т1е деши я дети тоьхна пхег1а ц1ар т1е лаьцча цунах цхьа жиммал а деши я дети схьацадалахь, и пхег1а лело мегаш ю.


– Пхьег1ан йома йилла мегаш яц дешех, йома къезиг ялахь я йоккха ялахь а. Дешех жима я йоккха йома йиллина пхьег1а хьарам ю.

Амма пхьег1ан дети жима йома йилла мегар ду нагахь санна пхег1ан дети йома тоха хьашт далахь. Амма хьаштан детех йоккха йома тоьхна пхьег1а лелор дика дац, амма лело мегаш ду, лелор хьарам дац, ца лелича мелехь ду. Амма пхьег1ан дети жима йома хазаллин тоьхнехь, и тоха хьашта доцуш и пхьег1а лелор дика дац, ца лелийча мелехь ду, лелийча къа дац. Амма пхьег1ан дети йоккха йома хазаллин тоьхнехь, хьашта доцуш иза тоха, и пхьег1а лелор хьарам ду. Амма дети йома йоккха я жима хилар нехан 1адате доьрзуш ду. Цара йоккха лорург йоккха ю, жима лорург жима ю.


Кериста неха пхьег1ашна а бедаршна а т1ехь нажас юй я яций ца хаахь, уьш лелаярха лар велча дика ду, х1унда аьлча уьш нажасах ларлуш боцун дера, делахьа йилина а, йиттина а йоцуш лело мегар ду уьш, ца лелийча мелехь ду. Амма царна т1ехь билгалла нажас яций хаахь, т1аккха лело мегар ду йилин а йиттин а яцахь а. Амма царна т1ехь билгалла нажас ялахь, нажасах ц1ан йиний бен лело мегар дац уьш. Иштта ю нажасах лар цалуш волу бусалба стега пхьег1аш а, бедарш а ю, цаьрца4646
  – Нажасах лара цалуш волу бусалба стега пхьег1аца а, бедарца а.


[Закрыть]
лелон дезарг кериста неха пхег1ашца а бедаршца а лакхахь лело дезаш билгалла даьккхинарг ду.


– Дезачу т1улгех4747
  – Брилианты, изумруды, жемчуги ти. д.


[Закрыть]
йина пхьег1аш ламаз-оьцуш, луьйчуш, чохь д1ах1иттош, яах1ума юуш а молуш а, кхечу муьлхачу белхашкахь лело магийна ду.


– Нажасах йиначу пхьег1а чохь 200 литр барамел доцу хи лело мегар дац, х1унда аьлча 200 литр доцу хи нажас-пхьег1а чу доьттича и хи нажас хуьлун дера. Амма нажасах йиначу пхьег1ачохь схьаоьцу хи 200 литр я кхиъ сов далахь, т1аккха и хи ц1ена ду нагахь санна хин чохь нажаси бос я чам я хьожа гучу ца яьллехь.

Нажасах йиначу пхьег1а чохь ц1ена йолу екъа х1ума лело мега, т1еда х1ума лело ца мега, нагахь санна и т1еда х1ума 200 литр яцахь. 200 литр яцахь, иза нажас лорур ю.

ДИОЛАГ1А ДАКЪА: СИВАК

Цергашна сивак хьакхар суннат ду. Сивак лелор бохург: дечигац я кхечу х1уманца4848
  – Бехчалг, цергаш юьлу щётка (зубная щётка) я кхи ерг.


[Закрыть]
цергаш ц1ан яр, царна гуона́р мот а, доьла а ц1андар, вуо хьожа д1аяккхар ду.

Алла́х1ан Элчо, Алла́х1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: <<Аса умматан хало йийра яцахьара, аса церга омра дийра дара х1ора ламазан сивак хьакхарца>>.


Кху хьадийсо гойту Пайхамарна Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, шен уммато сивак лело мел ч1ог1а лууш хилла. Делахь а, шен умматах къинхетам а бина, царна иза суннат4949
  – Суннат дина х1ума ца дича къа дац, амма фарз ца дича къа ду, и башхалла ю цершин юккъахь.


[Закрыть]
йина йитина цо, фарз ца еш, царна хало ца ярхьам. Делахь а, иза фарз ца ярх иза лелор т1ехь мало еш хила бохург дац иза, мелла иза лелор т1ехь ч1ог1а хила бохург ду.


