Электронная библиотека » Хьусайн Шовхалов » » онлайн чтение - страница 3

Текст книги "Ламазан догIа"


  • Текст добавлен: 6 декабря 2023, 17:04


Автор книги: Хьусайн Шовхалов


Жанр: Религия: прочее, Религия


Возрастные ограничения: +16

сообщить о неприемлемом содержимом

Текущая страница: 3 (всего у книги 3 страниц)

Шрифт:
- 100% +
11-СУННАТ ВАР6565
  – Хада вар.


[Закрыть]

К1ант суннат вар фарз ду. Йо1а суннат яр суннат ду, фарз дац. К1ант суннат вар хуьлу цуьнан хьалхарчу бехке меттера ч1ор хада дарца корта гучу баллалц. Йо1а суннат яр хуьлу цуьнан хьат1 ара долучу меттера лакхара жиммалца ч1ор хада дарца. К1ант суннат вар бахьана, иза 1овратан коьрта т1ера ч1ор д1ацадаьккхича, цунна бухахь хьатт1ан т1адамаш дисар ду, т1аккха уьш жим-жима охьа довлу, т1аккха ламаз карар долу цунна шен даьллий ца хууш, т1аккха ламаз карахь доцуш ламазаш до цо, т1аккха цунаха йоккха дакъазалла хуьлу цунна. Вуьшта а цу ч1оьран бухахь хьатт1и т1адамаш хилча цунах лазар хуьлу. Цундела фарз ду к1ант суннат вар.

Амма йо1а суннат яр бахьана, цуьнан шах1ват6666
  – Божарий безар.


[Закрыть]
лахдархьам ду. Зудчуьн шах1ват ч1ог1а хуьлу, цундела иза хьарамчух ларъеш еш ю иза суннат. Йо1 суннат яр фарз дац, суннат ду6767
  – Суннат ду бохург – мелехь ду бохург ду, ца дича къа ца хуьлуш, делахь а суннат дар пайдехь ду цадочуллаъ.


[Закрыть]
, иза суннат ца йича къа дац.


К1ант а, йо1 а ч1ог1а лерина хадо дезаш ду. Хьам-хьамма да мегар дац иза, лоьро я и болх бойзучо бен.


К1ант суннат вар фарз хуьлу иза кхиича6868
  – Къант а, йо1 а кхиарн 1аламаташ х1орш ю: 1-Доьзал хуьлу хи (сперма) далар къантан я йоь1ан. Набарх даьл хийла иза я семах даьл хийла башхалла яц. 2-Йо1ан хьайд (месячные) доладалар. Иза чекх даьлча ламаз дола дан деза цо. 3-Йо1 доьзалхочух хилар. 4-К1ента я йо1и пхийтта шо кхачар.


[Закрыть]
, х1унда аьлча, кхиича ламаз а, кхин долу динан фарзаш т1е дужу дера цунна. Т1къа суннат вина ца хилча ламаз карахь хира дац цуьнан, т1аккха ламаз карахь хила деза фарзанашна ц1ена хира вац иза, х1унда аьлча, хьатт1ан т1адамаш дуьсу дела цуьнан 1овратан ч1оьран бухахь.


К1ант а, йо1а а кхиале суннат дар суннат ду. Дезох дерг бера дуьненчу даьлла 7-чу я 14 я 21 дийнахь суннат дар ду, нагахь санна бера г1ийла дацахь. Г1ийла далахь т1аьхьо суннат дийра ду, онда даьлча.

12—iАТiАР ТОХАР

1ат1ар тохар бохург – хаза хьожа йолу х1ума хьакхар ду. Хаза хьожа йог1у х1ума хьакхар суннат6969
  – Мелехь ду.


[Закрыть]
ду. Пайхамаро, Алла́хIера салават а, салам хуьлда цунна, IатIар тохар т1ехь ч1ог1а сутара хилла, иза дезаш хилла цунна. Шена совг1атна 1ат1ар делча схьаоьцуша хилла цо, цундела кара́х1ат7070
  – Дика дац (Не желательно).


[Закрыть]
ду шена совг1атан 1ат1ар делча иза схьацаэцар, Пайхамаро, Алла́хIера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шена 1ат1ар лучо иза юха ма тухийла>>.


1ат1ар х1ора дийнахь тухура дац, цхьан дийнахь тухуш, вукху дийнахь ца тухуш лелора ду. Х1ора дийнахь 1ат1ар тохар дика дац.

Суннат ду бусалба стагна кеч валар, куьзган чу хьажар. Суннат ду стагна а, зудчунна а куьзган чу хьаьжича алар: <<Я Алла́х1, Ахь сан куца дика дар тера, сан г1иллакх а дика де Ахь, сан юьхь ц1арна7171
  – Жоьжахатна.


[Закрыть]
хьарам а е Ахь>>.


Амма зуда шен чохь кеч яла еза х1усамдена. Хийрачу божаршна кеч елла гучу яла хьарам ду зудчунна иза ара яьлча я хийра наха церан керта баьхкича. Хийрачу божаршна хьалха зуда фарз-духар доьхний бен гучу яла йиш яц. Зудчуьн фарз духар куьйган хьоркашна т1е кхаччалца ши куьг хьулдина долуш, юьхь бен гучу ца йоккхуш дег1 шуьйрачу бедарца къайла даьккхина хилар ду. Х1усамдена хьарам ду шен зуда фарз духар доьхна йоцуш, кеч елла йолуш хийрачу божаршна гучу ялийтар.

Внимание! Это не конец книги.

Если начало книги вам понравилось, то полную версию можно приобрести у нашего партнёра - распространителя легального контента. Поддержите автора!

Страницы книги >> Предыдущая | 1 2 3
  • 0 Оценок: 0

Правообладателям!

Данное произведение размещено по согласованию с ООО "ЛитРес" (20% исходного текста). Если размещение книги нарушает чьи-либо права, то сообщите об этом.

Читателям!

Оплатили, но не знаете что делать дальше?


Популярные книги за неделю


Рекомендации