Иштта Пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла:

<<Сивако бага ц1ан йо, Алла́х1 реза во>>.


Цундела, сивак лелочунна Алла́х1 реза хуьлу.

Сивакац даима цергаш ц1ан яр дика ду. Массо хьелашкахь суннат ю иза марха кхобуш воцучун. Марха5050
  – Фарз я суннат марх, башхала яц.


[Закрыть]
кхобуш волучун делкъа хан хиллалц лелор дика ду, делкъан т1ехь марх дасталца ца лелор дика ду. Сивак гуттар ч1ог1а хьакхар деза лоруш къаьстина хьелаш ду, уьш:


1-Муьлха ламаза далле хьалха хьакхар, фарз-ламазна а суннат-ламазна а.

2-Ламаз эца волавалле. Ламаз оьцуш сивак хьокху меттиг куьйгаш дилича, бага-мерчу хи кхарзале ю.

3-Цергаш маж елчера ц1анярхьам, церан хаза бос хилийтархьам. Я цергашна юккъахь йисина яах1ум д1аяккхархьам.

4-Къуръан я 1илман дарс5151
  – Урок шариатских знаний.


[Закрыть]
я хьадис5252
  – Хьадис, – иза Делан Элчо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла дешнаш ду.


[Закрыть]
доьшуш.

5-Набарх сама ваьлча дийнахь хилда иза я буьйсана.

6-Шен х1усаме чу воьдуш. Микъда́д ибн Шурайхьо дийцина шен дас 1аишате5353
  – 1а́ишат Делан Элчи Делера салават а, салам а хуьлда цунна х1усам нана ю.


[Закрыть]
(Дела реза хилда цунна) хаьттинера:


<<Пайхамар Делера салават а, салам а хуьлда цунна хьалхара х1ун дора ша шен х1усаме чу веъча? 1а́ишато Дела реза хилда цунна элира: «Сивакац»>>5454
  – Муслим: 253.


[Закрыть]
.


7-Багара вуо хьожа йоуьйту х1ума йиича, масала: сармсекх, хох, сигаьрк, иштта царех тера муьлха х1ума.

8-Яах1ума яаза хан яьлла багара хьожа еъча.

9-Багара вуо хьожа еъча.

СИВАК ХЬАКХАРАН Г1ИЛЛАКХАШ

1-Сивак дукха к1еда ца хилар церг1аш ц1ан ца еш я дукха ч1ог1а ца хилар доьлан чов еш, к1адалини-ч1аг1алини юккъахь хилар.


2-Сивак муьлха ч1ог1ачу ц1еначу х1уманах я мегаш ду, цергин можа бос д1абоккхуш йолучух. Суннат ду сивак муьлха дечигах хилар, дечигах «1уд» олуш ерг лелор кхиъ ч1ог1а суннат ду, цуьнан хаза хьожа хилар кхиъ ч1ог1а суннат ду. 1удах йолу сивакех уггаре вуолехь ерг, хица т1адаярца къад йина ч1ог1а ерг ю.


3-Сивак цергин лакхара лаха охьа ца хьокху доьла лаза ца дайта. Амма цергийн цхьан аг1онера вукха аг1оне хьокху. Маттан а сивак хьакхар суннат ду. Маттан сивак маттан лакхара лаха охьа хьокхура ю.


4-Суннат ду сивак хьакха волалуш баган аьтто аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца бен ца хьакхар. Цулт1ехь баган аьро аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца хьакхар. Цергашна т1е сивак хьокхуш к1еда хьакха еза, доьлаш лаза цадархьам.


5-Суннат ду сивак хьаькханачул т1ехь сивак хица йилар цунна т1ера боьхал я хьожа я кхиерг д1аяккхархьам.


6-Суннат ду бера жималехь дуьйна сивакан марзадар.


7-Сивак хьокхуш суннат кхочуш деш ву ша аьлла нийят хила деза, т1аккха цунна сивак хьакхаран Делера йоккха ял хьулу.

СИВАКАН ПАЙДАНАШ

Сивакан дуккха пайданаш бу, царех бу:


Бага ц1аняр, сивак хьокхучун Дела реза хилар, цергаш к1ай яр, багара хьож дика хилар, доьла ч1аг1 дар, къеж валар т1ехьо хилар, букъ нис балар, кхетам та балар, доьла шел ца далар, г1иллакх та далар, х1ума дагахь сацар ч1аг1 далар, ял сов хилар, са атта далар, шах1адат дага диийтар5555
  – Шах1адат: Ла́ ила́х1а иллалло́х1 – алар ду. 1ожул т1ееъча сивак хьокхучунна шах1адат а дага дог1ура ду.


[Закрыть]
.

ПХИОЛАГ1А ДАКЪА: АДАМИ СУННАТАШ

Адами суннаташ – уьш ларт1ахь долчу адмаца хила деза х1уманаш ду. Уьш Ислам – динан г1иллакхаш ду.


1-БАГА ХИ КХАРЗАР

Ламаз оьцуш бага хи кхарзар.

2-МЕРЧУ ХИ КХАРЗАР

Ламаз оьцуш мерчу хи кхарзар

3-СИВАК

Сивак лелор тайпа-тайпанчу хьелашкахь5656
  – Сиваках лаьцна лакхахь дийцина.


[Закрыть]
.

4-СТАГА МЕКХ ДАЦ ДАР

Мекх дац дар Ислам динан а, Пайхамари а (Алла́х1ера салават-салам хуьлда цунна) суннат ду. Мекх дац даран куца шиъ ду:


1-Мекх до́лу лакхарчу балда т1ера ч1ор гучу даллалц мекх дац дар, ч1оьра т1екхаччалца лах цадеш. Я д1аацадошуш.


2-Лакхара ц1е балдах т1ех долуш дерг д1адаккхар ц1е балда гучу даллалц, цулла т1ех ца долийтуш.


Суннат ду мекх дац да д1аволавалар аьтто аг1ора. Суннат ду 40 де ца далийтар мекх дац цадеш. Мекх ша дац да мегаш ду я кхечуьнга дац дайта мегаш ду.

5-СТАГА МАЖ ЯХ ЯЛИЙТАР

Йоккха еха маж хилар суннат ду. Пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Маж охь хеца>>.

Кхечу шен хьадийсехь цо аьлла: <<Маж гул е>>.


Мажан яхали дикох болу барам: ч1енги т1ера буй бича буйно д1алоцург бу, цулт1ех яьлларг д1ахадор дика ду йитича а х1умма дац. Буйни барамел лахара маж лелаяр дика дац, амма къа дац. Маж яц ян мегаш ду, генара хьаьжича юьхь т1ехь маж ю аьлла гуш йолучу барамел. Амма маж д1аяшар хьарам ду, къилахь ду. Маж яхка хьокхуш лелаяр суннат ду.


Коьрта месаш шар яр, царна даьтта хьакхар5757
  – Коьртанн меш шаръяр а, даьтта хьакхар а х1ора дийнахь хила мегар дац, юкъа денош довлуьйтуш хила деза.


[Закрыть]
, пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шен меш йолучу, церан сий дойла>>.


Меш коьрта юккъула сиз боккхуш шина аг1ора5858
  – Аьтто а, аьро а.


[Закрыть]
д1асахьакхар пайхамари, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, суннат ду. Корта д1абаша мегаш ду. Коьртан меш т1ера а, маж юкъара а к1ежбелла чо д1абаккхар дика дац, ша ма бар 1аддабитар суннат ду. К1ежбелла корт а, к1ежъелла маж а можачу я ц1ечу басарца басара бар суннат ду. Кхечу басаца5959
  – Можанаги, ц1енаги боцуш.


[Закрыть]
а мегаш ду. Амма 1аьржачу басаца корта а, маж а басар бар хьарам ду джих1адехь доцург. Джих1адехь волучу стагна к1ежбелла корт, к1ежъелла маж 1аьржачу басаца басар бан магийна ду, х1унда аьлча мостаг1чунна шена доьхьала волу бусалба стаг к1еж велла къанвелла стаг ву ца моттийта, Маьллаъ 1аржа месаш, маж йолуш жима къона стаг ву моттийта, цунах цунна кхерам хилийта.

Меш т1е кхи меш тийсар хьарам ду. Чкъор дагор6060
  – Татуировка.


[Закрыть]
хьарам ду.

6-М1АРАШ ХЕДАЯР

Куьйга а, кога а м1араш хедаяр суннат ду стагна а, зудчунна а. Суннат ду м1араш д1айохуш аьтто куьйга т1ера волавалар, цулт1ехь аьро куьйга т1ера вола валар, цулт1ехь аьтто коган т1ера, цулт1ехь аьро коган т1ера.


М1араш д1ахедоран хан м1араш ях яларца йоьзна ю, ях елча д1ахедора ю. Имам Шафи1ис а, Дала къинхетам бойла цунах, кхи болу 1елам наха а, Дала къинхетам бойла царех, дика лаьрра х1ора п1ераскан дийнахь м1араш д1ахедор, т1ема къелара чоьш д1адахар, бехке меттиг ц1ан яр чоьш д1адашарца. М1араш д1ахедича куьйга т1ера м1арех хи хьакхар дика ду, ц1аналла кхочуш хилар ду.


Суннат ду м1араш цахедош 40 де ца далийтар.

7-ХУТТУРГАШ ЙИЛАР

– Куьйга а, кога а п1елгин хуттургаш йилар суннат ду. Х1унда аьлча, царна юккъахь боьхала гулло.


– Лергин чухула хьоьвзина меттигаш йилар а, лерг чуьра ц1андар а суннат ду.


– Мара чуьра ц1анбар суннат ду.


– Дег1 хьацарах, ченах, кхи йолучу х1умах ц1ан дар суннат ду.

8-Т1ЕМА К1ЕЛЕНАШ Ц1АНЯР

Т1ема к1еленаш ц1аняр бохург, т1ема к1елара чоьш д1адахар ду. Суннат ду т1ема к1елара чоьш куьйгаца ийзадеш д1адахар, х1ора чо цхьацца схьаозабеш. Д1адаша а мегаш ду. Суннат ду хьалхара аьтто т1ема к1еле ц1аняр, цулт1ехь аьронаг. Т1ема к1еле ц1ан ца еш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.

9– МЕРА ЧУЬРА ЧОЬШ Д1АДАХАР

Мера чуьра дах делла чоьш ийзадеш д1адаха мегаш ду. Я д1адаша мегаш ду, ийзадеш схьаацадохуш.

10-БЕХКЕ МЕТТИГ Ц1АНЪЯР

Стагна а, зудчунна а суннат ду хьалхарчу бехке меттиган гонахьара чоьш д1адашар. Дац да а, схьаийза да а, крем хьаькхина д1адаха а мегар ду, амма стагна суннат дерг6161
  – Дезох дерг.


[Закрыть]
чоьш д1адашар ду, зудчунна суннат дерг6262
  – Дезох дерг.


[Закрыть]
чоьш ийзадеш хьадахар ду. Зудчо д1адаша а, дац да мегар ду.


Шен бехке меттиг х1ораммо ша ц1ан ян еза, кхечуьнга ц1аняйтар хьарам ду. Делахь а, зудчо шен х1усам ден бехке меттиг ц1ан я мегар ду, дикох дерг стаго ша ц1анъяр ду, шен х1усам ненига ц1ан ца йойтуш. Бехке меттера чоьш д1ацадохуш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.

10-ХИЦА Ц1АНО ЯР

Хьат1 г1уллакх6363
  – Моча.


[Закрыть]
а, доккха г1уллакх6464
  – Кал.


[Закрыть]
а дича хица ц1ано яр суннат ду. Хица ца еш, кхечу х1уманца я мегар ду. Цунах лаьцна лахахь хьахадина аса «Ламазан ц1ано яр декъехь», цигахь дойзура ду хьуна цунах дерг кхачам болуш Делан пурбанца.


Страницы книги >> Предыдущая | 1 2 3 | Следующая
  • 0 Оценок: 0

Правообладателям!

Данное произведение размещено по согласованию с ООО "ЛитРес" (20% исходного текста). Если размещение книги нарушает чьи-либо права, то сообщите об этом.

Читателям!

Оплатили, но не знаете что делать дальше?


Популярные книги за неделю


Рекомендации